Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Зеламхин бIаьргаш цIеххьана кхоьлира. Куьйга корта а лаьцна, шен гIайгIане ши баьрг цIерга а боьгIна, вехха Iийра иза, ойла йеш. Левси санна, ийалора цуьнан шуьйра накха.
– Хаьа суна. Амма уьш цхьа а бакъ дац, – элира цо, доккха са а даьккхина. – Со а ца лела хазахеташ. Цхьа минот йац синтем болуш. Наггахь нехан хIусаме нисвелча бен, бовха кхача ца буу ас, кIедачу, бовхачу метта охьа ца вуьжу. Йисина йерриг хан, акхачу экхано санна, хьаннашкахь, лаьмнашкахь токху ас. Йерзинчу стигала кIел, Iай а, бIаьста а – массо а хенахь. Со цхьаъ хилла ца Ia иштта лелаш. Делахь а со адамашдайархо вац. Ас дойурш йамарт жIаьлеш ду, вайнах бойуш, куьйгаш а, муцIарш а цIийх йуьзна лела Iедалан хьаькамаш, церан гIоьнчий. Ас цхьа а стаг ца вийна йамартлонца. Царах бекхам эцале ас цаьрга хьалххе дIакхайкхайо сайн кхел, ахь зулам дитахь, маьрша ву хьо, ца дитахь, ас вуьйр ву хьо олий. Ас къинхетамза бойу, эскарехь гIуллакхдеш а, Iедалан гIуллакхехь а шаьш боццушехь, со лаца, со вен, Iедало сан коьртах кхайкхийна ахча эца сан лар толлуш, леларш, моттбеттарш, йамартхой. Оьрсашца, керстанашца дац сан мостагIалла. Ас цхьа а машаре керста, оьрси ца вийна. Сан тIом паччахьан Iедалца, цуьнан хьаькамашца, церан хьадалчашца, вайна тIехь хIара къизалла латточаьрца бу. Хуьлда уьш бусалбанаш, керстанаш, мунепикъаш. Хуьлда уьш оьрсий, нохчий, гуьржий, суьйлий, хIирий. Хуьлда иза сан да, ваша, кIант! Цаьрца бу сан тIом. Талорашший? ХIаъа, ас талабо нехан цIий Iуьйдуш, хьарам даьхни гулдинарш. Ас паччахьан банкаш кхоьхьу. Ас, хьоладай йийсаре а буьгий, царна тIера ахча доккху. Амма сайн карадогIучух цхьа кепек а сайна пайдехьа ца хьовзадо ас. Мискачу нахана дIадоькъу. Цхьана нохчашна, бусалбанашна декъна ца Iаш, оьрсашна а, кхечарна а доькъу. Мискачарна, вай санна ца хьегахь а, вайга гIурттуш гIело хьоьгучарна. Ткъа Iедало сан коча тоьттучу дерриг а талорашна со бехке ма вац, Iела. Ас некъахой, машаре адамаш ма ца таладо. Халкъан цIий муьйлу хьолахой бен. Банкаш, кассаш талайо. Ша Зеламха ву, шаьш Зеламхин накъостий ду бохуш, оьрсий, нохчий, кхечу къаьмнех нах талош лелаш, цхьа зуламхой бу. Царах дукхахберш Iедало арабаьхна, цуьнан бертахь лелаш а бу. Халкъана хьалха сан сий дайа, халкъ сох тешамза даккха, халкъ суна дуьхьалдаккха. Ишттачарех сайна каравеанчунна луьра таIзар до ас. Цо талийначунна тIе а вуьгий, талийнарг долчу дена йуха а дерзадойтий, цунна хьалхха, йетташ, гIибавоккху. Амма оцу зуламхошна массарна а тIе куьг ца кхочу-кх сан.
– Цхьана aгIop, нийса ву хьо, Зеламха, – шен Iалашонна тIегIерта Iела. – Цхьаммо а хьуна бехкбуьллийла дац. Амма ахь банкаш йохош, хьолахой талош, доькъучу ахчанех адамийн бакъо, къелла меттахIуттур ма йац, Зеламха. Цуьнан ойла йиний ахь? Ахь цхьацца хьаькамаш байарх, паччахьан Iедал духур ма дац. Ахь байъинчеран метта кхин ма балабо, хьалхарчарел а къизанаш, боьханаш хоьржуш. ТIехула тIе, ахь цхьа хьаькам вийча, Iедало бехк боцу итт нохчо воь, бIе Сибрех хьажаво. Хьайна лаа а ца лууш, хаа а ца хууш, адамашна бохам бо ахь. Iедало эххар вуьйр ву хьо. Йа тIамехь, йа цхьаммо йамартло йина, тешнабехк бина. Хьан корта беаначунна берхIитта бIе туьма ахча а, кхо бIе десятина латта а кхайкхийна Iедало. И ахча пачхьалкхан хазнера а, йа хьолахойн кисанара а дац. Нохчийн къехошкара даьккхина ду. И латта а халкъан ду. ХIан, хьол тIаьхьа кхин а цхьа Зеламха гIоттуьйтур вай. Цунах а тIаьххьара изза хир ду. Оцу некъо толор дац вай.
Зеламха гIайгIане велавелира.
– Iела, ахь а иштта аьлча, нехан хIун бехк бу? Шайх Мансуран заманахь дуьйна схьа паччахьан эскарша хIаллакдина адам, йарташ, Сибрех хьийсийна доьзабайнарш – уьш берриг а сан бехкенна хилла хIаллак? Со дуьнена ваьлла шовзткъа шо бен дац. ХIун дан деза ткъа, цхьаболчу молланаша ма-хьеххара, паччахьаш а, Iедал а Делера ду бохуш, цара лелочу харцонашна, къизаллина садетташ ваха веза?
– ХIан-хIа, Зеламха, ас а ца боху иза. Ахь хьаькамаш байарх, паччахьан Iедал духур ма дац. Дезткъа шарахь хаддаза тIом барах, нохчашка ца дохаделла паччахьан Iедал. Вайн махка гIерта оьрсий а ца совцабелла. Россехь дехачу цхьана а халкъе ца дохаделла. Мосазза гIиттина уьш шаьш а, луларчу къаьмнашца цхьаьна а. Амма даим а шайн цIела керчийна уьш Iедало. Оццул доккхачу оьрсийн халкъе а ца дохаделла. Росси чохь деха дерриг а къаьмнаш – бусалба а, керста а – цхьаьна а кхетта, цхьабарт а хилла, гIевттича, тIаккха баккхалур бу толам. Ахь элира-кх, вайгарчу Iазапан, баланийн, бохамийн нана вайна тIера Iедал ду. Кхузахь хьаькамаш байарх, Iедал духур ма дац. И нана мел йу, цуьнан кIорнеш – хьоладай, инарлаш, эпсарш – кхуьур йу. Йайарх кхачалур йоцу и кIорнеш цкъа а дуьнен чу ца йовлийта, йийна, дIайаккха йеза оцу кIорнийн нана – паччахьан Iедал. Иза доха а дина, кхин вешан къехойн Iедал хIоттийча бен, маршо хир йац вайна…
Зеламхин бIаьргаш чуьра гIайгIайне мархаш, оьгIазлонан цIе тIепаза йайра. ХIинца царна чохь йовхо йогура. Сатийсамо, цхьана йукъана деллачу ирсо къагийнера цуьнан йуьхь.
– И ахь дуьйцург суна дуьххьара мичахь хезна, хаьий хьуна? Сибрехь волуш, цхьана оьрсичуьнгара. ТIаккха Шуьйта-гIопехь шина салтичо а дийцира изза. Цхьаъ лор вара. Махсум. Инзаре дика ши стаг вара и ши салти. Къайлах тIеоьхуш, сан шина накъостан чевнаш йерзийра Махсума. Оццул ас дехарш дарах, мах а ца баьккхира.
– ХIинца вуй и шиъ Шуьйтахь?
– Аликсе, лаьцна, Сибрех вахийтира. Махсум вайн махкара дIаваьккхира.
– ХIета, хьуна-м мелла а хууш хилла Россехь хIоьттина хьал. Хетарехь, Россехь керла дарц дала герга ду. Паччахьна а, цуьнан Iедална а дуьхьал герзаца гIовттур ду халкъаш. Церан могIарехь хила деза вай. Мацахлера вайга керстанашна дуьхьал гIазоте кхойкху зама йац хIара. ХIинца кхета доьлла бусалба а, керста а къаьмнаш. Цapна хиъна шайн мостагI мила ву а, доттагI мила ву а. Оьрсашна, гуьржашна, кхечу керста къаьмнашна дуьхьал ойур дац вай вешан герз. Ткъа цаьрца цхьаьна, церан а, вешан а йукъарчу мостагIчунна – паччахьна, цуьнан Iедална – дуьхьал ойур ду. Церан а, вешан а маршонан дуьхьа. Оцу муьрехь шен халкъана нийса некъ гайта даккхий хьекъалш долуш, майра, оьзда, доьналле къонахий хила беза, Зеламха. Шен халкъан кхолламан бала болуш, цунах дог лозуш, халкъ а тешаш, халкъо сий а деш болу нах. Хьан сий ду, Нохчийчохь-м хьовха, ДегIастанахь, Гуьржийчохь, ХIирийчохь. Хьо а, хьо санна болу къонахий а кестта оьшур бу вайн халкъана.
Меданас доггаха хьалха биллина кхача а биъна, шаьш паргIатдевлча, хьеше гIуллакх-болх хаьттира Iелас.
– Делахьа,