litbaza книги онлайнИсторическая прозаЛаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 25 26 27 28 29 30 31 32 33 ... 187
Перейти на страницу:
а кегйина, илли алар шайгахь товш ца хеташ тийна лаьттачу баккхийчу нехан догIмийн пхенашкара цIий туьйлира коьртарчу чалбанел. Мекхаш а шардина, аьрру куьйгаш лере а лаьцна, йуккъера дIадолийра цара беpахь дуьйна шайна дагахь Iемина халкъан турпала илли:

Бос Iаьржа ва латта

Молxанах лелхарах,

Тхешан сий доьхкина,

Тхо лаьтта доьрзур дац!

– Айде, кIентий!

– Маршо йа Іожалла!

Мацалло хьовзадаxь,

Орамаш дуур ду.

Хьогалло тхаьш бIарздахь,

Бецан тхи мийра ду!

Цу лаьмнийн хьехнaшкахь

Шах цIераш летор йу,

Тхайн таррийн йуьхьгашца

Уьш марсайохур йу!

– XIейт, гора, Къайсар, йаI!

…ХIoьънаша зарзйина

Тхайн чорда башлакхаш

Къоначу воIарийн

Белшаш тIe туьйсур йу!

…МоcтaгIex летачохь

Iожалло тxaьш лецахь,

Тхайн метта дIахIиттар

Царна тIедуьллур ду!..

Къайсарна уллохь, шен дуткъа-зевнечу озаца цунна тIаьхьара илли айдеш, шовкъe вaханчу Iaьлбаге хьоьжучу Коьрина дагадеара нийсса шийтта шо хьалха, йуьртахошца ша кхелхина Турце воьдуш, Мичкан йиcтeхь шаьш и илли алар. XIетахь Iаьлбаган, Коьрин, Къайсаран дейтта шераш бен дацара. Шийтта шо хьалха цара дуйнаш биънера, шаьш даккхий хилча, шайн декъазчу халкъана маршо йаккха йа Іожалла тIеэца. И де тIекхаьчна. ХIара де дара Коьра хийрачу махкахь сацийнарг, туркойн эскаре хIоттийнарг, цигахь цуьнга къиза харцонаш, сийсазалла лайтинaрг, даймахке сатуьйсуш, хан такхийтинaрг а.

«Эрна хирий-те тxaн сaтийсам? – ойла йора цо. – Эрна хирий-те тхан Iожалла?»

«ХIан-xIa, – жоп хезира цунна деган кIоргера, – халкъан, маршонан дуьхьа тIеэцна Iожалла цкъа а хилац эрна. Эрна а, эхье а ду лай хилла вахар а, валар а. Шуьга цададелларг шун тIаьхьено дIахьур ма ду. ХьалхатаIа, кIентий!»

3

Доьзалхочунна моьтту, шега шен деган къайленаш ненах лачкъало. Ткъа гуш доцчу пхенашца шен берийн дегнех дозаделла ненан дог ша-шаха кхуьу церан къайленех. Бер мел генахь делахь а, шен берана хазахетар хилча, доккхадеш тохало, ткъа цуьнан кийра цхьана балано хьовзабахь, ненан даг чу лазаман ов хьаьвза. Нагахь дуьненахь шайхаш белахь, ненан дог шайх ду.

Декъаза дара нохчочун нeнaн дог. Берех самукъадаьлла тохадалар кIезиг хуьлура цуьнан. Оцу заманахь – къаьсттина. КIант вича, цунна хаьара, иза шен воцийла. Цунна лаахь а, ца лаахь а, цунна мел везарх а, ваха лаарх а, цуьнан вацара иза, халкъан вара. ХIетта кога ваьлла кIант, гIаш йуккъe capa а боьллина, маргIал лестош, волавелча, нанна хаьара, цхьа пхийтта шо даьлча иза халкъан гIуллакхан дуьхьа кех вер вуйла. ТIаккха дуьйна дIадолaлoрa нeнера Iазап. Iуьйранна цунна тIаьхьахьоьжура, Деле доIанаш деш. Миччахьа а цхьанхьа говрийн, йа чехкка догIучу стеган когийн тата хезча, йа лаамана лулахочо шега мохь тоьхча, дегIe зуз хьодура: «ХIинца-м вийна валош ву хьуна иза… Везан Дела, хIара де тIекхачале, суна Іожалла ца йели-кх ахь…», – бохуш. Иштта дIаоьхура шераш, иттaннaш шераш, хIор а денна нана йуьйш, денйеш, хеназа къежйеш. Оцу халачу, кхерамечу шераша дахчийнера нохчочун нeнaн дог. Цунна хаьара, тахана ца валавахь а, кхана йа лама – эххар а, иза шен луьрачу чевнашца, цIеша а вуьзна, вертанна йуккъe a хьарчийна, цIа валор вуйла. Цуьнан хIинцца чо бала боьлла беснеш, беран бос банза балдаш, йа къоьжа корта, хебарша аьхна йуьхь ша цкъа тIаьххьара а хьостур йуйла.

И де кхана кхочур йа лама кхочур хаац. Амма хIор а нанна тIекхача герга дара иза.

Къеначу XIангIазан кийра богуш бара тIаьххьарчу хенахь. Къаьсттина лерина тергалвора шен кIант Iаьлбаг. Йа майрачо а, йа кIенташа а шега ца дийцахь а, цунна хаьара хIинццалц схьа дика Iалашбеллачу шен доьзална тIе кхерам кхозабеллийла. Ткъа тахана, делкъа ламазаш динчул тIаьхьа, Iаьлбаг ша чувеача, кхийтира нана и де тIекхаьчна хиларх.

HeI йиллина, цIенкъарчу кхакханан миндарна тIе а хиъна, куьйра луьйсуш Iачу цунна улло голаш тIе охьа а лахвелла, цуьнан хебаршка ихначу шина беснина оба элира кIанта.

Нана цецйелира кху тIаьххьарчу масех шарахь ца йаьккхина оба кIанта шена йаккхарх. ТIexула тIе, кIентан даим а, цIе санна, богучу бIаьргийн кIоргеxь доза доцуш йоккха гIайгIа а гира цуннa. XIангIаза, йист ца хуьлуш, бIaьргашца хаттар дира кIанте.

– Нана, хьан кIантIана тIe paгI кхаьчна хIинца. Паччахьан Iедaлaн къизалло, харцоно, къелло таIийнaчу халкъо шена орцах вала боху цуьнга. Нохчийн баьччанаша гIаттаман коьрте хIоттийна хьан кIант. Хьан пурба деза суна, дуьхьало ма йелахь, сан дика нана…

Къеначу XIангIазан кийра цIеран куьрке бирзира. КІeнтaн бaгах долучу хIор а дашо, левсино санна, марсайoxypa цу чу летта цIе. Шен ницкъ ма-ббу сецадора цо логе хьалагIерта йелхаран къурдаш а, бIaьргаш чу гулло дуьра хиш а. Куьйранан ши тIам дIа а хецна, кIентан Iаьржа корта тIеозийна, шен бесни тIе а таIийна, дIатийра иза.

Iаьлбаган коьртан чкъор дагийра тIеоьгучу ненан бIаьрхин тIадамаша.

– Хьо йоьлхуш йац, нана? – xaьттира цо, хьала а ца таьIаш.

ХIангIаза кучан йухаца дIахьаькхира бIaьрхиш. Йелакъажа, кIентан дог ойъуш, масех дош ала гIертара иза, амма кIайделлачу балдаша, дегош, ийзош, аьлларг ца дора.

– Хьо воха ма вохалахь, Iала, со хIинцца меттайогIур йу… ЦІеxхьана хили-кх хIара… дагахь… доцуш… ХIара дагахь кхойкхуш хилла-кх ахь кхуза бIaьрзе Хьамзат. Соьга цуьнан иллешка ладегIийта. Хьан кийраxь-м Адин Сурхон дог дара, ткъа со йац-кх, цуьнан нана санна, къонах…

Iаьлбага дайн куьг хьаькхира ненан сирйеллачу месашна.

– Ледара ма хилал хьо, нана. Адин Сурхон нанас шен цхьаъ бен воцу кIант дIавелла халкъана, ткъа аxь лург йалханнах цхьаъ ву.

– Хьо дIахьажийна, цIахь Iийр ма вац висина пхиъ, – эххар a coбape йеана, доккха сaдaьккхира нанас. – Уьш а гIур ма бу хьуна тIаьххье…

Іaьлбаг кхийрина киртиг, ва Дела аьлла, чекхйолуш йацара. Ненан бIaьрхиша а, дeтталучу къеначу даго а борура цуьнан кийра.

– Ас муьлханиг къастайе шина ненах? – нанна хьалха гуора а воьжна, шен корта цуьнан кара биллира Iаьлбага. – Хьо а нана йу сан, даймохк а нана йу сан. Цхьамма – сецаво, вукхо – дIакхойкху. Ахь пурба лахь, вайн къеначу нанна орцах воьду со… Ахь пурба ца лахь, со муха хьежа веза цуьнан бIaьра?.. Вайн массеран а нана, нанойн а нана ма йу иза…

Iаьлбагна хезара ненан дeттало дог кIез-кIезиг паргIатдолуш. КІeнтaн корта шина а куьйга меллаша хьала а таIийна, цуьнан хазачу бIаьргаш чу хьаьжира XIангIаз:

– Ас цунна дIало-кх хьо, Iаьлбаг. Ас даймахкана, халкъана ма дина шу, – олуш. ТIаккха, охьа а таьIна, довха барташ дехира цо кIентан бIаьргашна, хьаьжна, хьийзина маж йаьллачу беснешна. – ХьалагIаттал. Схьахьажал соьга. Гой хьуна, со шек а йац. Хьайна паргIат дIагIо. Дала гIо дойла-кх хьан а, шу массеран а!..

Амма, кIант араваьлча, маьнги йисте а лахйелла, шина а куьйга корта а лаьцна, маршо йелира цо ша хала садетташ къийлинчу дагна…

ХIусамненаца дерг иштта хала а ца листира Iаьлбага.

– Же, ЗезагIаз!

1 ... 25 26 27 28 29 30 31 32 33 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?