litbaza книги онлайнИсторическая прозаДарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 26 27 28 29 30 31 32 33 34 ... 167
Перейти на страницу:
Жима волуш дуьйна хала кадетташ, Iyмap а, со а кхиийра цо. Iyмap вийча, со цхьаъ висира цуьнан. Цул тIаьхьа иттех шо а делира. ХIокху йуьртара цхьа дика стаг висинера, зуда а йелла. Мухха делахь а, цхьана наха оцу стагана хьахийнера тхан нана. Иза къобалдо, бохура, тхан ненан дас. Оцу деношкахь даим гIийла, кхоьлина, бIаьргаш цIийбелла хуьлура нана. Цхьана дийнахь тхан ненан дас, ша волчу дIа а кхайкхина, къамел дира соьга. «ХIapa къамел хьуна дезар доцийла, хаьа суна, – элира цо. – Нана маре йахийтар кIанте хьехор оьзда доцийла а, хаьа. Амма, xIapa къамел хьоьга ца дича, валац со. Вайн эвларчу Акхболатан Ахьмадана хьахийна Айза. Ас а, Айзас а тIе ца дитира и захало. Амма наха оцу захалонна йукъаваьккхина сан устаз. ХIусамда велла йа доьза вайна цхьа хан йаьлча, бусалба дино а, нохчийн Iадато а зудчунна маре йаха бакъо ло. Кхузахь эхье-бехке xIyмма а дац. Шу ши кIант а кхобуш, йерриг а къона хан дIайахана хьан ненан. Велларг йуха ца вогIу, дийна висинарг ваха везаш а ву. ХIинца, хьо воцург, шун цIийнах боьрша стаг йа зуда а ца дисина. Нанас цхьана дена вина цахиларх, ваша а, йиша а хуьлу. Айза кхечухьа маре йахча, хьуна вежарий, йижарий хиларе дог а дохура ас. Айзас-м шега хьеха а ца дойту маре. И захало дар доьхуш, тховса суна тIе стаг воуьйтур ву устазо. Устазан дехар йухатоха бакъо йац сан. Амма хьан бертаза иза хуьлийла а ца лаьа». Сайна мел хала хиллехь а, ненан дена луучунна тIетайра со.

– Оцу Акхболатан Ахьмадехь йу иза?

– Йу.

Iелас ойла йира…

3

Цунна карладелира тIеман тIаьххьарчу шеран аьхкенан цхьа довха де. Стаг йукъа а ца гIорталуш йуькъачу, дIаьвше кIохцал долчу оьртханан коьллаша дIалаьцна гезлойн аре. ЦIеххьана Хошкалдана тIегIоьртина инарла Бакланан дошлойн эскар. Оцу гонахарчу шина-кхаа йуьртара зударий а, бераш а регIаца йолчу йарташка дIакхалххалц, нохчийн оцу агIор болу ницкъ гезлошний, хошкалдахошний тIехьарчу дукъаца чIагIбаллалц, и тIегIерта оьрсийн эскарш совцо дезаш йа вала везаш дIахIоьттина ши бIе гергга нохчо. Царна йукъахь вара Iела а. Де делкъанга даьлча, тIеетта йолийнчу йаккхийчу тоьпаша бухйохуш, ирхъоьхуьйтура оьртханан коьллаш. Дага дуьйлира хошкалдахойн цIенош. Йухадовлуш, дIайадо аьтто хирриг, шайн ши йоккха топ гу тIе, варшахь къайленга а хIоттийна, царна кхераме йоцчу метте хьуьна чохь говраш дIа а йихкина, мостагIа тIекхачаре хьуьйсуш Iapa хIорш.

Дуьне къардан санна, оьрсаша цхьана-шина сохьтехь тIeйиттинa йаккхий тоьпаш жимма лагIйелира. ХIоьънаша аьттачу оьртханан коьллийн арахула шуьйра йукъ дIалаьцна хьалха доладелира гIашлойн эскар. ХIора минотехь гергайогIура йеттачу вотанийн гIoвгIa. Малхехь лепара салташа хьалха лецначу тоьпашна буьххьера ира цхьамзанаш, эпсарийн белшаш тIера дешин хьесан кIужалш. Эскар гергакхаьчча, йека йолайелира кегийчу тIулгех йуьзна хIокхеран ши йоккха топ. Нийса ниша лоцуш, хIокхара дуьхьалйеттачу тоьпийн дIаьндаргаша охьабохкура хьалхарчу могIаршкара салтий. Амма уьш, цхьа а леш воцуш санна, хьалха гIертара. ХIинца шера къаьстара церан къиза йаххьаш. Наггахь совцуш, бертахь тоьпаш а тухуш, зингатий санна, хьалха гIертара уьш. IелагIеран жимачу бIона йуккъехь байъинарш а, чевнаш хилларш а бара. Цхьаболчара уьш peгIa дIакхоьхьура, вукхара мостагIа сецавора. Эххар а мостагIчуьнца чуьччабахара уьш. Йукъ-кара бен топ йолу а ца хезаш, дека доладелира болат.

Бист а ца хуьлуш, оьгура шина а aгIopxьapa. Амма IелагIар йуха ца бовлура. Йухабовлийла а дацара. Шайна тIехьа лаьтта зударий а, бераш а кIелхьардаххалц мостагI сацо везара. Iелина гира шина салтичо цхьамзанаш Iоьттина хьалаайбина Iаларойн Вара йуьстахкхуссуш а, мескатахойн Эдала оцу шиннах цхьанна гайх шаьлта Iуттуш а, вукхунна некха тIе а таIийна, тапча тухуш а, говра тIера охьа а кхевдина, цо Вара хьалавоккхуш а. ЦIийн Iовраш, узарш, кIур, шаьлтанийн, цхьамзанийн лепар, терса говраш…

Салтий кIез-кIезиг йухабуьйлура, амма геннахь гучубевлира коьллашкахула чаболахь богIу дошлой. IелагIap, шайн ши йоккха топ а такхийна, боьлака йуха а бевлла, дойшна тIехевшира. ХIинца уьш бIеннал кIезиг бара, итт мостагIчунна дуьхьал цхьаъ а ца кхочура. XIун дийр ду ткъа, шаьш белла а, кхин а цхьана сохьтехь мостагI сецо везара цара.

ХIинца уьш говраш тIехь тасабелира. Iелина уллохь каде хьийза Акхболатан Ахьмад. Цуьнан шина а буйнахь цхьацца тур ду. Аьтту а, аьрру а – шина а aгIop мостагIий цоьсту цо. Iелин цхьа ност кIел а йуьтуш, охьакхета цуьнан говр. Цунах маршавала гIертачу Iелин аьтту белш дIаьндарго йагайо. Ша хIетта цунна тоьхна, кIур туьйсу тапча доьхкарх а йуллий, тур ойу хьаьрсачу дошлочо. Iелас шен сих дог дуьллу. Амма оцу минотехь хьаьрсачу дошлочун корта белшах къаьста. «Воха ма вохалахь, Iела! Суна тIexьа говра вала!» – мохь бетта Ахьмада. Iела говра тIе хьалавала гIоьрту, амма ницкъ ца кхочу. ТIаккха Ахьмада шен андийчу куьйгашца озийна хьала а ваьккхина, шена хьалха пурхалла вуьллу иза.

Цул тIаьхьа шех хилларг ца хиира Iелина. Буьйсанна йуккъехь синкхетаме веача, цунна йуххехь хевшина Iаш бара Аьрзу а, Маккхал а, чов хилла пхьарс кочахь Акхболатан Ахьмад а…

4

Iела, доккха са а даьккхина, Iусмане хьаьжира. Хаац, цо стенан ойла йора, цунна а хIун карладаьллера. Амма иза а вара, куьйга корта а лаьцна, гIайгIане-гIийла.

Акхболатан Ахьмад, йуьртахо хилар бен, гергара а, йа доттагIалла долуш а вацара Iелин. Амма иза вуьззина къонах вара, цIахь а, арахь а шел дика кхин хуьлийла доцуш, тешаме а, дика накъост а вара. Iелина цкъа а ца дицлора хIетахь цо ша Iожаллех кIелхьарваккхар.

– Муха стаг ву и Ахьмад? – хаьттира Iелас.

– Дика стаг ву. Суна а, да санна, дика ву.

– Ткъа Айза реза йуй цунна а, шен маренна а?

– Нанна а дика ву. Массарна а дика ву иза. Aмма сан нана ирс дайна, декъаза зуда хилла. Шa цIа мосазза йoгIy, тхан хьалха хиллачу беша а йоьдий, цIенойх бисинчу борза тIе охьа а хуий, дукха йоьлху иза. Тхан да ца вицло цунна. Амма Ахьмадана хамталлаш а ца йо. Мацах цкъа Ахьмада цхьана тIамехь тхан да Iожаллех кIелхьарваьккхина, боху. Цунна а чIогIа сий до ас Ахьмадан.

«Маржа, Айза, йаI! Цхьаьнакхета хьоьгуш ма дукха лийлира вайша, цхьаьнакхетча, безамах марзо ма кIезиг ийцира вайша. Вайшинна вовшийн ца дезний, вовшашка са ца тийсина а ца къаьсти-кх вайша вовшех. ХIун дийр ду ткъа, Дала азаллехь иштта йазбина хилла-кх вайшиннан кхоллам», – ойла йора Iелас.

Йерриг а къона хан а, безам а, тешам а шена схьабелла, шеца цхьаьна а, ша Сибрехь волуш а йагарйина ца валлал дукха халонаш лайна Айза ган сатеснера цо. Амма иза муха гур йу цунна? Церан хIycaмe гIойла а дац, кхуза схьакхойкхийла а дац. Цуьнан кхин хIусамда ма ву.

1 ... 26 27 28 29 30 31 32 33 34 ... 167
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?