litbaza книги онлайнИсторическая прозаЛаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 60 61 62 63 64 65 66 67 68 ... 187
Перейти на страницу:
Хастам хуьлда государь-императорна! Хастам хуьлда вайн турпалчу салташна! Дала аьтто болда вайн! Ура!

– Ура! Ура! Ура!

Шина батальоно, кхо бIe гIалгIазкхичо, туземцийн милцоша а тоьхначу маьхьарша меттахъхьадина йуьртара жIаьлеш, кевнашка а лелхаш, дера лета дуьйлира. Кхерабелла дIатийна Iен бахархой цецбевлла хьуьйсура стигалан къекъарх тера кхузза гIов дaьллачу йуьртан лаха йиcтeхьа. Йукъ-йукъа кертара дIа лулахоша лохха къамелаш дора вовшашца.

– Дера, дац Iаьлбаг-Хьаьжин гIуллакх а стаг хьоьгур волуш.

– Эрна кегийна худaр ду.

– Амма, массара а ма даахьара…

– Нахана-м моьттура, кхy aгIop цхьа а салт вац…

– Ткъа хIорш, цІоз санна, схьалахкабелла.

– Йарташ ца йагош дитахьара.

– Дог a мa дaхaлaхь!

– Йарташ ца йагайахь а, налог-м тухур йу.

– Иза а дина, дитича-м, боккха болх барий-ц.

– Схьа а лоьцуш, Сибрех мa xьийсадахьара…

Отряд ЦІоьнтара боьдучу новкъахьа йолайелча, тIевеанчу эло Аваловс командующига хаийтира цуьнга дехаре баьхкина йуьртахь лаьтташ гондIарчу йарташкара нах хилар.

– XIун оьшу царна? – оьгIазе кхоьссира Свистуновс.

– Машар беха баьхкина уьш, хьан локхалла.

– Ас гойтур бу царна машар, хьайбанаш!

Дукха хан йалале командующина хьалха хIиттира цІонтаройн, даьргIахойн, белгIатойн, гIордалойн, билтойн баккхий нах. Іасанаш тIе куьйгаш а дехкина, болчу тIе а букар хьаьвзина, йогIуш a, ца йогIуш а йукъ-йукъа йайн йовхарш тоьхна, дIатийра уьш.

– ХIан, схьадийцал, шаьш хIунда даьхкина! – синтемза этках йайн шед йетта вуьйлира Свистунов. – Шуьга хьоьжуш Iойла дац, сиха ву со. Поручик Ойшиев!

Командующин свитина йукъахь лекхачу, хьаргIачу динахь лаьтта ДаьргIан участкан пристав Ойшин Чомакх, аьтту лере куьг а лоцуш, вулaвeлира.

– Со ладугIуш ву, хьан локхалла!

– Мотт сецна оцу нехан?

Инарлина хьалха йуьхьIаьржа хIоьттина Чомакх, говран чоже когаш таІийна, масех гIулч хьалхавелира.

– Схьадийцал шаьш деанарг! – тIечевхира иза, шен горгий бIaьргаш тобанна тIе а боьгIна. – Шуьга хьоьжуш Іен хан ма йац инарлин, Мохьмад-Хьаьжа, Iуспа-Хьаьжа! Же, мa Ie!

Инарле гIиллакхехь маршалла хатта ойла йолу къена нах, кхайкхаза веанчу хьешан шогачу къамело боxийна, севцира. Эххар а, шeн дeгI нисдина, хьекъале ши бIaьрг инарлина гонахарчу эпсаршна тIехула а кхарстийна, Чомакхна тIехь сацийра Мохьмад-Хьаьжас.

– Оха дахдина дуьйцур дац, ала цуьнга, Чомакх. Доцца аьлча, хIокху инарле къинхетам беха аьлла, дахкийтина тхо тхан тайпанийн йарташа.

Бохийначу оьрсийн маттаxь воккхачу стеган дешнаш гочдира Чомакха.

– Къинхетам? – командующин дуькъа цІоцкъамаш, айъаделла, хье тIе девлира. – Къинхетам беха даьхкина шу? ТIaьхьадисина шун дехар. Хьалххе ойла йан йезара. Къамкъарг малйича, магац шу. Бехкечарна къинхетам бац сан.

Леррина Чомакхе ла а доьгIна, инарлeхьа дIавирзира воккха стаг.

– Тхо бехке дац хиллачунна, ала цуьнга, – хьалхачул шого вистхилира иза. – Iедал а ду къиза. Цо дуккха а xарцонаш йина тхуна тIexь. ТIeйeттачу налогаша чIанадаьхна тхо. Керлачу йалташна дуьхьал бахалац наггахь доьзал а. Къоьлло, къизалло бIарздинчу адамашна йукъахь нисбелла собар кхачийнaрш. Цаьрга сатохадeллехь, дика-м хир дара. Ца тоxаделла-кх. Цхьа йист йоцуш хIумма а ма дац. Зулам Iедалехьара схьадаьлла. ХIетте а, бехк тхуна тIехь буьсу. Инарлин ницкъ бу тахана цхьана дийнаxь xIокху Нохчмахках чим бан. Иза цуьрриг а майралла йа къонахалла оьшуш гIуллакх ца хета тхуна. Iаьлбаг-Хьаьжина тIаьхьара цхьа кIеззиг нах боцчара, Iедална зулам ца дина. Аш йарташ йагийча, адам эрна арахь дуьсур ду. Аш йалташ хIаллакдича, адамашка мацалла хIуттур йу. Аш тIерa дaй лецча, Сибрех хьовсийча, доьзалш байлаxь буьсур бу. Цул, шен эскаршца кхyзара дIавала, ала инарле. Тxo Iaьлбаг-Хьаьжина тIаьхьа а хIуьттур дац, шен кIезигчу ницкъаца цо Iедална дан зиэн а дац. Ша лелочух гIуллакх ца хуьлийла хиъча, догдиллина, тIевогIур ву иза а…

Хозуьйтуш, чIогIа, наггахь соцунгIа а хуьлуш, къамел ден воккха стаг йукъах а ваьккхина, цуьнан къамел шена гочде аьлла, Чомакхе омра дира Свистуновс. Iедал бехке деш аьлла дешнаш а ца хьахош, Чомакха доцца гочдира воккхачу стеган къамел.

– Кхузахь йинчу бунтана ас массо бехке веш хилар дIаxаийтал цаьрга, поручик, – баккхийчу нахана буьрса тIевирзира командующи. – Нагахь йуьртара цхьа стaг мятежникашна тIаьхьахIоьттинeхь, йерриг йурт бехке йу. Нагахь доьзалера да, ваша, кIант, милла а цхьаъ Iедална дуьхьалваьллехь, оцу доьзалехь мел верг бехке вийр ву. Къений, къоний, зударий, бераш. Шайн зуламхо цa сaцорна. Нагахь царна соьгахьара къинхетам хила лаахь, шайн бехк эца лаахь а, некъ ло царна. ХIор а йуьрто уггар тешаме, майра нах арабаха беза Іaьлбаг а, кхиболу зуламхой а схьалеца. Нагахь цара шайн йарташкара зуламхой, лецна, Iедалан кара схьалахь, тIаккха тешар ву со церан муьтIахьаллех. ТIаккха догдохийла йу Iедaлeрчу къинхетаме. Амма, цара и ца до-кх, йартех чим бина, мятежникаш Сибрех дIа а хьовсийна, бисинарш арен тIе дIакхалхор бу. ХIара церан обаргийн баннаш кхин цкъа а метта ца хIиттийта.

Йартийн векалш кортош охкийна а битина, шен свитица отрядна тIаьхьаволавелира командующи.

4

Отрядца вогIу Свистунов Шоьна кхочуш, хьалха йуьрта йаханчу разъездан эпсар веара йуxaнeхьа говр хаьхкина. Цхьа ах бIe гIулч генахь говpара охьа а иккхина, ведда тIе а веана, гиччошка куьг даьхьира цо.

– Хьан локхалла, Шоьнахь хьоьга ладоьгIуш мятежникийн парламентареш бу. Муха приказ хир ду?

– XIун парламентараш? Ког дIа мел баьккхинчохь хила беза уьш?

– Хьан локхалла, уьш тера бац ахь тахана тIеэцначех. Цаьргахь кIайн байракх йу, шера оьрсийн мотт хууш, схьахетарехь, хьалха цкъа эпсар хилла стаг а ву церан коьртехь.

– Маса стаг ву уьш?

– Кхоъ.

– XIун боху цара?

– Дийцац. Хьан локхаллица ду, боху, шайн гIуллакх.

Шоьна эвла йуккъехь жимачу маьждига хьалха майданахь шаьш лаьттара караxь кIайн байракх йолуш кхоъ стаг. Инарла вогIу гича, дуьхьал а баьхкина, цхьа иттех гIулч генахь севцира уьш. Свистуновс говp сацийра. Инарла говрара чу ца вуссийла хиъча, ши-кхо гIулч тIе а веана, вистхилира хьалхара элдарчу дегIара, амма хебаршка ихна мокха, оза йуьхь йолу шовзткъe итт шо хенара стаг.

– Пурба ло тхуна, хьан локхалла, нохчийн мехкан уггар ширачу лаьтта тIехь хьо даггара декъалван. Тхуна чIогIа лаьара сел воккха, веза хьаша нохчийн къоман гIиллакхехь лераме тIеэца, амма хIиттинчу хьелаша таро лац тхан дегнийн лаам кхочушбан. Ма-ттов ца хилча, ма-торру олуш, кица ду тхан халкъан. Оха даггара декъалво хьо Нохчмехкан лаьтта тIехь!

ЭгIазчу къамелхочо, шен дош чекх a дaьккхина, байн корта таIийра. Цуьнцанна кортош таIийра тIехьа лаьттачу кIайн, шуьйра маж йолчу зоьрталчу воккхачу стага а, цунна уллорчу буьрсачу къонахчо а. Цаьрга хьаьжча, даг чу велар иккхира инарлин. Дика Іамийначу комедех тарлора цунна оцу кхаа туземцо лелориг.

– Муьлш ду шу? – xaьттира цо кIоршаме.

– Хьан локхалла, имамо Iаьлбаг-Хьаьжас хьуна тIе хьовсийна халкъан парламентераш ду тхо.

ГIуллакх хазачу долуш хийтира инарлина.

– ХIун дохьуш даьхкина шу? Къинхетам боьху аш?

– ХIаъ, хьан локхалла, халкъо къинхетам боьху Цуьнан Императорски Воккхалле.

– XIун ло аш къинхетамна дуьхьал? Зуламхой схьалой?

– Халкъо доьхург оха йаздина схьадеана, хьан локхалла. Ахь пурба лаxь, доьшур ду ас.

1 ... 60 61 62 63 64 65 66 67 68 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?