Шрифт:
Интервал:
Закладка:
– Дика ду, Зеламха. Хьуна луучунна реза ву тхойша. Маца доьлху вай? – хаьттира Саламбека.
– Ма-хуьллу сиха. Ас Вербицкийга, кхо де даьлча, аьлла. Цига воьдуш суна кхузткъа стаг веза. Вайн накъостех итт стаг, арахьарчарех шовзткъе итт. ХIонц йезарш дуккха а карор бу шуна. Амма царалахь уггар майранаш, собаренаш, тешаменаш, доьналленаш къастабе. Цигара деана ахча дерриг а царна дIалур ду, ала. Вай ахчанан дуьхьа ца доьлху цига, вайн Iалашо кхин йу. Бетарсолта, Жабраил, Жамаьлда, Абубакар цхьацца aгIop дIасабахийта. Резаберш шайн талламах чекхбевлча, АтагIана а, ЧIишкана а йуккъехь, некъ хьуьна чу булучу, дIабахкийта. Цигахь ас цхьацца тIеоьцур бу уьш. Царна вовшийн бовза а, цIерш хаа а ца йеза. Кхаа тобане а декъаделла, гIyp ду вай ГIизлара. Оцу кхаа тобанан коьртехь вай кхоъ хир ву. Муьлха тоба муьлхачу новкъа гIyp йу а, кхидерш а новкъа довлале дуьйцур ду вай. ХIинца, цхьа минот а эрна ца йохуьйтуш, кечам бан арадовла. Амма шаьш балочу нахе вай доьлху меттиг ма йийца. Йоккха хIонц йан доьлху аьлчахьана, тоьур ду.
Оцу тIехь барт хилира церан…
5
Оцу лаьмнашкара Орга аренга долучохь, цуьнан аьрру берда йистехь, лома кIел, йоккха йоцчу экъан тIехь Iуьллу ЧIишка. Цунна хьалха Органал дехьара лекха лаьмнаш ду, тIехьа – къеначу хьаннаша хьулйина лекха рагI йу. Малхбалехьара схьа, Органан берда йистехула, хьаннашна йуккъехула беккъа цхьа некъ бу йуьртана тIебогIуш. Оцу некъана аьтту aгIop, хьуьна йуккъерчу жимачу ирзо тIехь накъостий тIеоьцуш хиъна Ia Зеламха. Мара а, бIаьргаш а доцург, йуьхь дIакъовлуш, коьртах башлакх хьарчийна вогIура цунна тIе xIоpa а. Иштта дара Зеламхин омра. Царна вовшийн йуьхь-дуьхьал ца бовзийта, цIерш а ца хаийта. ГIизларера цIа дерззалц йаккха хIоранна а шен йоцу цIе туьллура.
Шовзткъе итт стаг схьагулвеллачул тIаьхьа, хIора тобанна йукъа шен накъостех кхоккха стаг а вохуьйтуш, кхаа тобане а бекъна, царна хьалха къамел дира Зеламхас:
– Шух хIоранца а шайцца къамел хилла цкъа хьалха сан накъостийн, тIаккха сан. Ас дагалаьцнарг кхераме гIуллакх дуйла а хаийтина шуьга. Вай гена, кхерамечу новкъа довлу. Кхерам а, Iожалла а тIехIоьттича, цхьаьнггера а орца хир дац вайна. Дерриг а йа цхьадерш хIаллакьхила а, чевнаш хилла, мостагIчун карадаха а мега. Ша Iожаллех кхоьрург, мостагIчун каравахча, собаре хила а, сатоха а доьналла а ца хилла, шен накъосташна йамартло йина, уьш мостагIчуьнга дIабуьйцу берг хIинцце, меллаша йукъара дIа а къастий, цIа гIo. Нагахь санна кIилло ваьлла йа чов хилла, мостагIчун йийсаре нисвеллачо шен накъостий дIабийцахь, уьш Iедало лецахь, бехкечух оха луьра бекхам оьцур буйла а хаалаш. Вуй шуна йуккъехь кIилло, йамарт стаг?
Цхьа а вист ца хилира. Йуха а шозза изза хаттар дира цо, амма цхьа а вист ца хилира. Ирзохь тийналла лаьттара.
– ХIинца Делан пурбанца новкъа девр ду вай. Новкъахь цигаьрка оза а, хезаш къамелаш дан а мегар дац. Герз муьлххачу минотана а кийча хилийта. Халчу киртигана говраш кхоае. Новкъахь тIекхаьчначуьнга дист ма хила. Кхераме нисделча, доха мегар дац. И кхерам дукха ца лаьтта. Эха сохьтехь сатоьхчхьана, йа вай мостагIий байъина, йа мостагIаша вай дайъина, дерриг а чекхдер ду. Новкъахь гужу йай а ма гIo. Вовшашна йукъахь пхийтта, ткъа гIулч йуьтуш, шишша-кхоккха цхьаьна хIиттий гIo. Цхьа а тIаьхьа а ма виса, йуьстах а ма вала. ГIуллакхна йуьстахвала везачо уллорчу накъосташка хаийта. Дисинарг йиллинчу меттиге вай дIагулделча, цигахь дуьйцур ду вай. БисмиллахIир-рохьманир-рохьийм! Дала аьтто бойла вайн. Пайхамараш а, эвлайааш а орцахбовлийла вайна!
Тобанаш муьлхачу некъашкахула гIyp йу, царна коьртехь лаьттачу кхаанна бен ца хоуьйтуш, къайлехь латтадора Зеламхас. Цуьнан а, Саламбекан а ши тоба цхьана хенахь новкъа йелира. Зеламхин тоба – Гуьмсехула дIа, Азамат-Юьрта уллохула Теркал дехьа а йаьлла, Саламбеканиг – Таш-Гечехула дIa. Аюбаниг – цхьа сахьт даьлча, Саламбекана тIаьхьа.
Апрель бIаьстенан хьалхара бутт белахь а, хIapa буьйса хаддаза дoгIa серсаш, цIемза а, шийла а йара. Теркаца дуькъа дохк лаьттара, ткъех гIулч хьалха боьлхурш а ца гуш. Цхьана aгIop, иза хIокхаьргахьа дара. Зеламхина а, цуьнан накъосташна а xIapa меттигаш дика йевзаш хилар бахьана долуш, некъах ца туьлуш, сатоссучу хенахь ГIизларна ткъех чаккхарма гepгa кхечира Зеламхин тоба. Цигахь, Теркан аьрру агIонехь, лекхачу, луьстачу эрзаш йуккъерчу цхьана ирзохь сецира Зеламха. Цхьацца сахьт йукъадолуьйтуш, цига кхечира важа ши тоба а.
Кхузахь Iуьйра ламаз а дина, говрашна хIоъ а белла, хи а малийна, цаьрга са а доIуьйтуш, шаьш а шина-кхаа сохьтана садаIа севцира уьш. Кхача биъначул тIаьхьа Аюба, шен таьлсаш чуьра схьа а йаьхна, ДегIастанан дошлойн регулярни полкан погонаш дIайийкъира накъосташна. Уьш белшаш тIе муха лато йеза а хьийхира. Зеламхас хьалххе аьллера, шеца богIучу накъосташна тIехь бустамаш долу чоэш а, коьртахь кхакханан месала куйнаш а хила деза. Уьш массо а иштта кечвелла вара. Шовзткъе кхойттанна могIарерчу дошлойн, кхаанна вахмистран погонаш йелира Аюба. Саламбекана а, шена а сотникан погонаш йитира, Зеламхе ротмистран погонаш йелира. ХIинца, документаш ца теллича, хала дара уьш муьлш бу хаа.
БIаьрг тоьхча, резахилира Зеламха шен бIона. ТIаккха тIаьххьара дош элира цо:
– ХIинца ГIизлара доьлху вай. Цигара банк йахьа. Цига дIакхача бисинарг ткъех чаккхарма бен некъ бац. Цхьана сохьтан некъ. Аш дан дезарг Саламбекана а, Аюбана а хаьа. Бисинчара цаьршиннан омра кхочушдийр ду аш. Банкана тIедоьлху некъаш дIалоьцур ду вай. Сой, Саламбеккий, Аюббий банка чу гIyp ву. Нагахь санна вайн гIуллакх кхераме хилахь, оха герз кхоьссина хаам бийр бу шуьга. ТIаккха хIаваэ а, дIаса а герз детташ, гIовгIа йаккхий, Теркан тIай тIе йухадовла. Орца дуьхьалдаьлча, доха мегар дац, дарделла лоьмаш санна, тIелатий, ков даккхий, хьалха дIагIо. Амма вайх вийнарг а, чов хилларг а ма вита. ГIали чу пхиппа гIулч йуьтуш, кхоккха цхьаьна а хIиттина гIyp ду вай. ХIан, хIинца Делан лаамца, Делан пурбанца новкъа довлу вай!
1910-чу шеран 9-чу апрелехь дийнахь шийтта сахьт долуш, ГIизлара чу бахара уьш. Зеламхас ха дитира шаьш йухадовла дезачу а, банкана тIедогIучу а урамашкахь. Берриг а дошлой гIаш бевлира. Шен а, кхаа накъостан а говраш кийчча латто, цаьрца пхийтта стаг витира. Зеламха, Саламбек, Аюб банка чу вахара. Оцу чуьра белхалой, хIуманнах а шек а боцуш, шайн белхаш беш Iapa. ХIорш кхоъ чоьхьаваьлча а, цхьаьннан а