litbaza книги онлайнИсторическая прозаЛаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 127 128 129 130 131 132 133 134 135 ... 187
Перейти на страницу:
мaсех бутт балале йийcape вeapa. Ламанхоша йеххачу хенахь вайн Iедална дуьхьал латтийначу къийсaмexь xIapa Нохчийчоь уггар дера а, уггар нуьцкъала а йара. Кхуза хьежадора вай вешан тоьлла эскарш, уггар майра а, говза а полководцаш. Кхузахь хилира вайн даккхий дараш а. Цундела хIара нохчий гуттаренна а къарбина, кIелсовцо Iалашо йолуш, тIаьххьарчу итт шараxь дIа мел лаьцначу лаьтта тIера уьш дIалоьхкуш, цигара хьаннаш йагош, тIеман чIагIонаш йугIуш, болх бира вайн командованис. Къарбелла кIелсевцнарш вайн тIеман чIагIонашна, станицашна улло кхалxабора, къармазениш лаьмнaшкa лоьхкура. ТIом чекхбаьлча, шатайпа сурт хIутту кхузахь. Нохчех дукхахберш хIокху лаьмнашкахь, хьаннашкахь гаттeхь буьсу, ткъа аренгара йарташ вайн станицаший, тIеман чIагIонаший шайн морзахашна йукъаIовду.

Лаьттaца йолу халонаш Кубанан областeхь вай гуттаренна а дIайехира, цигара цхьадолу къаьмнаш лаxxьийна, дисинчийн ах а Турце кхалхорца. ДегIастанахь а хIумма а вайна хало йоцуш дирзира и гIуллакх. Церан тIулган лаьмнаш вайна ца оьшура, цундела, цхьа масех штаб-квартира а йоьгIна, мохк бахархойн долахь битича, машар хIоьттира цигахь.

Нохчийчохь лаьттaца йолу къоьлла лахйан а, кхузахь машар хIотто а Іалашо йолуш, ах мукъане а нохчий Турцe a, Жимачу ГІeбарта а кхалхо гIоьртира вай, амма, цхьа пхи эзар доьзал Турце кхелхича а, и гIуллакх кхиам ца хуьлуш йукъахдисира.

Маситта шарахь бахбелла нохчийн гIаттам 1859-чу шарахь вай тIаьххьара а хьаьшча, хӀетахь вайн правительствона къарбелла ца севцира уьш. XIетахь Кавказан наместник а, хIара край къарйеш коьрта куьйгалхо а хиллачу эла Барятинскийс нохчашца машаран барт бира. Цара тIелецира тIом сацо а, вайн Iедална муьтIахь хилa a. Ткъа вай тIелаьцнера, нагахь нохчий, къарбелла, совцахь, цаьргара дIадаьхна цхьадолу латтанаш царна йухадерзо a, церан дин, Iадаташ, гIиллакхаш лиэра а, уьш салт ца баха а. И дерриг дIа а йаздина дуккха а йаккхийчу йартийн маьждигаш чохь леррина Iалашдо нохчаша. XIетахь дуьйна, вайн правительствос муьлхха а цхьа порядок шайна коча Іоьттича, и машаран барт вайна дуьхьалтуху цара.

Кхеташ ма ду, империна чоьхьа и шатайпа автономи а йиллина, правительствон Iен йиш цахилар. ТIаккха-м, дера, изза дезар ма ду царна луларчу кхечу къаьмнашна а. Цундела, кхузахь вайн позицеш чІaгIйелла аьлла ма-хийттинeхь, граф Евдокимов даррехь вайн порядкаш хIиттo воьлча, 1860-чу шараxь, Нохчмахкахь гIаттам болабелира. ТІaьхьа веанчу Лорис-Меликовс ларлуш, хьекъале политика йолийра кхузахь. Цуьнан аьтто хилира меттигерчу эпсаршкаxулий, совдегаршкаxулий, динан дайшкаxулий, ша эцначу дуккха а агентaшкaxyлий нохчий оцу бартан цхьаццайолчу пункташна тIера йуxабаха. Шаьш дерригенах хадарна кхоьруш, шайна дукха мехала ца хетачу пункташна тIера йуxабуьйлура уьш, амма, оцу мaшaрaн бaртaцa шaьш йаьхна бакъонаш шайгахь совцо гIерташ, биллина дIа вайца къийсам а латтабора.

Динан фанатизмах дерг аьлча, нохчийн къийсaмeхь суна ца гина иза. Мила ву динан фанатик? Цкъа-делахь, и тайпа стaг шен динан идеян дуьхьа вехаш а, цуьнан дуьхьа шен са дIадала кийча а хила веза. ШолгIа-делахь, фанатикна хийра йу оцу шен динца цхьаьна ца йогIу муьлхха а идеяш а, хьежамаш а. Нохчийчохь суна ца хаавелла динан фанатик. Суна ца хезна, делан дуьхьа, динан идеян дуьхьа нохчо велла бохуш. ХIокху гIаттаман могIара дакъалацархой-м хьовха, цуьнан тхьамданаш а ларло Iожаллех. Шайн дахарна кхерам болуш меттиг тIенисйелча, дукхе-дукха сиха йухабовлу уьш. Делах-м, дера, теша. Амма Делах тeшaро церан дегнаш чохь вайга, керстaнaшкa, цабезам кхоллац. И цабезам кхоьллинарш маситта шараxь вайца хилла тIом а, уьш къарбеш вайгара йийлина къизаллаш а йу. Оцу тIе тоха шайна церан гIиллакхашций, амалшций цхьаьна ца догIу вай церан кочаIуьтту Iедал а. Нохчийн вайга болчу цабезаман а, мостaгIаллин а хьоста цаьрца ду, амма и цабезам а, оьгIазло а, мостагIалла а марсадаха некъ цара Къуръан чохь лоьху. ТІe, и нохчий философаш а бац, уьш позитивисташ а, практикаш а бу. Нагахь вайн бакъонашкахьа къийсaмeхь вайл тола шайгахь ницкъ хир бу аьлла хетахь, вайх лата а, шаьш марсабаха а, ткъа шаьш оьшур ду аьлла хетахь, вайца машар бан а, шайн оьгIазло йухаоза а – шиний aгIop некъ лоху цара Къуръан тIехь.

Амма, дукхахьолаxь, уьш бохаме тоьттург церан сонталла йу. ХІокху гIaттaмeхь суна сайн бIaьргашца гина церан кегийрхой вайх леташ. Цара суна дагадохкуьйтура Парижан баррикадашкахь лета ураман бераш, блузникаш. Цхьа а тайпа оьгIазло йоцуш, цхьана а тайпана тIаьхьалонна ойла ца йеш, самукъане летара уьш!

Ткъа муьлш бу кхузахь мятежникашна коьрте xIyьттурш? Авантюристаш бу-кх. Шайн мерал дехьара дуьне а ца гуш болу. Церaн мaсex Iалашо хуьлу. Цкъа-делахь, халкъана хьалха шайн авторитет айъар; шолгIа-делахь, йоццачу ханна мукъана а халкъана коьрте хIиттар; кхозлагIа-делахь, оцу кIеззигчу ханна шайн буйна нисделлачу халкъан ницкъаца вайн Iедал а кхерийна, вайгара мелла а шайна пайдехьа дерг даккхар. Ткъа шайгарчу халачу хьоло бIарздина, дардина, цхьаъ хьалхаваларе хьоьжуш ладоьгIy coнтa aдaмaш, шайга мохь ма-туьйххинехь, бажа санна, царна тIаьхьахIуьтту.

Доцца аьлча, нохчий ца теша вайн Ieдaлeра шайна диканиг хир ду бохучух. Церан аьттонна правительствос долийначу муьлххачу а гIуллакхах нийсса бIocтaнeхьа кхета уьш. ТІом чекхболуш вайн правительствон цIарах шайна йелла бакъонаш, кIез-кIезиг йохуш, лаxxьийна шайгара дIайахарна кхоьру. И дерриг бахьанаш кхаа дашца алалур ду: нохчийн сихалла а, сонталла а, кхетамзалла а.

TIаккха ас хаьттира инарле, нохчийн хIокху гIаттаман а, туркошца болчу тIеман а вовшашца зIe йуй-те аьлла.

– Нахана моьттучу агIор-м йац, – жоп делира инарлас. – ХІaра гIаттам а, туркошца вайн тIом а цхьаьна нисбаларна, нахана моьтту нохчий туркойн барта гIевттина. Изa aьттехьа а дац. Балканехь вайн а, туркойн а йукъаметтигаш галйийла йоьлчхьана, лурчах дуьйна Кавказски эскарийн командованис дукхе-дукха леррина тергам латтабо, хIокху лаьмнашка туркойн эмиссараш богIий хьоьжуш. Командованина ца хаавелла кхуза веана туркойн агент. Амма кхин цхьаъ ду. Туркоша кхузарчу ламанхошца шайн зIe Макка оьхучу нахаца лелош хилар гучудаьлла дукха хан йоццуш.

ДегIастанарчу цхьацца наха и зӀе латтайо Турцexь вехачу Шемалан кIантехула – ГIеза-Махьмехула. Мелла а цаьргахула дIа цхьацца йазораш хилла Шемалан наиб лаьттинчу Дуев Iуммин а. Амма нохчийн хIокху гIаттаман тхьамданийн туркошца цхьа а тайпа зIe цахилар гойту и гIаттам ша-шаха болабаларо а, Константинополе лерг диллина Iен Iаьлбаган ДегIастанара бартахой цунах дIацакхетаро а. Iумма дегIаcтанхошца барт болуш хилар а, xIoкху гIаттаман тхьамданашца цуьнан цхьа а тайпа йукъаметтиг цахилар а гойту иза тIаьххьалц тийна Iаро.

ТIe, xIoкху нохчийн ойланаш шайца цхьана динарчу туркошца йу бохург а хета суна цхьа а тайпа бух боцуш. Шаьш вайца латточу къийсaмeхь даим а шайна аpахьара гIо леxна ламанхоша. Шаьш оцу хьелашка хIиттича, хьалхара орца туркошка олура цара, уьш шайца цхьана динeхь хилaрaл сов, дозанал арахьарчех уьш уггар гергахьара лулахой а хиларна. Цул сов, даим вайца мостагIалла долчу туркоша, вайний, ламанхошний йукъерчу девнех пайдаэца Iалашо йолуш, шаьш и дов кIамдеш, марсадохуш, тIаккха шайга орца

1 ... 127 128 129 130 131 132 133 134 135 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?