litbaza книги онлайнИсторическая прозаДарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 147 148 149 150 151 152 153 154 155 ... 167
Перейти на страницу:
буйнахь латтийра уьш. Жимма шена дуьхьало йинчуьнна-м хьовха, дуьхьало йан дагадеанчун а корта а боккхуш. Цуьнан карахь, балоз санна, кIеда бара нохчий. Имама шена луъург дора царна тIехь!

– Нийса боху ахь. ХIинца Зеламхас а шен гIеранца кхерамна кIел латтабо нохчий. Иза вен а, Iедале схьавала а ца баьхьа.

– XIaх-хIа, Зеламхех кхоьруш ца Ia нохчий, иза новкъара ца воккхуш. Шайгахь Iазап латточу оьрсийн паччахьна, оьрсийн Iедална иза дуьхьал хиларна вуьту. Витина ца Ia, цунна гIо до, иза ларво. Халкъ Зеламхехьа ду. XIyн йу Нохчийчоь? Ши бIе шовзткъе итт эзар аьрзонан бен бу иза! Вайн цхьана уездал бен йац иза, амма чугIорта ков доцуш, чIагIйина шатайпа гIап йу. Массанхьа а бIешерийн къена, йуькъа хьаннаш, лекха лаьмнаш. Лахара хьалахьаьжча, халла бен стигал ца гуш, кIорга чIажаш, гаттий тогIеш. ГIашлойнаш доцурш, кхин некъаш дац. Говрашна, варрашна тIехь дIасалела уьш. XIоpa дитт, кол, чхар гIап йу нохчочунна. Ас-м элира нохчашна цхьа а Iедал а, законаш а ца деза. Ткъа церан шатайпа законаш ду. Церан йукъараллин дIахIоттам а, кхетам а тайпанийн йукъараллин дIахIоттаман тIегIанехь бу хIинца а. Нохчий шатайпа магометанаш бу, бусалба динах кхетам лахара болуш. Уьш хьекъалца ца беха, дукхахдерг фантазица, бIаьргаш гушдолчуьнца, даго хьоьхучуьнца беха. ТIаьхьалонан ойла ца йо. Далла Iамал йо цара, Дала а, Мухьаммад пайхамара а бусалба адамашна тIедехкина декхарш кхочушдийриш Iаламат кIезиг бу царна йукъахь. Нохчийн демократи йу. Элий, дворянаш, лакхарнаш, лахарнаш бац. Массеран а цхьатерра бакъонаш йу. Вуьшта аьлча, уьш маьрша бу шайна луъург дан. Хьекъалечу, оьздачу, доьналлечу нехан сий ца до цара, зуламхочунна йукъаралло таIзар а ца до. Церан демократи а, маршо а разбойникийн демократи, маршо йу. Коьртехь хьекъале, оьзда, доьналле баьччанаш боцу, цхьа закон массара а лардеш, кхочушдеш доцу халкъ маьрша дац, иза декъаза халкъ ду.

Шен кофе дIа а мелла, дассаделла фарфоран жима зока охьахIоттийра Липрандис.

– Кхин а кечъе ас?

– Баркалла. Цкъачунна тоуьйту ас.

– Жимма коньяк?

– ТIаьхьа. Тамашийна хIума ду иза. Цхьа а Iедал, закон, барт боцчу оцу халкъо дезткъа шарахь Россина дуьхьал тIом бина.

– Нохчийн вовшашлахь бац барт. Уьш санна, вовшашца хьагI-гамо йолуш къам ца хаьа суна дуьненахь. Амма арахьара кхерам тIегIоьртича, вовшашна йукъара хьагI-гамо а, мостагIалла а дицдой, бертахь гIовтту уьш. Цундела нохчийн амалш йевзарг цецвер вац цара Россина дуьхьал дезткъа шарахь тIом барах. Нохчаша дин лелорах дийца гIоьртира со. Исламан кIоргалла ца йевза царна. Цуьнан кIорггера Iилма хууш молланаш кIезиг хиларна. Цундела бусалба динера кхета атта дерг, безамехь дерг схьаоьцу цара. Цхьа наггахь воцчо малар ца молу, томка ца узу. Цара дика тIеэцнарг шайн мостагIашка – гауршка, оьрсашка – цабезам бу. Гаур а вуьйш, ша вала кийча ву нохчо. Велча, хIумма а ца дов цуьнан. Дуьненахь къен-миска, меца, гаурийн Iедална кIел Iазапехь ву иза. Ткъа цуьнан кхетамехь, велча, вукху дуьненахь шена йалсамане, хIуьрлаIа мехкарий, шурин татолаш хирг хиларх теша. Къаьсттана, ша гаур вехь, йа гауро ша вехь. Нохчочун бахам хIумма а чолхе бац. Цхьа десятина латта, цхьаъ-шиъ бежана, ши сту, масех уьстагIа берг хьолахо лору. Дукхахболчу нохчийн латта дац, йа кIезиг ду иза. Куйна кIел, вертана кIел хоъал. Бежанаш, уьстагIий, доцца аьлча, даьхни доцурш дукха бу. Амма уггар къечу нохчочун а дика говр а, тоьлла герз а ду. Бераллехь дуьйна цхьа сатийсам бу нохчочун – шен майралла, хьуьнар гайтар. Гауршца тIамехь. Гауршна талораш деш. Оьрси-гаур ву цуьнан мостагI. Шен махка а веана, шегара цо мохк дIабаккхарна. Маршо дIайаккхарна. Ша лолле верзорна.

Пенах кхозучу доккхачу сахьте бIаьрг туьйхира Алексей Павловича. Исс сахьт долуш хан йара. ЦIа гена ваха ца дезахь а, дорце аравала сагатдора цо.

4

Арахь дарц жимма а лагIделла хиларе дог даьхна, коре а вахана, арахьаьжира Липранди. Iаьржа бода боцург, гуш хIумма а дацара. Амма чехкачу махо дегадора тIе лайн шатI хьахабелла коран ангалеш. Тховх хьалакхаччалц пенаца шкафаш чу хIиттийнчу безчу механ книгашка хьежа хIоьттира иза, хIусамден къамеле ла а доьгIуш.

– Тахана хIоьттинчу хьолах кхета вешан къоман дIадахнарг хаа а, цуьнан ойла йан а дезара вай. Делахь а вайна ца лаьа и хаа а, цуьнан ойла йан а. Сутаралла, къизалла йу вайгахь. Вайн пачхьалкхан йерриг а истори тIoм бу. ГIорасизчаьрца ваьш тIoм бо вай, нуьцкъалчаьрца – кхечу пачхьалкхийн союза йукъа а кхетий. ГIорасизчу халкъийн мехкаш дIалецна вай, цигара халкъаш вешан олаллина кIел дерзийна. Малхбузехьара, малхбалехьара, къилбехьара. Вешан гергара а, генара а лулахой. Цхьаболчара кIезиг дуьхьало йира, дукхахберш цхьа топ кхоьссина а, дуьхьало ца йеш, вайн олаллина кIел баьхкира. Амма нохчий вешан олаллина кIел бало гIерташ, цаьрца бIе шарахь гергга тIом бан дийзира. Нохчийчохь хIаллакьхиллачу оьрсийн салтийн хьесап далур дац. Уш бIе эзарнаш бу. Ткъа нохчий хIинца а, къарбелла, кIел ца севцца. Совца дагахь а бац. ХIокху тIаьхьарчу шийтта шарахь Зеламха ву оцу халкъан коьртехь. Даррехь вайн пpaвительcтвox воьлу иза. Цо ца деш хIун дисина? Дийнан делкъехь гIали чу а вогIий, гражданаш, банкаш, кассаш талайо. Маьрша дIасалела оьрсийн бахархой ца буьту. Губернаторна йийсаре вига кхерамаш туьйсу. Вайн эскарша гонна йукъахьовзийча, йукъара а волий, дIавоьду. Администрацин начальникаш бойу. Хьолахой йийсаре буьгу. Кхо де хьалха атамане Вербицкийга хаам бой, ГIизлара чу а вогIий, банк талайо. Зеламха разбойник ву, олу. ХIан-xIa, иза разбойник вац! Иза нохчо, нохчийн халкъан, Нохчийчоьнан имам ву! Цхьа а тайпа шеко йац вай зикризм олучу Нохчийчуьрчу уггар доккхачу вирдан коьртехь Зеламха хиларан!

– 1864-чу шарахь Кунта-Хьаьжа, лаьцна, ссылке вахийтича а, дIа ца тийнера цуьнан секта?

– Цхьана ханна. ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь шен болх жигарабаьккхина цо. Къаьсттана Зеламха халкъан коьрте хIоьттичхьана. Оцу сектан масех шайх, лаьцна, ссылке вахийтина бохуш, хезна суна…

– Царах коьртаниг, Баматгери-Хьаьжа, Калугехь дIакхелхина. Цуьнан кIенташа а, гергарчу наха а, дIа а ваьхьана, даймахкахь дIавоьллина иза.

– И ца хезна суна.

– Кхин хаьий хьуна? Минусинскехь ссылкехь болу Зеламхин доьзал а, маршабаьккхина, даймахка цIа берзийна.

– ХIунда? Пхеа шарна ца бахийтинера иза ссылке?

– Хан гечйина. Шина шарна тIе охьайалийна. Пачхьалкхан Думера масех депутат а, юстицин министр а орцахбевллера. Зударий, бераш бехке дац Зеламхин зуламашна бохуш.

– Эрна дина гIуллакх ду иза. Шен доьзал ссылкехь болуш, жимма йухаваьллера Зеламха. Оцу шина шарахь хIара ду ала доккха зулам ца даьллера цуьнгара. Инженерийн комиссина тIелатар динчул тIаьхьа дIатийнера. Зикристаш меттахбевлла, боху. Балканашкарчу вайн вежарийн-славянийн туркошца тIом болабелча. Иза дуьххьара дац. Хонкаран, Россин йукъаметтигаш ийгIича, тIом хила гергабахча, йа тIом болабелча, нохчашна йуккъехь шайн пропаганда жигарайоккху туркоша. Макка боьлхуш а, цIа богIуш а Хонкарахула чекхбовлу нохчий. Коьртачу декъана цаьрца болх

1 ... 147 148 149 150 151 152 153 154 155 ... 167
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?