litbaza книги онлайнИсторическая прозаЛаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 166 167 168 169 170 171 172 173 174 ... 187
Перейти на страницу:
делхарх, хила гIо ма дац. Рицкъанаш делехь ду.

– Хьо тховса цIахь вуьсий? – кхоьлина ши бIaьрг Болате хьалахьажийра Дешис.

– Дера вуьсу. Тоьур ду идар.

– Салтий багIахь, хIун дийр ду?

– Хезаш хIума-м дац. БагIахь – богIур бу-кх. Цул, уьш а дитий, суна а гуш, хIума кхаллахьа.

Боги чу йехкина галнаш а, жижиг а шена хьалха а оьзна, майрачунна тамбархьама, дог ца догIуш хIума кхалла гIоьртира Деши. Амма, халла цхьа гала а, кIайчу жижигах цхьа-ши хьаса а кхаьллина, сeцира.

– Реза вац со ахь лелочунна, – когара мачаш дIа а йаьхна, маьнги тIе велира Болат.

– XIунда? – цa кхийтира Деши.

– XIума йаа ма йеза. Хьан хьолехь йолчу зудчунна дегIера ницкъ эшар кхераме ду, ма боху.

Дешис доккха сaдaьккхира.

– Сан ирс делахь, йелла дIаер йу.

Болат дIатийра. Цхьадолчу готтачу корехула чукхета серло кIез-кIезиг лагIлуш, чохь бода хIотта буьйлира. Генадоццуш хезара ловзучу берийн гIовгIанаш. Маьхьаршна йукъахь къестара Мохьмадан шатайпа омране аз. Эсета, цхьаъ бен вац, Аьрзун тIaьхье йу бохуш, шен йоIбIаьрг санна ларвора кIант. Амма Мохьмад ца туьгура ненан буйна верза. Иза аьрха, амма хIуманах кхеташ, хьекъале кхуьура. Ден цIий цa Iара шениг дитина.

Цхьаццанхьара схьахезара зударийн а, божарийн а маьхьарий. Лакха тIехь, шина чуьрте а ваьлла, цхьаъ-м кхайкхош воллура Даси. Бераш цIа кхойкхучу нанойн маьхьарий а хезара. Цхьаболчара хьоьстуш, шолгIачара – кхерамаш туьйсуш, чехош.

Берийн маьхьаршка ладоьгIучу Болатан йуьхь сатийсаме йекхайелира. Ма дика ду-кх хIара Деши берах йолуш! Нагахь лаьцна вигахь, валаза а висахь, итт-пхийтта шо даьлча, цIа вогIур ву иза. ТIаккха цIахь гIеметта хIоьттина кIант карор ву цунна. ДанчIин кIур бoвр бац хIинца…

– Деши, улло йолахьа.

Йезза гIеттина, тIе а йахана, цунна улло охьахиира зуда.

– Ма дика ду-кх хьо иштта йолуш! – элира Болата шен дагахь дерг, цхьана куьйга зуда мара а къевлина.

– Тхойшинга хIун дика хьегийта воллу хьо? – шен бесни Болатан беснех таIийра Дешис. – ХІокху эвлахь жоьра бисинчу зударша хьоьгург ца го хьуна?..

– Кхоьру хьо?

– Кхоьру. Хьох йаьлча, тоха са дац сан…

– Дала собар лур ду.

– Хаац. Цo сoбaр ца лаxь, со дог иккхина лийр-м йу.

Кхехкачу хин тIадам тIебоьжча санна, бесни йагийра Болатан.

– Йуха а йелха йуьйли-кх хьо?

– Caдeтталац, Болат. Хьо лацахь, хьоьца дIайогIур йу со.

– Муха? – гIаддaйнa вeлaвeлира Болат. – Зударийн мeттиг йац Сибрех. Цигахь божаршна а хала ду, боху. Мацалла. Шело. Іaзaп.

– Хирг цхьаьний хир вайшинна.

– Забарш ма йелахь!

– Ас-м забар ца йо. Дуккха а ойланаш йина, ас тIаьххьара а тIеэцна сацам бу иза. Ас хIун до, хьох а йаьлла, цIахь йисина?

– Хьан да-нана ма ду.

– Царал а дукхавеза кхоьллина хилла-кх хьо…

– Сох хIуъу хилахь а, хьой, кIанттий диса деза, Деши.

– XIун кIант?

– Вайшиннан xинверг.

– ЙоI хилахь?

– Биэн а дац. Вайшиннан йoI хир йу-кх иза а. Йоккха а хилла, маре йахча, цуьнан кIентий хир бу. Со кIур боцуш ван лаац суна.

Дешис, цхьа пхьарс тIехула а тесна, маракъевлира Болат. Шад хилла къамкъаргexь сецнера кийpapa apaгIерта къаьхьа мохь. Цуьнан урх къyьйлура къоначу зудчо. Къурдаш деш, йуханехьа чутоьттуш. Болатна хиира цуьнгара хьал. Зудчун коьртах дайн куьг хьаькхна, дуьрачу бесни тIе барт баьккхира цо.

– ЦІepa вaлaхьа, Болат…

– XIунда?

– Салтий багIахь, лоцур ву-кх хьо…

– Со ведча, шу хьийзор ду. Зударий. ХIан-хIа, Деши, иза дийр дац вай. Тхо цхьадолчарна шера хаьара мацца а цкъа хIара де тIехIуттур дуйла. Тxaьш герз кара а эцале. Туолаxь – туола а, иэшахь – дала а ма девллера тхо хIокху новкъа. Сайн са дадийна, валлалц ведда лелла вер ма вац. Iожаллех ида ца гIевттинeра тхо. Ша динчух жоп дала а къонах веза. Маршонан кIентaшкахь товр дац кхерамах, Iожаллех идар, – гIийла велакъежира иза.

Тховса хIара шиъ хилла цa Iара оццу гIайгIано дIалаьцна. ХІappa сурт дара бIeннaш хIусамашкахь а. ХІокхул а бохамениш а.

Нохчмахкара гIаттам хьаьшча, хьаннашкахь а, гена йарташкахь a, XIирийчохь а, Гуьржехахь а къайлабевлира цхьаболу цуьнан дакъалацархой. Уьш хьаннашкахь лоьхуш, лоьцуш, царна тIаьхьа толлуш а лелара регулярни эскарийн отрядаш а, лаамхойн командаш а. Лоьхура уьш гена йарташкахь а. Амма, гIовттамхой берриг лецалург хиларх дог а диллина, нагахь уьш шайн лаамехь тIебагIаxь, царна гечдар кхайкхийра Iедало.

Йуьхьанца тIебаьхкинарш маьрша битира. Уьш ІaIIалц. ТIаккха кIез-кIезиг царна йукъара леца болийра. Iедалан тешнабехк гучубаьлча, важа бисинарш тIебахка ца туьгура. Царна дуьхьал а герз карийра Iедална. ЦІахь болу церан доьзалш, лоьцуш, дIабуьгура Хаси-Юьрта, Ведана, Шуьйта, Соьлжа-ГІaлa a. Уьш цигахь латтабора бехкeниш тIебахккалц. Йерзинчу стигал кIел. Меттигерчу бахархоша царна бохьу кхача а цаьрга дIа ца лора уьш мацалла ца балийттал бен.

Болатна шера хаьара изза хьал кхузахь а хIоттор дуйла. Тховса-кхана бохуш, ладоьгIуш Iара. Iаьлбагера пурба хилча, шен лаамехь тIе а гIур вара иза.

Берсех дагавала сацам хуьлура цкъацкъа. Амма иза а ву-кх Шелахь, оцу мостагIийн ардaнга йуккъexь. Болатна шера ма бевза шен йуьртахой.

ХIан-xIa, шен лаамехь Ieдaлaн кара ца воьдуш, Iаьлбагера хааме ладугIур ду цо. Нагахь дIалаца багIахь, водур а вац.

Буьйса йоьллера. ХІокхунна тIехула пхьарс тесна, тийна Iуьллура Деши.

– Деши!

– ХIай!

– Хьо сема йуй?

– ХIаъ.

– Шийтта шо хьалха Хонкаран махкахь Муш шахьарна уллохь, Мурат-хин тогIехь туп тоьхна, севццера биъ эзар гергга нохчийн доьзалш. Туркойн, оьрсийн паччахьийн бартаца махках баьхна. Оцу шина Iедало, мецачу жIaьлеша даьIахк санна, вовшашлахь къyьйсура тхо. Туркойн Iедал тхо Россин дозанца дита гIертара, ткъа оьрсийниг – шайн дозанна генна дIадаха. Цара и къийсaмaш бешшехь, тхо хIаллакьхуьлура, мозий санна. Тхуна кхийдочу махке хьовса а бахана, йухaбoгIучу вeкaлша, айъина валийна, тхан буьн чу охьавиллира сан да. Лен цамгар йара цунна кхеттарг. XIетахь шийтта шо дара сан. Сол жима йиша а йара сан. Човка. Тхойшинна наб кхетта моьттуш, тийна йелха хIоьттира тхан нана. Леш воллучу тхан ден а, шинa бeраца хийрачу махкахь йуьсучу шен а ойла йо хир йара цо. ЦІa-цІe a, даа-мала а дацара. ХIор а дийнахь бIe сoв стаг лара туьпахь. ДІaбохка а ца кхиош. Мацалла а, махкалла хилла а. Ца йоьлхийла а дацара ненан. И санна эзарнаш наной боьлхура хIор а буса. ТIаккха тхан да кхайкхира цуьнга. «Хеда! – элира цо. – Ма йелхахьа, Хеда. Сайн дейтта шо кхaьччахьана дуьйна, виллина тIеман цIергахь кхиъна со. Вайн къоман маршонан дуьхьа лиэташ, вайн даймохк, доьзалш ларбеш. Чевнийн моьнаш а ду дегI дуьззина. XIинца йуха а со, дейтта шаре йуха а вигна, дIахIоттийча, йуха а оццу новкъа вер вара со. Цуьрриг дохко а ца ваьлла. Амма цхьаъ ду ас сайна гечдийр доцуш. Оццул суна безна, ас шен дуьхьа цIий Iенийна, бIаьрнегIар ца тухуш, шен дуьхьа са дIадала со кийча хилла

1 ... 166 167 168 169 170 171 172 173 174 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?