litbaza книги онлайнИсторическая прозаЛаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 170 171 172 173 174 175 176 177 178 ... 187
Перейти на страницу:
дIаволучо а, схьаволучо а дуьйцура, тахана рузба чекхдаьлча маьждиган майданахь гулам хуьлу бохуш. Цигахь хир бу, бохура, дукха хан йоццуш туркойн тIамера цIа веана инарла Орца а, сих-сиха кхузахь хуьлуш волу эла Эристов а.

Цара дуьйцу дерг хаьара Берсина. ГIаттам, хьаьшна, чекхбаьллера. XIинца цуьнан тIаьхье листа арабевлла хир бу-кх и чалтачаш.

Рузба чекхдоллуш маьждиган майдана кхечира Берса. Амма нах маьждиг чуьра ара ца бовлура. Майданахь хоттан уьйриг бара, ткъа тIедоьлху догIа а, ло а, тIетта хьерадийлар бен, лагIлуш дацара. Схьахетарехь, хьеший схьакхаччалц маьждиг чохь соьцура нах.

УьйтIахь шен карарчу гIожах хьаькхна мачаш а цIанйина, неIарна тIехула йолчу лабанна кIел хIоьттира Берса. Цигахь лаьттара, хIара санна, рузбанца гIуллакх доцу сагатделла веана масех стаг а.

– Уьш хIун деш соьцу цу чохь? – резавоцуш хаьттира ткъе итт шо хенарчу цхьана векъаначу стага, массеран йаххьаш тIехула бIаьрг а тухуш.

– Бевлла бац хир бу.

– Ой, Делан Къуръанор, хIинца-м Маккара хьаьжой бовлу хан а ма йу!

– Юсуп ву цу чохь хьехам беш.

– Мила ву иза?

– Соьлжа-ГIалара вайн коьрта къеда.

– Цо хIун дуьйцу?

– Хьанна хаьа, Iаьлбаг-ХьаьжагIар нажжазбеш хир ву-кх иза а.

– ХIай, дела ве и седа дуьхьал! И дакъаделла заIар дара кхyза кхачаза дисинаpг!

– Іaьлбаг-Хьаьжин хабар хезний шуна?

– Мичахь ву хаац.

– И цхьаъ воцург, массо а ДегIастанахь схьалецна, бах.

– Тешнабехк а бина, инарле дIабелла-кх…

– Гора, Iaьлбаг-Хьаьжа боху лом, йаI! И цхьаъ ваьлла-кх, мостагІчун кхолха гуо a хaдийна!

– Цo дуй ма биъна тIамехь кара ца ваха!

– Лецначех хIун хир ду-те?

– Шемал санна, Макка бохуьйтург хир бу-кх.

– Шемалан цхьа кIант вайн паччахьан инaрлa ву цa бoxy?

– Важа туркойн паччахьан инaрлa ву. Цхьацца паччахьна вохкавелла ший а.

– Вай, мисканаша, цIий Iенадо, уьш а, и дIо богIурш а чинехь лакхабуьйлу.

Векъаначу стеган бIаьргашца дIахьаьжначу Берсина гира майдана богIучу некъо гола туххучуxула гучубевлла береш. Ул-уллохь, воьлуш къамел деш, хьалха вогIура эла Эристов а, инарла Орца а. Цаьршинна тIаьхьа вара майор Мустафинов Девлат-Мирза а, шелахойн йуьртда прапорщик Боьршиг а. Уьш цигахула гучубовлу тергалбеш Iийча санна, маьждиг чуьра арататтабелира нах. Къехой, йуьстах а буьйлуш, цхьацца агIор дIахIиттира, йуккъехула шуьйра некъ буьтуш, ткъа бакх-баккхий цIейаxxана нах а, гонахарчу йартийн совдегaрийн лакхенаш а хьешашка маршалла хатта дуьхьалбахара.

Кегийрхошка а ца кхочуьйтуш, говpара охьаиккхинчу майоро Девлат-Мирзас, хьаьдда тIе a вaхана, луьйта а лаьцна, чувoссийра эла Эристов.

– Ларлуш хилалаxь, Николай Богданович, – Эристовгахьа вирзира Орца. – Хатт бу кхузахь. ХIара маьждиган хьалхе-м цIанйинeхь а мегар дара, Боьршиг.

– ВаллахI, ца баьхна-м дац хIара, Орца. Бехк баьлла-кх тхоьгара.

Хьешашна кIелхIитта мукъайаьккхира неIарна тIехуларчу лабанан кIело.

– ДІaдoлaдe вaй, хьан локхалла? – элира Эристовс, Орце дIа а хьожуш.

Девлат-Мирзас а, Боьршига а, цхьацца агIор а вирзина, маьхьарий туьйхира.

– ЛадогIал, нах!

– Эла Аьрсто ву вистхила лууш!

Byьшта а лохха къамелаш деш лаьтта нах дIатийра. Хьаьжайукъ а хабийна, нехан тобанна тIехула бIаьрг туьйхира Эристовс. Цуьнан багах дош ма-деллинeхь, хиира Берсина хьеший гIеххьачул «бохбелла» арабевллий.

– Ас доцца дуьйцур ду шуьга, нах, – тийсалуш вистхилира Эристов. – Арахьарий, чоьхьарий мостагIий отуш бу вай. Iовдалчу ламанхошна моьттура, Турцел нуьцкъала пачхьалкх дуьнен чохь а йац, англичанаша гIо а деш, цо Росси отур йу. Туркой, англичанаш, французаш, кхин, кхин а хIун йу? Россис хIупъаьлча, лаьтта тIера тIепаза йовр йара уьш. XIинца туркой лоьхкуш бу. Массо маьIIexь. Гена дац, гора а эгна, цара къинхетам боьху болу де. Вайн толaмeхь дакъа ду нохчийн бакъ кIентийн: цуьнан локхаллин инарлин Чермоевн, эпсарийн: Шамурзаевн, Мамаевн, Шериповн, Лаудаевн, бIeннaш мoгIaрaрчу бIaьхойн. Царна йукъахь бу шун шелахой а. Хастам хуьлда вайн турпалхошна!

– Ура! – мохь туьйхира уллохь лаьттачу майоро Мустафиновс.

– Уьрей! – дIаийцира Боьршига.

– Уьрей! Уьрей! – йукъ-йукъахь маьхьарий девлира хьалхарчу могIаршкахь лаьттачу молланийн, хьаьжойн, совдегарийн. Ткъа къехойн тоба, баганаш дIатегча санна, тийна лаьттара.

– Чекхдаьлла чоьхьарчу бунтаца дерг а. Туркошна гIоьнна гIевттина абхазаш тоххара дIатебина. Кхузахь, нохчийн лаьмнашкахь, даьлла ун даьржина ДегIастана а, Бакохула дIа а. Иза а орамашца бухдаьккхина. ТIилитІлахь a, CoгIратІлахь а дIалецна шиний областан мятежникийн баьччанаш. Царна йукъахь ву коьртачех шолгIа мятежник Іумма-Хьаьжа, цуьнан кIант Дада, Залмин Дада, махкатIхойн ТангIай, тевзанхойн Лорса-Хьаьжа. Амма уггар коьрта мятежник Іaьлбаг-Хьаьжа ведда ваьлла. Маршонехь бу цуьнан дуккха а гIоьнчий. Уьш маьрша а болуш, синтем хир бац Нохчийчохь. Уьш маьрша мел бу, биллина дIа кхерам хир бу шун бахамашна, доьзалшна, синошна. Цуьнан локхалло областан начальнико уггар хьалха шуна, шелахошна, тIеваийтинa co, шух дагавала. Шу даим a Iедална, цуьнан Воккхаллина Государь Императорна муьтIахь, тешаме хилла дела. Аш хIун олу, шелахой?

Хьалха могIара хIиттина нах ойла йеш ца Iийра.

– Оха аьлларг хьалххе дуьйна ца хаьа цуьнан воккхаллина? – вистхилира Боьршиг. – Сийлаxьчу паччахьна, цуьнан локхаллина областан начальникна, оха лоруш волчу хьуна луург дан гIерташ, тхешан бахамех а, синойх а довла кийча ду тхо!

– Нийса боху Боьршига! Иштта дIаала инарле!

– Тхан цIарах кехат йазде паччахье!

Iаббалц нах маьхьарий хьекха а битина, йуха а къамел долийра Эристовс.

– Дика ду, шелахой. Шун дош тоьу суна. Суна хетарехь, гонахарчу йартийн векалш а хир бу кхузахь?

– Бу! Эвтархой, курчалой, эгIашбатой, атагIой а!

Дехьо Берсина гуонаха лаьттачу нахана йукъахь резабоцуш гIугI доладелира:

– Хьовcийша, кхин эхь а ца хеташ, цара дуьйцург!

– Массо а йарташкара схьагулйелла йеккъа цхьа тIингарш йу-кх.

– Хьоло хьерабаьхна!

Чермоевн лере таьIира Эристов.

– Дисинарг ахь аьлча бакъахьа ду, хьан локхалла.

Орцас, шен дуьзина, зоьртала дегI а нисдина, йовхарш тоьхна, аз тадира.

– ХIан-xIa, нах, – дийкира цуьнан гIоргIа аз, – эло Эристовс дийцинчух шу кхетта, моьтту суна. Вайнехан кица ду, муьлхха а дов, толам, цхьаннах цIий а оьхуш, вукхунна шура а йогIуш дерзац бохуш. Наха цIий a Ieнoш, шайна шура йан луурш а бу вайна йукъахь. Иза а хир дац. Дера, туркошца тIаме а ма бахана вайнах. Дийнна полк. Цигахь цара даккхий хьуьнарш а ма гайтинa. Кхузахь Нохчмахкахь а, ЧIeбaрлaхь а даьржина зуламан ун хIаллакдеш дакъалаьцнарш а ма бу. Уггар хьалха шун шелахой а, гонахара йарташ а. Амма дукхахболчара моттаргIанаш а лелийна. Церан шалха цІоганаш дара. Цхьаъ – Iедална, важа – Іaьлбагна лестош. Ишттаниш ший цІога а хадийна буьсурий-те? Хаа деза вайна, кIентий, оьрсийн паччахьан Iедало ваьш маьршадаьхнийла. ТIeйуьйхинчу чордачу машин бедарша, гIордазо санна, догIмаш а цоьстуш лелла вай селхана а. Даа дацара вайн, тIедуха дацара вайн, боданeхь дохкура вай. Вайн халкъана серло, ирс дохьуш деанчу паччахьан Ieдaлнa мyьтIахь хила ца лууш, цунна дуьхьало йеш, иттaннaш шерашкахь тIом беш, нийсса ах хIаллакьхилла вайн халкъ. XIинца гой шуна шаьш? ТIeдуха а ду, тIом а бац. Туьканаш йу товарех йуьзна, хIусамаш а го дика. Шена дина дика цахуучунна дина вуон а

1 ... 170 171 172 173 174 175 176 177 178 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?