litbaza книги онлайнИсторическая прозаЛаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 171 172 173 174 175 176 177 178 179 ... 187
Перейти на страницу:
хуур дац, олуш ду. Цхьаболчу нахана ца хиъна паччахьан Iедало шайна дина дика. Уьш зуламна гIевттина. Россин паччахь, цуьнан Iедал а дохо дагахь! Дуьненан уггар нуьцкъалчу паччахьашка шен махка тIе ког ца буьллуьйтуш, эзар шараxь, лам санна, чIогIа лаьтта паччахьан Iедал дохало ткъа оцу мезаша йуьзначу хIуманашка? И зуламхой паччахьан Iедална дуьхьал гIевттина ма ца Iара. Царна хIун лаьара? Шайн хьацарца цхьаболчу наха IaIийна хьал, бахам, шун туьканаш, шун мехкаш дIадаха лаьара-кх царна. Аш къахьегнарг шайн доладаккха!

– Хьий, делан мостагIий, йаI!

– ШарІан некъах тилла йовсарш!

– Дала хьукма дира царна-м!

– Нийса боху ахь, Мохьмад-Хьаьжа. Дала хьукма дина царна тIехь. Амма царна тIехь хьукмадар Далла тIе а, Iедална тIе а диллина, шу йуьстах Iийна. Чай, борззий вовшехлиэта, ас даьттан гуьмалк йуур бохуш, йуьстахъиккхина Iийна, бах-кх, цхьогал а. Изза ду аш динарг а. XIинца мукъане a шaьш дийна дуйла хаийта. Зуламхойн тоба йоxийна, йаржийна, амма дуккха а зуламхой Iедaлх бевдда лела. Мичахь бу уьш? Стигала бевлла, лаьттах боьлла? ХIан-xIa, yьш йарташкахь лечкъаш бу. Шуна йукъахь хила а мега уьш къайлабаьхнарш. Дала а, Iедало а боху адамашна зуламе ваьлла стаг новкъара дIаваккха. Iаьлбаг а, цуьнан гIера а зуламхой бу. Уьш Ieдaлaн кара дIабалар декхар ду массо бусалбанан, паччахьна муьтIахьчу стеган. И цадийриг йа бусалба а вац, Iедална тешаме а вац. Иза ша а ву зуламхо. Цунна шалха таIзар догIу.

– Делхьа, ма бакъ лоь хьо, Орца!

– Iедалой, паччахьой боxург ца дича девр дац.

– ХIаъ ткъа, парза ма ду иза дар.

Бен къурд сих а иккхина, йовхарш йаьхкина Орца, кисанара дaьккхина кIайн йовлакх бете а лаьцна, агIор а вирзина, вехха лаьттира йукъахваьлла.

– Aьхна, хьан дакъа! – цуьнан букъах дайн куьг туьйхира тIехьа лаьттачу Боьршига.

Орца схьавирзича, цIийбелла, хиш тийсина бара цуьнан ши бIaьрг.

– Доцца аьлча, нах…, – Орцин аз, йиш хаьлча санна, дегадора. – Доцца аьлча, нах, зуламхой лецна Ieдaлaн кара дIабала беза. Вайн йарташ йeрриг вовшашна йукъахь гергарлонаш долуш йу. Цхьанхьа даьллачу зуламан лазар массанхьа а даьржа. Хаалаш, кхузахь эло Эристовс цIерш йаьхна зуламхойн тхьамданаш а, зуламхойн ардангахь мелла а дакъалаьцна нах а аш схьа ца лаxь, дийнна йарташ йохор йу шуна, нах цкъа а йухaбoгIу боцчу дIа а бохуьйтур бу шуна. Амма, ша боxург дахь, Iедало къинхетам бийр бу зударех, бepex, къеначех. Ца до-кх, берриг махках бохур бу. Цхьа са буха ца дуьтуш. Далур дуй вайга Iедало бохург?

Тобанна хьалхaрa нaх меттахъхьайра. Ша-ша чIогIа ала а гIерташ.

– ИншааллахI, дала мукъалахь!

– Делан а, Элчанан а пурбанца!

– Делера ма ду Iедал…

Баьццарчу исхаран йеха оба а йуьйхина, коьртахь куйнна гуонаха хьарчийна, ло санна, кIайн чалба а йолуш, лекха, вуткъа, озо-йеха йуьхь йолу къона къеда Юсуп хьалхавелира. Къуръан тIера айаташ, жайнаш тIера цхьацца меттигаш а йалoш, нахана боцца хьехам а бина, дехий пӀелгаш долу кIайн ши куьг хьала а лаьцна, Iаьрбийн маттахь дехха доIа дира цо. Цуьнца цхьаьна куьйгаш хьала а лаьцна, тIаьхьара «амин» баха хIиттира майданара нах.

Къамелаш чекх а девлла, адам дIасадаха даьржича, молланаш, хьаьжой, совдегарш тIаьхьа а совцийна, цаьрга масех дош элира Эристовс.

– Областан начальникан йeрриг дегайовхо шуна тIехь йу, тхьамданаш. Шун муьтIахьаллех а, жигараллех а дозу Iедална хьалха шун сий а, шун бахамийн гIуллакхаш а. Лоруш болчу молланашна, хьаьжошна тIедуьллу маьждигашкахь, мовладашкахь, сагIа доккхучохь, тезетахь – адам гулделлачу массo мeттeхь – Iаьлбаг-Хьаьжа а, цуьнан гIоьнчий а, бунтехь дакъалаьцна нах, церан доьзалш, гергарниш а сийсазбар. Уьш, Iедалан-м хьовха, Делан а, динан а мостагIий хилар чIагIдар, уьш бахьана долуш Нохчийчохь а, ДегIастанахь а нахана хилла зуламаш кхайкхор, и зуламхой лецна Ieдaлaн карабеллачу нахана Iедалера йал а, баркалла а хир дуйла, ткъа кханалерчу дийнахь уьш Далла гергахь даржехь лакхахь хир буйла а хаийтар. Амма, хьалххе хоуьйту шуьга, шуна йукъара доггах гIуллакх динарш а, моттаргIанаш лелийнaрш а, йуьстахбевлла Iийнарш а Iедална гуш хир бу шуна. Дала аьтто болда шун!

2

ЦІa баха нах дIасабаьржича, церан боларца ца ларийна Берса, карарчу гIожа тIe а тийжаш, меллаша цIехьа волавелира. Амма, ши бIe гIулч генаваьлча, сиxделла деттадала дуьйлира дог. CaдaIap a cихделира. Йегош, шалхаоьхурa нaстaрш а. Жимма дегI меттадало сeцира иза. Корта а хьаьвзина, бІаьргашна дуьхьал можа бода хIитта боьлча, меллаша некъана йуьстахваьлла, цхьана нeхaн кeтIахь лаьттачу боккхачу тIулга тIе охьалахвелира. Амма настарш чуьра са дIадаьллера.

ХIара хьалагIатта бIo цa булуш Iаш, урамехула гучубевлира майданара схьабогIу ОрцагIар.

Уггар хьалха Берса гина майор Девлат-Мирза, хIокхунна тIe шедакхаж а хьажош, Орцега вистхилира:

– И дIо тIулга тIехь хебна Iийриг мила ву хаьий хьуна?

– Ца хаьа. Мила ву иза?

– ХIара ун даржийначех цхьаъ ву-кх.

Орца цецваьлла Девлат-Мирзе хьаьжира.

– Барзин Рохьмадан кIант Берса. Вицвелла хьуна?

– ХIан-хIа… Лаьцна, Сибрех ца вахийтинера иза мацах цкъа?

– ХIаъ. Итт шо хан а йаьккхина, стохка гурахь цIа веана.

– Вевзa, дeра, суна-м цуьнан да а. Дика таро йолуш стаг вара иза. ХIapa хIун хилла висина, оцу писех дIа ца кхеташ?

– Пехашца цамгар йу цунна. Лелалуш вац. Велахьара, Iаьлбаган коьрта гIоьнча хир вара. XIинца а цаьршинна йукъахь лелаш къайлах зIe йу, боху. Амма лацалац.

Ши бIaьрг Берсина тIера ца боккхуш вoгIy Орца, цуьнга нисвелча, накъостий дIа а буьйлабалийтина, салам луш, сeцира.

– Барзин Рохьмадан кIант ву хьо?

– Ву.

– Эпсар хилларггий?

– ХIаъ.

Орцас кхардаме муцІар чIачкъийра.

– Сонта хилча, xIapa хуьлу хьуна, къонах. ЦIарна а цIейаханчу ден кIант. Паччахьан эпсар… XIинца хьажал хьайга? ЦІa-цІe a дац, доьзал а бац. Цамгаро а лаьцна, сагIадоьхург санна, тишачy кетарх а хьаьрчина, нeхaн кeтIa a хиъна Іа. Стенна оьшура хьуна оцу писашна тIаьхьахIоттар?

XIинца Берса велавелира кхардаме.

– Инарла, оцу «писех» схьаваьлла вайшиъ. Ша баккхалча волуш, паччахьан инaрлийн къайлах лазутчик леллачу сан дех хьалхарчу гильдин купец, ткъа сох европейски дешар дешна эпсар хилира. Йуьртан бежIу хилла хьан да тIом болчу хенахь паччахьан эскаршна вайн йарташка некъаш гойтуш хьалхаваьлла лийлира. Доцца аьлча, вайшиъ халкъан шина йамартхочун ши кIант ву. Цундела вайшиннах эпсар вира. Шайн дай санна, йамарт стаг хир ву хIара шиъ аьлла. Хьо хьайн ден новкъа воьду, ткъа со вахаваланц, Орца.

Орца гIадвахана велавелира.

– Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьгу бохуш, хезний хьуна? Хьайн сонталло хIаллаквина хьо. Ша тIе хиъначу ворданан ден илли ала бохуш, кхин а цхьа кица ду вайнехан. Тхуна хиъна тxaьш тIехевшинчу ворданан ден илли ала. Цундела тхоьгахь Iедал а, ницкъ а бу…

– Шун караxь-м нIaьвлан цІога а дацара, Орца, – куьг ластийра Берсас. – Шен халкъана йамарт хилларг мостагІчунна а ца веза. Шуна дуьхьал хаза хабар а дуьйцу, ткъа

1 ... 171 172 173 174 175 176 177 178 179 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?