Шрифт:
Интервал:
Закладка:
– Сох куьг ма Іотталахь, ас, диг тоьхна, корта батІор бу хьан! Хьан несалара со дІайаьлла, суна хийра стаг ву хьо. Некъ бита суна!
ОьгІазаллех буьзна, цІе санна, богучу Занун бІаьргаш чохь бохалур боцу сацам гина Асвад, кІилло йуьстах а иккхина, дехьа чу велира.
Мийра тоьхна неІ дІа а йиллина, арайаьллачу Зануна, лергашкахь дера шок йетташ, дуьхьалкхийтира Іаьнан тІаьххьарчу денойн шийла тІуьна мох.
Асвадан кертара арайаьлла Зану урамехь йехха лаьттира, ша мича гІур йу ца хуьуш. Хелипат дагайеара. Амма иза йуьртан дехьа йистехь гена йара. Цига дІагІерта дегІехь ницкъ бацара. Цхьа-ши цІа дехьа тоьли чохь Іаш долу бераш дагадаьхкира цунна. Царах воккхахволу кІант Решед дечке баханчохь цкъацкъа ЗанугІаьрца нислора.
И буьйса оцу берашна йуккъехь а йаьккхина, шолгІачу дийнахь
Іуьйранна хьалххе Хелипат йолчу йаха дагахь, шен мотт-гІайба ги
а тоьхна, новкъа йаьлча, ша хІун до а ца хууш, эвлал арайелира. ХІор а дІа тосучу гІулчаца дегІ гІелдала доладелира. Гира мохь беза бацахь а, амма кийрарчу балано, кІез-кІезиг саттош, букархьовзийра нийса букъ. Цунна ца хаалора цІеххьана тІеделха доьлла, раз йуьхьа дуьхьал деттало шийла догІа, дегІах чекхбуьйлу шийла мох. ДогІанах а ийна, беснешна тІехула комаьрша охьахьаьлхинчу бІаьрхиша хІоттийначу дахкаро долчу тІе а кхолийнера цунна и йочане де.
Урамехь дуьхьалкхеташ стагга а вацара. Массо а шен-шен хІусаме воьллинера цІемзачу дийно. Диттийн дерзинчу гаьннашна тІера охьалиэдара догІанан мела тІадамаш. Мотталора, уьш а шеца цхьаьна, къаьхьа бІаьрхиш Іенош, доьлху. Ткъа Зану хьалха дІайоьдура. Цо хІинца тергал а ца бора хатт, ца ларйора когара хІетталц ша леррина ларйина Маилах йисина хохолаш а. Иза хьалха дІайоьдура, амма стенга йоьду шена а ца хаьара.
Стенга гІур йара иза? Асвада ма-аллара, цхьа а вацара иза шайн хІусаме йаре сатуьйсуш. Вац цхьа а йуьртахо а, гергарниш а. Цхьа волу цхьа йуьртахо марваша Асвад а йамарт хили. Мичахь бу-те бисинарш? Ца хаьа. Хьаьнга балхо беза дагна Іаьткъина къаьхьа бала? Вац цхьа а.
«Вац цхьа а. Сайн нах лоьхуш, бІаьргаша йуьгучухула дІайахча? ХІан-хІа, тІаккха а гена гІур йац. Баттахь шозза вогІу комендант нохчашка куьйгаш таІадайта. Иза ван ши де бен ца дисина. Куьг таІо шена тІе ца йеача, цунна хуур ду хІара йедда йаханийла. ТІаккха тІаьхьа орца доккхур ду. Йа орцане а ца хьоьжуш, хьалха тІекхаьчначу милцочо йухайалор йу. ТІаккха, хан тоьхна, Сибрех йохуьйтур йу…
Зану, йуьртал ара а йаьлла, шакъаьстина лаьттачу гу тІе хьалайелира. Кхузахь нохчийн кешнаш дара. Дуьххьара дІавоьллинчу шинна-кхаанна гІевланга хІиттийна халла къаьсташ тІе цІераш а, терахьаш а йаздина шога тІулгаш дара. Жимма тІаьхьо беллачеран гІевланга йоьгІна ІандагІан дечкаш. Царна тІера йозанаш тоххара дІадайна. Ткъа дисинчу кешнийн гІевлангахь йоьгІна хІумма а йац. ТІе буц йала а кхиале, бицбелла оцу баьрзнашна кІел берш. Церан тІаьхьенаш дІайевлла, йа мацаллина Іохкуш йу. Белларш дагабогІучохь дац дийначийи хьал.
Кешнийн баьрзнашна йуккъехула хьийзаш йоьду иза. ГІевланга боьгІна гІамаран лоха тІулг а болуш, тІаламечу куьйгаша боккхачу безамца хьаьхначу кошан борзана тІехь соцу цуьнан ши бІаьрг. Цигахь дІавоьллина цуьнан хьоме Маил. Цунна тІейогІу иза даим а, шена бала базбелча. Кхузахь Маиле далхадо цо шен дог. Цуьнан бІаьргех Іенначу мелачу хиша кхиийна оцу кошан борза тІера йушанан корсам.
Зуда цкъа кошан гІевланга охьалахло, тІаккха, цхьа дуьхьало хаьддачу хих тера, цІеххьана мохь олий, барз мара а къовлуш, цунна тІейужу. ХІан-хІа, иза зударийн цІогІане йелхар дацара. Дуьххьара баьллачу маьхьарна тІаьхьа хезара беха узам. Шен садукъдала доьлча, логе ка а детташ, гІайри тІе тесначу чІеро санна, бага а гІеттош, йуьхь сенйелла, халла сауьйзура цо. ДегІера ницкъ эшар дара а хаац, йа йелхаро дог хьаийна дара а хаац, амма зудчун йелхар, тІаьхь-тІаьхьа лагІлуш, эххар а дІатийра.
Йакъайеллачу баца тІе деттачу догІано кІеда татанаш дора. Ши бІе метр бен гена йоцчу школехь бехха горгали бийкира. Цуьнан зов дІатен а кхиале, зевне маьхьарий а детташ, школа чуьра арахьаьлхира бераш. Амма Зануна уьш цхьа а гуш а, хезаш а дацара. Цунна ца хаьара, школина уллохула ша тІехйолуш, корах арахьаьжначу Николай Кузьмична ша гинийла а, тІаккха, араваьлла иза, шена тІаьхьахьоьжуш хІоьттина лаьттинийла а, хІинца иза, Іасанна тІе а тийжаш, оцу догІанехула кешнашка хьалагІерташ вуйла a…
«Маил, сан хьоме Маил, ас хІун де-те? – бохура Занус шабаршца ша-шега. – ХІунда ца йели Дала вайшинна цхьаьний Іожалла? Гой хьуна со, цхьаъ бен воцчу хьан маьхчин йамартлоно ара а йаьккхина, тІетовжа верас воцуш, кху доьхначу дийнахь хьо волчу йеана? Деле со йехахьа, Маил, дІайигахьа со кху къизачу дуьненара.»
ЦІеххьана цуьнан даг чу иккхира воккха стаг Іабдул-Іаьзам. Цхьамма цуьнан цІе йоккхуш, ша цунна тІехьоьхуш санна хетаделира цунна. Меллаша хьала а нисйелла, куьйгех летта хьаьрса поппарш а ца гуш, уьш бистинчу бІаьргех а хьаькхна, шен йуьхь мажйира цо. Воккха стаг дагавеача, цхьабоккха мохь шен гира охьабоьжча санна, сапаргІатделира цуьнан. Ша а цецйуьйлура иза хІинццалц шена Іабдул-Іаьзам дага ца варах. Иза ма ву дан амал доцуш кІелвисинчун гІо деш. Цуьнан гІийлачу хІусаме ма йоьду хІинца Зану санна, массарех хаьдда йисина зуда, байлахь дисина бер. Зударийн гергарниш лоху, бераш, Іедалца гІайгІа а бой, берийн цІеношка дІало. Зануна дуккха а ма хаьа цо дина дика гІуллакхаш. Иза тешна йара шена и нийса некъ Маила гайтина хиларх.
Оцу ойланаша дІалаьцна Іачу зудчун белша тІе цхьамма дайн куьг диллира.
– Ахь хІун до, Зану, кху доьхначу дийнахь кешнашна йуккъе а хиъна? –кІеда-мерза бехкашдаха вуьйлира иза. – Бистина ши бІаьрг, хотташа йуьзна йуьхь, ткъазйевлла бедарш. XIaн-xІa, кхузахь цІанлур йац хІорш. Йало, дІога татолна тІе а гІой, хьайн йуьхь-куьг дила.
Зану, дуьхьало ца йеш, йист ца хуьлуш, татол долчухьа дІайолайелира.
Шена хьалхарчу коше леррина хьежа хІоьттира Николай Кузьмич. Цунна шера девзира Маилан каш. Шина фронтовикна, шина заьІапхочунна йукъахь чІогІа гергарло тасаделлера цига нохчий балийначу дуьххьарлерчу деношкахь дуьйна. Амма цунна ца хиънера Маил цомгаш хилар а, иза дуьххьалдІа мацалло кІелвитина хилар а. Цунна ца хиира иза вала воллучу хенахь а. Маил дІавуллучу дийнахь нахаца цхьаьна кху кешнашка веара Николай Кузьмич, амма, баккхийчу нахана ша кешнийл чоьхьаволийла ца лаьийла а хиъна, арахьа сецира иза.
– ХІаъ, доттагІ, декъаза хили хьан Іожалла, – элира цо, доккха са а даьккхина. – «Даймахкехьа! Сталинехьа!» бохуш, шийла автомат хьалха а лаьцна, фашисташна тІе хийла атаке ихна хир ву-кх хьо. Иштта – эзарнаш нохчийн кІентий а. Мила ву-те хьуна а, хьан жимачу халкъана а бохамна харц дош аьлларг? И хаттар ахь дукхазза а дира соьга. Ткъа суна ца