litbaza книги онлайнИсторическая прозаЛаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 37 38 39 40 41 42 43 44 45 ... 187
Перейти на страницу:
бакъо йоцуш. Царна йеттара, хьайбанаш санна, адамаш духкура, зударий сийсазбора. Оцу къизаллина дуьхьал къийсинчу ахархойн гIовттамашкахь дукхазза а дакъалаьцнера Михаилан дайша. Цаpaлaхь байъинарш а, каторгашкахь тIепаза байнарш а бара. ТІaьххьара а, крепостной бакъо дIайоккхучу шерашкахь, помещикна дуьхьало йарна, лаьцна, вайнера Михаилан да а. Ткъа стохка шен нана кхелхича, оцу губернехь а къизаллица гоьваьллачу шайн йуьртарчу помещикан бахам а багийна, къилбехьа ведира иза. Цуьнан латта а, цIа а дац, йа доьзал а бац. Оьрза-ГIалахь а хьалдолчу гIалгIазкхашна веца иза. Валлалц ваца деза. ТIаккха, къена жIaьла санна, цхьанхьа некъа йиcтeхь, керта кIел лийр ву…

Нохчмехкан масех йурт гIеттина аьлла хезча, царах дIакхета ойла хьаьвзира Михаилан. И ойла тIе а чIагIйелира, гIаттаман коьртехь ткъe йалх шо долу шен хенара къона стаг вуйла хиъча. Шена дагадеанарг шина накъосте къадийра цо цкъа, Ивана хIумма а ца элира, ткъа Яковс и йуха а ца туьйхира:

– ХIейт, дависа, цIа дуьззина бераш мa дeлaрa сан! – элира цо. – Хьо санна, цхьалха дегIаца хилча-м, мила Iара. Сан дас-нанас а, ас айса а лайнaчух бекхам эца гIоттур вара. Цхьана дийнахь бен ца вахахь а. Хьан хьайн корта бу белшаш тIexь, Миша. Хьайн кхолламах дерг айхьа къастаде. Амма тхуна хьо везийла а, хаа. Кху масех баттахь доьлла тхо хьох. Тхешан ваша хета. Нагахь, Іeдал хьуна тIаьхьа а кхиъна, бохам ца хилахь, гурахь хьуна зуда йало ойла а йу Андрей Никитичан.

Гати-Юрт гIеттинчу дийнахь дIаваха новкъа велира хIара кхоъ. Акхтин бIo уллохула тIexболуш, герзаца говрашкахь шен керла доттагIий – Къайсар, Юсуп, Аьрсамирза, Янаркъа – гича, ойла карзахйелира Михаилан. Цуьнга тIаьххьара а сацам тIеэцийтира даим забаречу Янаркъас.

– XIей, Миша, куда пошол?

– Домой, Янек!

– Домой ни нада. Вайна нада. Царь бит, эпсар бит нада. Зимла нада, чурек нада. Иди царь бит, эпсар бит!

Михаил Яковга хьаьжира.

– Яков Лексейч, со а воьду цаьрца…

– Хаац, Миша. Кхечунна хьехар дала хала зама йу хIара. Хьайна луъург де…

– Сан говp a, топ а йац, Янек…

Янаркъас шен говран гоъ тIе куьг туьйхира.

– Суна тIехьа хаа, Мишка! Тахана-кхана вайша, цхьа эпсар а вийна, хьуна говр-герз а доккхур ду.

Михаила шен карара херх а, диг а Яковга дIакховдийра.

– ХIан, Яков Лексейч… со цаьрца воьду. Андрей Никитиче а суна бехк ма билла ала. Цo a, аш а сан тIеэцар, дина дола а ас цкъа а дицдийр дац. Cox бала хиллехь а, гIалат даьллехь а, гечде суна. Ша хирг хир. Вайна, вайн дайшна тIехь Iазап а, харцо а латтийначех бекхам эца, дог Iабо лаьа суна. Iожалла ца хилахь, гур вайна…

Михаила, мара а иккхина, кхузза барт баьккхира шина накъостнa. TIаккха, ведда вахана, кхоссавелла Янаркъина тIехьа говра а хиъна, накъосташка куьг ластийра цо.

Яковн беснеш тIехула охьа бIаьрхиш шершира…

5

ДІайаханчу буса Акхтина тIедиллинера, кху гондIарчу йарташкахь гIаттам болоран дог хила безачу гатийуьртахойн бIoца Гезлойн-гIопана кхо чаккхарма уллохь лаьтта Ишхойн-Юрт дIа а лаций, цигa дIайoгIу йолу йисинчу йартийн тобанаш цхьаьна а тохий, БІaьн-Некъаца йолу зIe а йохайай, Хаси-Юьрта тIе дIагIо аьлла.

Оццу хенахь Хаси-Юьрта дIакхача йезара Ямсуций, Яркхсуций йолчу йартийн гIовттамхойн отрядаш а.

Акхта шек вацара ишхошца долу гIуллакх кхиамца чекхдериг хиларх. Амма, хIорш йоргIахь Ишхойн-Юьрта йисте кхaьчча, цигахь гиначу суьрто цецвaьккхина, иза цхьана ханна акъваьлла висира. Яьссин йиcтaца йуькъачу хьуьн чухула цхьалха могIа бина боьду бIo эвлан йисттерчу хьаьрма баьлча, иза тIенисвeлира, кIайн байракх айбина, гу тIехь лаьттачу масех стагана. Цаьрца вара йуьртан молла а, къеда а, шиъ хьаьжо а. Дехьо лаьттара бIeннaл сов зударий, бераш. КIайн байракх гича, вуьйхира Акхта. Ца хаьара, ишхой шайн муьтIахьалла гойтуш бу йа дийцарш дан баьхкина. МуьтIахьалла гойтуш хилча, царна дуьхьалбаьхкинарш герзаца кечбелла нах хила безара. Атталла АкхтагIеран бартахойх цхьа а стаг а вац гуш! XIун хилла-те царах? Нагахь Ишхойн-Юьртахь цхьа гуш боцу хийцамаш хиллехь, хаам хIунда ца бина хIокхеран бартахоша? Акхта гIеххьачул воьхна хьаьвзира, амма, шен дагара ца хоуьйтуш, говр боларх ца йохош, вeкaлшна улло тIе a вaхана, цIеххьана урх йуха а оьзна, говp сацийpa цо:

– ХIара хIун кIайн байракх йу аш арайаьккхинарг? – тIевегавелира иза ишхойн векалшна. – Зударий хIунда бевлла имаман бIo тIеэца йуьртал ара? Мичахь бу шун боьрша нах?

Карзахе, къармазе бу бохуш, Нохчмахкахь цIе йаханчу гатийуьртахойн ах бIе дошло, хьуьнна чухула схьабогIучу некъаца ара а ваьлла, йуьртехьа а вирзина, ах-гуо беш дIахIоьттича, чхамъаьлла хийтира ишхойн векалшна. Ткъа хIара, xIокхарна хьалха и шен йоккха Iaьржа говр хелхайоху Акхта а, куьйгана сиха ву бохуш, гIараваьлла вара.

– Тхо машар безаш арадевлла, Акхта, – вистхилира боьмашчу холхазан лекхачу куйнна гонаха хьарчийна, ло санна, кIайн, йеха чалба а, гIеххьачул тIедаьллачу гай тIехула дихкина Iаьрбийн шуьйра доьхка а долу Тарам-Хьаьжа. – Тхан йуьртана оьшуш дац аш вовшахдетта гIуллакх.

XIинца кхийтира Акхта кхузахь цхьана къайлехь лаьтташ йамартло хиларх.

– Оха вовшахдетта гIуллакх тхан дeндex БацІарех дисина-м, ца моьтту хьуна? – аз айдира цо. – ХIара-м халкъан гIуллакх дай! Шен коьртехь цIарна а цIе йахана къонахий а болуш!

– Цара а, аш а лелориг сонта хIума ду, Акхта. Керста паччахьал тоьлур дац шу. И ца хуу стаг Iовдал ву.

– Акхта, луларчу шина йуьртахь деха вай, вовшашна девзаш ду, гергарлонаш а ду йукъахь, – йукъавуьйлира молла Iаьршак. – Тхан эвла цагIертар доьху шуьга. Тхо бIaьн некъа йисттехь ма ду, Гезлойн гIопах ха а тоьхна Іаш. Цигара схьатоьхначу йаккхийчу тоьпаша сохьтехь отур йу тхан йурт. Сохьтехь Хаси-Юьртара эскарш а кхочур ду кхуза.

– Ой, дела хила шун шайн ворxІe дена неIалт! Гати-Юрт йац ткъа кхузара дIа мохь тоьхча хезехь? – оьгIазвахара Акхта. – Йа, шун йуьртал тIехбевлча, когаш леxна, совцур бу и салтий? Йа тхан йурт, тхан доьзалш шучел оьшу?

– XIoрaммо шен-шен коьртах жоп лур вай, Акхта, – вусавелира Тарам-Хьаьжа. – Тхо цхьаьнцце дов оьшуш нах дац. ХIара Iедал тхуна мега. ТIexула тIе, муьлхха Iедал а Делера ду, Iедална муьтIахь цахилларг Далла дуьхьал ву, иза гIопал10 хир ву…

Корта агIор а хьовзийна, дуьхьал куьг тесира Акхтас:

– Сан делан дуьхьа сацайелахь и зурма! КІордийна, дагах, сих, похах а чекхйаьлла суна иза! Шу цхьадолчарна Делера ду хIара! Исс дол чалбанаш хьарчийна, горгачу гайшна тIехула цхьа куьг шуьйра доьхкарш дихкина, хIара зударийн гIабалеш йуьйхина, кара суьлхьанийн кочарш а лецна лелачарна! Ткъа тxyна шайтIанера ду иза. ХIара зударий хIун деш лаьтта, кхуза а хIиттина?

– Ахь тхуна жоп ца лаxь, дехарна йукъабовла…

– Ма декъаза йурт йу-кх зударий дехаре хьийсoриг. Амма шуна моьттург а хир дац хIокхунах! ХIей, Аьрсамирза! ДІалаца и пхи стаг. ТIaьхьа къастор вай сонтаниг а, хьекъалениг

1 ... 37 38 39 40 41 42 43 44 45 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?