Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Яндаркъехь хилла дов Овхьада дийцинера Iелина. Троицки станицана уллохь вийна карийначу цхьана гIалгIачунна тIехула йандаркъошний, гIалагIазкхашний йукъахь кхийсарш йуьйлаелча, шиний агIорхьарчарна орцахбевлла гIоьнна баьхкинера гондIарчу йарташкара гIалгIай а, станицашкара гIалагIазкхий а. TIом болабелча, шайна ницкъ хила боллийла хиъначу гIалгIаша дов къасто а, шайна йукъахь машар бан а эскарш дехнера. Царна хаьара, бехкенаш гIалгIазкхий белахь а, цаьргахьа а даьлла, Iедало шаьш бехке дийр дуйла. Шеца пулеметийн рота а йолуш, гIашлойн батальон а, гIалагIазкхийн, кхо бIе дошло а волуш, схьакхаьчначу отрядо, довхошна йукъахь машар баран меттана, Яндаркъа йохийра. Дуьйцура, ткъех гIалгIа вийна, дукханна а чевнаш хилла, дуккха а даьхни дайъина, цIенош а дагийна, дуккха а доьзалш эрна арахь а бисина бохуш.
Ткъа дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIаларчу базарахь гIалагIазкхаша а, салташа а нохчашна тIехь хIоттийнчу акхараллин дийна теш вара цигахь йиттина сакхат а вина цIа валийна Янаркъа.
– Иттех шо хьалха, кIотарш а йохош, цкъа цигара нохчий дIабехира Iедало. Нехан цIенош вовшах а дохуш, мегаш болу гIирсаш гIалагIазкхашна боррах дIабухкура, ткъа пайде боцург, цIe а тосий, багабора. Гонаха салтийн ха а xIоттина, хьаладалийра тхо. ХIетахь сан аьтто хилира тхайн цIенош дийна дита. Тхан хьешаша, гIалагIазкхаша, тхан цIенош шаьш мах белла эцна, элира Iедале. Цхьа хан йаьлча, и гIуллакх дIатийча, цига йухаверза ойла йара сан. Кхин ваха меттиг бацара. Хала-м дера дара цигахь. Нохчаша шалха налогаш токхура. Шаьш гуттаренна а дIайазбинчу йарташкахь а, цигахь шаьш цхьана ханна бехаш болчохь а. ХIетте а, хьалавеана, кхузахь цхьа шо а даьккхина, тхешан доьзалшца йуха а цига дIавахара со. Шина гIалагIазкхичо, цхьа хьостам а гал ца болуьйтуш, лардинера тхан цIенош. Ши-кхо шо а делира Iедало тхуна новкъарло ца йеш. Цхьа хаза бахам а тарбеллера тхан. Даьхни а IаьIира. Биъ сту а, кхаа шаре йолуш шиъ старгIа а, биъ йетт а, цхьа говр а йара тхан. Деле тхаьш лардар а доьхуш, ма-хуьллу Iедалх а къехкаш, дийнахь-буса а бохург санна, къахьоьгура оха. Амма диъ шо хьалха цигара кIотарш йуха а йохо йолийра. Сан хьеший мел дика хьийзарх, хIинца цаьрга а ца ларделира тхо. ДогIанаш, ткъевнаш йолу хан йара иза. Оцу доьхначу некъашкахула хьалакхалха ницкъ бацара тхан. Кхораш санна, кегий бераш дара шина а кIентан. TIе, Теркана ша баллалц цигахь дитахьара бохуш, оха а, тхан хьешаша-гIалагIазкхаша а дехарш деш, Iаьнна кIел дахара тхо. Дуьххьара ло ма-диллинехь, шеца герзашца гIалагIазкхий а балош веанчу йуьртдас, цигахь атаман олу цунах, кхо де далале кIотар дIа ца тасахь, шаьш цIенош дагор ду, элира тхоьга. Цара къинхетамза иза дийр дуйла, хаьара суна. Иза дина меттигаш дукха йара. КIелхьардовла цхьа а некъ бацара. Тхешан сал-пал стерчийн шина салаза тIе а йоьттина, тIехула тIе бераш а ховшийна, болх Далла тIе а биллина, новкъа девлира тхо.
Мусхас дуьйцучуьнга ла а доьгIуш, цуьнан тоьлане бIаьрг беттара Iелас. Схьайиллина разйаьлла кхозучу неIарехула дIахьаьжча, поппаран маьнга а, цунна тIехь йаржийна тиша кетар а, сонехь хIоттийна берданга а гора. Арахь, кхо тIулг а хIоттийна, бинчу кхерча уллохь бертал тоьхна Iуьллура тIехула кIуьрзан кховр лацаделла чуьйнан горга йай а, тIехь сискал йатта тойина тIулган йуткъа экъа а.
– Жимахволчу кIентан кIант сайна тIехьа говра а хаийна, даьхни лаьхкина хьалха вогIу со, суьйранна Теркана гергагIоьртича, шина кIанте дохне хьажа а аьлла, гечо лаха хьалха дIaвaxapa. Теркан йистонца дIасаваьлча, ша тIехула дехьайаьллачу берзан лар карийра суна. ТIехьа хаийна жима кIант а волуш, говрахь ша тIехула цкъа Теркал дехьа а, йуха сехьа а ваьлла, шан чIогIалла зийра ас. Буто бацахь а, тоъал чIогIа бара иза. Ша мела хилча, борз йер ма йацара цунна тIе. Со цигахь лаьтташ, салазаш а тIекхиира. Салазаш тIейахале, йуха а цкъа ша зерхьама, даьхни хьалха а лаьхкина, дехьавелира со. Ша ца кагбелира. Сехьадовла аьлла, со волчуьра дIа шина кIанте куьг а ластийна, нацкъар дIахьаьддачу старгIина тIаьхьа говр хаьхкина воьдуш, тIе цкъа цхьа хIума эккхаш санна тата а, тIаккха цхьа Iадийна маьхьарий а хезира суна. «Дада, ша кагбелла!» – мохь белира суна тIехьарчу кIентан. Йухахьаьжначу суна гинарг ма гойла сан мостагIчунна а… Йоккха йукъ дIалаьцна кагбелла ша, тIедаьлла буркъаш туьйсу хи. Чуханашца тIе йалта чохь долу галеш къевлинчу салазаша хи буха ийзош деттало стерчий. Шайн нана а, бераш а кIелхьардаха гIерташ, бIарзвелла хьийза ши кIант. Сайн кадаьлларг кIелхьарваккха, вагийча санна, дIахьаьдира со. Мичара! Со тIекхачале и шийтта адам а, биъ сту а, ши салаз а дIа а хуьйдина, жижигах дуьзна там хилла экха санна, буркъаш туьйсуш, керчаш дIаоьхура буьрса Терк…
Мусхас шен къамел сацийра.
– Ткъа и висина кIентан кIант вуй хьоьца? – хаьттира Iелас.
Мусхас доккха садаьккхира.
– КхидIа дийца гуттар а хала ду, Iела. Цундела сацийра ас сайн къамел.
Макхйелла, хьацар тоьхна, гIайгIано хьарчийна цуьнан йуьхь тера а йацара цхьа сахьт хьалха Iелина гинчух.
– Цкъа ойла хилира сан, Терка чу а иккхина, велла дIавала, – цхьа хан йаьлча кхидIа дийца вуьйлира Мусха. – Нека хууш а воцу, тIехула тIе, къена со, хи чу ваьлчахьана, велла ма вара. Iожалло бен йойур йацара сан кийра боттуш кхерста цIе. Айса со а вийна, и инзаре доккха къа а, эхь а тIеэца сацам хилира сан. Ша тIе а даьлла, даьржинчу хи чухула со дIавоьдуш, хIун дара а, хаац, цIеххьана йухахьаьжира со. Воьлхуш йиш хаьлла, ша-шех кадетташ, хийистехула дIасауьду кIант гира суна. ТIаккха цIеххьана, сан дагара хиъча санна, ши куьг хьалха а кховдийна: «Вай, дада, со ма витахьа», – аьлла, шийла мохь хьаькхна, ша тIехула гомха долчу хи чухула суна тIаьхьахьаьдира иза. Оцу маьхьаро ойла йайтира соьга. Хилларг хилла ма даьлла. Оцу шийттанна тIаьххье со ша кIел хи чу эккхарх, нисдала хIума ма дац. ХIара буо сол тIаьхьа дола дан верас воцуш ма дуьсу. Хиллачу бохамах кхетча санна, маьхьарий хьоькхуш, Iоьхуш хьийзара даьхни а. Со шена тIевеача, къаьрззина соьга а хьоьжуш, кIегаргIертара кIант. TIaьxьa xиира суна, и цецваьккхинарг хIун ду. Цхьа сахьт хьалха Iаьржа хилла сан кортий, мажжий, ло санна, кIайделлера. Чу алу йоьхкича санна, кийра богура. ХIун дан деза ца хууш, корта хьере хиллера. Орца ала гергахь йурт а йацара. Орца кхаьчча а, цо хIyн меттахIоттор дара? Ша кIел дахана шийтта адам денлур дацара, гIоьнна дерриг дуьне деача а. Декъий схьакарорга дог дохийла а йацара. Буьйса тIекхечира. Жимма са меттадеача, даго цхьа некъ а хьоьхур бацара-те