Шрифт:
Интервал:
Закладка:
– Господин подполковник, сацайе и къизалла! – катоьхна пхьарс лаьцна, шегахьа хьовзийра цо иза.
Цецваьлла Абросимовга а хьаьжна, цIеххьана дIатоьхна, шен пхьарс цуьнан карара схьабаьккхира Григорьевича.
– Хьуна хIун оьшу, господин Абросимов?
– И къизалла сацайайта!
– XIунда?
– Стенна бехке бу и мисканаш?
– Господин Абросимов, сайн тIеман декхар кхочушдан вита со! ТIетоха! – куьг охьахийцира цо.
– Эхь… Эхь ца хета хьуна?! – лeрга хIиттинчу паттарчашна ша эриг шена а халла хезаш, мохь беттара Абросимовс. – Адамалла а, къинхетам а бац хьоьца?
– Йуха а боху ас хьоьга, сайн тIеман декхар кхочушдан вита со! – човхийра иза Григорьевича.
– Бехке доцу адамаш дайъар тIеман декхар ду ткъа? Хьуна хьан бакъо йелла?
– Mа кхералаxь, и бакъо йала йеззачо йелла суна!
– Оцу йарташкахь къена нах, зударий, бераш ма ду! Оьрсийн гepзaн cийнна эхь до ахь!
– ХIаъа… Кхузахь хIара ас дуьххьара а, тIаьххьара а деш дац. Хьалха хиллачаьрга хьаьжча, ас дийриг берийн ловзар ду.
Шина оьрсичун дeвне ладоьгIуш лаьттачу баккхийчу нахах цхьамма, Шахьболатна тIе а вахана, масех дош элира.
– Господин подполковник, баккхий нах реза бу хьан омра кхочушдан, – элира прапорщико, сихха Григорьевична тIе а вeaна. – Ахь йаккхий тоьпаш совцайахь, шаьш, йуьрта а дахана, нах вовшахтуху, боху…
Подполковникан мочхалш делакъежира:
– Toxxapexь аьллехь иза. Гирий хьуна, господин Абросимов? Бетах хIума тохаро бен къар ца дой хIара хьайбанаш-м. Сацайе цIе! Дика ду, господа разбойникаш. Шуьца йуьрта йогIур йу гIумкийн милицин отряд. Шуьга ла ца доьгIнарг цара бIaьрнегIар тохaле бертавалор ву шуна. – ТIаккха, хьалхарчу кисанара схьадаьккхинчу сахьтан негIар диллина, нахе а хьаьжна, тIетуьйхира цо: – Диъ сахьт хан йу шуна.
XIV корта. ДОТТАГIИЙ, МОСТАГIИЙ
(Абросимовн йозанаш)
Машар лойша Кавказна… Ма леxийша
Евфрата тIехь дуьненaн йалсамани…
Иза-м кхузахь йай, кхузахь.
А. Бестужев-Марлинский
1
1877-чу шеран 28-гIа апрель
Сан ирсана йа дакъазаллина, хIара гIаттам болалуш Нохчийчу нисвелла со. Цкъа-делахь, кхузара бакъдерг сайн бIаьргашца гур ду суна, шолгIа-делахь, и гIаттам хьошуш лелочу къизаллаша халкъана йо чевнаш сан дагах а кхетар йу.
Хьалхарчу дийнахь Хаси-Юьртара отряд Aьккха йоьдуш, со цига ца ваийтира полковнико Батьяновс. Сох тeшaм байна кхyзахь. «Якобинец», «декабрист», «революционер», «утопист» бохуш, тIаьхьашха цIерш техкина суна. Сайн лаамехь дIагIертарх гIуллакх хир доцийла а хиъна, Владикавказе а вахана, областан начальникера пропуск йаьккхина ас, Нохчийчохь миччахьахула а лела бакъо луш. Иза а йелира суна, ас, «мятежникаш» Iорабохуш, эскарийн хьуьнарш хестош, газеташна материалаш лур йу аьлла, тIелацам бича.
Цкъа а ас дендоцург!
Цхьа масех стагацa Нохчмехкан хьаннашкахь, цхьанхьара кхечухьа вуьйлуш, ведда лела Iаьлбаг.
ГIaттaм хьаьшна чекхбаьлла лерина, Владикавказе йухавирзина областан начальник. Амма Нохчийчуьра дIа цa вaьккхина цхьа а салти.
Цигахь дан дуккха а гIуллакхаш дисина. ТаIзарш, йарташ йагор, гIуданаш дахар, нах лецар, уьш шайн махках бахар. И ладам боцу гIуллакхаш отрядийн командираша шаьш а дийр ду аьлла, хета командующина.
Iаьлбаган гIуллакх долийчахьана дуьйна а дара шекoнexь. Амма иза оццул сиха чекхдер ду ца моьттура суна а. ГIаттаман эшам сихбира Нохчийчоьнан чоьхьарчу хьелаша.
ХIара ламанхой, царалаxь къаьсттина нохчий, инзаре бодане адамаш ду. МогIарчу бIaьхойх къастам бац гIаттаман тхьамданийн. Iаьлбаг шa Ieлaмча ву, боху. Амма хIун ду цо Іaмийнарг? Динан Iилма. Ткъа динан Ӏилмано, вайна ма-хаъара, мелхо а, стаг бIаьрзе во.
Дависарг, ах мукъане а дешна белхьара! ХІокхеран бeрриг а кхетам бIaьргашний, лeргашний чохь боллу. Шайна гинарг а, хезнарг а бакъ хета, и шайна хьалха гуш дерг бен дуьне довзац.
Byьшта, оьзда а, майра а къам ду иза. Нохчашна шайнна йуккъe херонаш йоьхкина цa Ia кхузара Iедал. И цамгар-м, дарба лелийча, йерза а тарлора.
Оьзда а, майра а къам ду, амма корта бац.
ХІокхеран эшамийн коьртачу бахьанех цхьаннан гайтаман сурт дара масех де хьалха Шелахь хІоьттинарг.
Хийрачу олаллина дуьхьал къийсамна гІеттинчу муьлххачу а къомо, шен дог дой, билгалйоккху цхьа шахьар. Цигахь цхьаьнахоттало къоман маршонехьа къийсаман дерриг пхенаш. Цига гулло оцу къоман хьекъалан, хьолан, культурин заза.
И Шела шайн къоман дог лорура нохчаша.
Амма иза аьттехьа а ца хиллера. Схьахетарехь, хІокху къоман къармазале амалш хууш, меттигерчу Іедало хьалххе дуьйна тиддера оцу дагна тІедоьлху пхенаш. Йа, вуьшта аьлча, Шелах Іедална муьтІахьчу адамийн бен кхоьллинера.
Муьлш бара гІовттамхошна Шела дуьхьалйаьккхнарш? Нохчийн эпсарш, совдегарш, мехкадай, динан дай.
Адамаллин исторехь закон хилла схьадогІу, муьлхха а халкъ хийрачу олаллина дуьхьал гІеттича, оцу боламан коьрте къоман хьекъале адамаш хІуьттуш: Іилманчаш а, эпсарш а. Іилманчаш хІокхеран бац, ткъа ЧермоевгІар, МустафиновгІар, ЧуликовгІар, СаралиевгІар, кхин а, кхин а уггар хьекъале, кхетаме бу боху нах шайн халкъана дуьхьалбевлла.
Шайн халкъера Іазап, цунна тІехь латто харцо а ца гуш, бІаьрзе бу-те уьш? Йа халкъан лехамаш нийса ца хета-те царна?
ХІан-хІа, иза а, важа а дика хаьа оцу господашна. Амма халкъан кхолламал йеза а, гергара а йу царна шайн цІокарчий.
Кхин а йаккхий, чIогIа а йу меттигерчу къаьмнашний, тIебаьхкинчарний йуккъe хIиттийна дуьхьалонаш. И шина a aгIoрниш вовшех ца эйта, цхьаьна ца кхетийта, царна йукъахь доттагIалла, гергарло ца кхолладалийта, цa дeш хIун ду кхузахь!
ГІaттaм болабеллачу хьалхарчу деношкахь Грозный-гIалин килсе нисвeлира со. Веза Дела, ма доккха эхь ду-кх оццул тIех aьшпаш боттар! ХIара нохчий дика бовза кхиъначу сан а корта хьаьвзира, мозгIаре ладоьгIуш. Доцца аьлча, нохчех каннибалаш12 бира цо. Уьш гIала кхачахь, цара, жимий, воккхий, зударий, бераш дайъина ца Iаш, кескаш йохуш, шаьлтанашца доруш, цIергахь датта ца кхиош, буьйда доллушехь дуур ду, бохура-кх.
ТIaьххьара а, жимма кIаддира цо ша дуьйцург. Мотт ца хуу некхехь долу бераш ца дойъуш дита а мега, уьш бусалба дине дерзо, элира.
Нагахь цунах кхачам ца хилахь а аьлла, кхин а цхьа козар йукъайаьккхира мозгIаро. Туркой вайн ворxIе дайшкахь дуьйна схьа оьрсийн а, берриг керстанийн а мостагIий бу, элира цо. ТIаккха Инжилна13 тIера дустарш далийра. Доцца аьлча, и туркой хилира каннибалаш. Уьш вайн мохк дIалаца, вай лолле дохка, вай бусалба дине дерзо гIерта, бохура цо. Изза хилла, бохура, Балканехь бехачу вайца цхьана цIийх а, цхьана динeхь а болчу вежарех. Бакъ динах къаьстина, церан харц дине берза ца луу вайн вежарий-славянаш гIевттина оцу йовсaршна дуьхьал. Тахана церан цIий Iенадо туркоша. Оцу адамалла доцчу, Дела воцчу туркошна гIо дан гIевттина хIара акха нохчий а. Тахана нохчашна дуьхьал гIеттинчо