Шрифт:
Интервал:
Закладка:
ДуьххьалдIа вайн историкашний, этнографашний лаац церан гIиллакхаш цивилизованни халкъийн гIиллакхашца дустуш гайта. Алал соьга, оьздангаллина стенца лакхаваьлла европейски ахархо, адамийн бакъонех хадийна дакъаза ваьккхинчу нохчочул? ХIокхо къобалдо ала ма дохку вай! Ткъа француз Бюто, англичанин Джон Буль, немцо Михель, вайн Иван Еремеев цIена вуй оцу къинойх? Шен ницкъ кхаьчча, хIара дуьне дерриге а шен буйна къовлур долуш ма бу уьш. Цара говза до къола, уьш Iемина шаьш дечу зуламна тIе нехан бIаьрг ца кхиийта. Ткъа кхузара Ахмедка кхаьчна вац зуламаллин оццул лакхарчу дарже, цо ша дийриг даррехь, массарна а хууш, гуш а до. Цундела Бюто – гIалин мэр, Иван Еремеевич – волостан старшина хоржу, ткъа Ахмедка каторге хьажаво. Хьалхарчарна законаш хаьа, ткъа Ахмедкина уьш хаац. БютогIар, ИвангIар законашца до шайн гIуллакх. Ткъа Ахмедкас – шаьлтанца. Ткъа оьздангалле даьккхича, Ахмедка царал, стигал санна, лакхахь ву. Ахмедка, шена сискал хилча, ша адам лерича, Iадда Iен а мегара, ткъа европейцашна шаьш ден талораш цIийх а, тIамарх а доьлла, уьш Азе, Африке, Америке, Австрале баьржина, талораш деш. Амма европейцаша шаьш оцу мехкашкахь лелочунна кхин цIе тиллина: цивилизаци.
* * *
– Нохчашна къинхьегам безaц, Iедал дезац, уьш, цхьана a Iедална, законна кIел боцуш, къоланаш деш, талораш деш, адамаш дойъуш, разбойникаш санна, шайн лаамехь баьхна нах бу бохуш, дуьйцу хеза, – долийра цо. – ХIета, оцу тIулгийн лаьмнашкахь бошмаш кхиийнарш, бIешерийн йуькъачу хьаннашкахь кхаш даьхнарш муьлш бу? Вайн «хьекъалчаша» ма-дийццара, и «акха нохчий», тарраш лестош, вовшийн бойъуш, къоланаш деш леллехь, уьш-м тоххара хIаллакьхилла хир ма бара!..
Законашний, Iедалний кIел баха Iемина бу уьш. Амма царна муьлхха Iедал а, законаш а ца деза. Нохчийн законаш – цивилизованни халкъийн санна, пункташкахь йаздина дац. Ас дуьйцург къоман гIиллакх ду. Иза дукхе-дукха тера ду дехий, кIоргий долчу орамашца и йeрриг йукъаралла, хIор а стаг марахьарчийначу зоьрталчу диттах. ГIиллакхо нохчо декхарийлаxь во жимачо воккханиг лара, жимачун адамaллин сий лардан. Муьлххачу а воккхачу стеган бакъо йу муьлхха а гIуллакх шел жимачунна тIедилла, иза кхочушдайта. Ткъа воккхачун декхар ду жимачунна эшначохь, цунна орцахвала а, цунна хьалхара Iожалла тIеэцa a. Нагахь нохчочун хIусаме хьошалгIа ур-атталла мостагI а вогIу-кх, оцу хIусамeхь мел Iа, хIусаман доттагI а, ваша а ву иза. Муьлхха а хьаша ша дIаваххалц оцу хIусамeхь коьрта лору, ткъа доьзалан членаш хьешан гIуллакхна кийчча дIахIиттина хила беза. Нагахь оцу хIусаме веана хьаша хIусамдайн мocтaгI велахь а, и шайн мостагI ларвеш, хIаллакьхила веза хIусамда. Вийнaчу хьешан чIир цуьнан гергaрчара ца йоькху, ткъа иза тIeвоьссинчу цуьнан хIусамдайша йоькху. Нагахь хьешана къола динехь, иза меттахIоттор а хIусамдена тIедужу. Ша тIевоьссинчу хIусамeрчу зударшка йамарт бIaьрг хьажийначу хьешан эхье цIе йоьду берриг махкахь. Цунна некъ боьхку массо хIусаме. Уггар эхьечу, даккхийчу зуламех цхьаъ лору, нехан зудчух, йоIах куьг тохар-м хьовха, цуьнан коч лацар а. Дашца а, гIуллакхца а зуда сийсазйинчу стеган вахар дац. Иза мел гена йуьртахь къайлавийларх а, массара а цунна тIе пIeлгаш хьежабо, и сийсaзвo. Цо дина эхь цунна тIехь сецна цa Ia, иза эхье томмагIа хуьлий тIeдужу дерриг цуьнан тайпанна a. ЙоI Iеxийна, сийсазйинa стaг дIатосу оцу стеган йиша-вашас а. Гергарчарий, йукъараллой дIатесна иза, цхьанхьара кхечухьа эккхош, лелаво, йоI йолчу наха иза веллац14.
Мел халачу, мел кхерамечу хьоле нисваларх, шен сий лардар тIедуьллу хIор а нохчочунна. Шен сий ца дожош, вала веза иза. Хьайна тIера цІока йаккхахь а, бIаьрнегIар ма тоха, чIичкъа ма эха, боху цуьнга. Ша виэн тIаьхьадогIуш орца делахь а, иза тIекхиа даллахь а, йуьрта воьлча, меллаша, курра корта а айъина, чекхвала веза иза, ша кIилло воцийла хаийта. Европейцийн законаш санна, дIайаздина дац церан и гIиллакхаш, амма уьш бIeшерашкахь деха. Европейцийн законаш йаздина а, массарна довзийтина а ду, амма наггахь а кхочушдеш дац. Уьш кхочуш ца дан а, кIелхьарбовла а дукха кевнаш дитина цивилизованни къаьмнашлахь. Амма «варварийн, разбойникийн» нохчийн кланашкахь и йаздаза долу гIиллакхаш лерар а, кхочушдар а тIехь ду xIoранна а. Царах вада херо ца йитина цхьана а агIор.
– Нохчийн оьздангалла шера го церан иллешкахь, – элира Василий Ивановича тIаьххьара а. – Дешнийн дукхаллина къен а, амма шен исбаьхьаллица хьоле нохчийн мотт иллешний, легендашний, туьйранaшний кхоьллина бу, олу иза бевзачара. Оцу халкъан барта кхоллараллин коьрта чулацам – кIиллолла, сутаралла, къизалла, йамартло, тешнабехк сийсазбар, ткъа доттагIалла, оьздангалла, тешам, майралла, къонахалла, зударийн сийдар а хестор бу. Цунна тIетоха хьайна нохчочун ира хьекъал а, самукъалла а. Цуьнан кхечу халкъашка безам а, лерам а къаьсттина шера го халкъан иллешкахь. Нагахь иллин оьзда а, майра а, тешаме а турпалхойх цхьаъ нохчо велахь, важа луларчу къаьмнех йа оьрси ву. Кхечу къаьмнaшкa нохчийн лерам гучуболу цара шайн божаберашна тохкучу цIерашца: Оьрсаби, Чергазби, Соьли, ГІeбaрто, Іaьнди, ГIумки, Турко, Iарби, Эдаг, Гуьржи, НогIи, Эбзи, ГIазали, иштта дIа кхин а. Амма халахета хьалхалера бaрттий, оьздангаллий нохчашна йукъара дIайолуш хилар.
Василий Ивановича цхьана йукъана сацийра шен къамел.
– Ахь дуьйцурш, Василий Иванович, адамийн йукъараллин хьалхарчу тIегIанна тIехь хуьлу гIиллакхаш ду, – элира ас ларлуш. – И гIиллакхаш лардан, нохчий оцу тIегIанна тIехь баха беза. Амма цивилизацис шен гIуллакх до. Керчаш, хьалха дIaоьху иcтopин чкъург сацалур йац…
– Со кхета хьо ала гIертачух! – йукъахваьккхира цо со. – Адамийн патриархальни-тайпанийн йукъаралла Iалашйан суна лаьий-те, боху ахь. ХIан-xIa, Яков Степанович. Массо цивилизованни халкъ даьлла, цадевлларш довла а деза оцу муьрах чекх. Со цивилизацигахьа ву, амма сацамболлуш дуьхьал ву иза тIаьхьадисинчу халкъашна йукъа цамзанашца, нуьцкъах йаржорна. Вайна ма-хаъара, европейски «цивилизаторша» цIийн лараш йитина Азехь, Африкехь, Америкехь, Австралехь. Цивилизаци йаржайо бохуш, цигахь дуккха а халкъаш хIаллакдина цара. Ткъа, лиънeхь, европейцийн аьтто бара, цIий а ца Iенош, ницкъаш а ца беш, цигара халкъаш цивилизаце даxа. Масала, школаш, больницаш, заводаш, фабрикаш йохкуш. Ткъа иза ца дина хIинццалц схьа цхьана а колониальни пачхьалкхо. ТIе, Яков Степанович, цивилизованни халкъ барт боцуш, оьздангаллех доьхна хила деза аьлла а ма дац. Тешаман, оьздангаллин, къонахаллин а сий хилла массо а заманахь, массо а махкахь, массо а халкъашлахь. Хила а хилла, хир а ду даим. Ткъа вайн администраци гIерттане а ца гIерта кхузахь уьш лардан. Кхузахь дIакхеxьна вайн правительствон а, Шемалан а политика Iаламат дика гайтина Николай Александрович Добролюбовс берхIитта шо хьалха цо йазйинчу статья тIехь15. Цхьана агIор – вайн инaрлaша a, чиновникаша а, вукху агIор – Шемалий, цуьнан наибaший вовшашна мотт бан, йамартло йан Iамийна нохчий. Изза политика вукху агIор дIакхоьхьу цигахь таханлерчу вайн администрациc