litbaza книги онлайнИсторическая прозаДарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 74 75 76 77 78 79 80 81 82 ... 167
Перейти на страницу:
шайн доьзалш хене баха сискалан йуьхк йоцуш бисинчу оцу муьжгашна империс дIалецначу мехкашкахь уггар тоьлла латта а, шайн даймахкахь церан ца хилла бакъонаш а, маршо а йеллера. Iедалан чиновникаша а, килсийн мозгIарша а даим а дIа оцу колонистийн лерехь зурма лоькхура, цигахь шу оьрсийн пачхьалкхан гIортораш йу, хьекъалца а, кхетамца а, цIийца а шу туземцел лакхахь ду, колонешкахь оьрсийн Iедал, олалла латтош а, чIагIдеш а цуьнан гIортораш хила деза шу бохуш. Нагахь санна шу оьрсийн пачхьалкхана, Iедална, паччахьна тешаме ца хилахь, аш йамартло йахь, оьрсашна дуьхьал гIевттинчу туземцашца шун уьйр хилахь, аш царна гIo дахь, пачхьалкхо, шуна делла латта а, бакъонаш а дIа а йаьхна, сагIа доьхучу хьоле хIиттор ду шу бохуш. Цундела Россин империна а, паччахьна а, цуьнан Iедална а уггар муьтIахь болу оьрсий колонисташ бара. TIе, колонехь вехачу уггар хьекъална аьртачу а, къечу а муьжгичунна меттигерчу туземцел ша лакхара, ша господин, ткъа и туземец шен лай, йалхо хила хьакъ хетара.

Пачхьалкхан правительствос, колонешкахь империн олалла латто а, чIагIдан а Iалашо йолуш, цхьана aгIop – къаьмнашна йуккъехь, вукху агIор – хIора къоман феодалашна, тайпанашна, тукхумашна, динан вирдашна йуккъехь вовшашка цатешам а, цабезам а, мостагIалла а кхуллуш, къаьмнийн а, къаьст-къаьстинчу къоман а барт а, цхьаалла а йохайора, къайлах а, даррехь а адамаш дойура, меттигерчу халкъийн шайн маршонехьа къийсам къинхетамза хьоьшура. Оцу Iалашонца цхьаьна, кхин а генна хьалха хьажийна ши Iалашо а йара империн: кегий къаьмнаш русифицировать дар, йа церан къоман мотт, истори, культура, йахь-оьздангалла, гIиллакхаш, даймахке безам, лерам, къоман сийлахь, хьурмате мел дерг хIаллак а дина, царах къоман йуьхь йоцу космополиташ, манкурташ бар.

Россин политика шен массо а колонехь цхьатера йацара. Меттигерчу къоман амалшка, ницкъе, шена дуьхьало йаре хьаьжжина, къиза йа кIеда хуьлура иза. Ткъа къармазечу Нохчийчохь кхечу цхьана а колонехь доцу шатайпа къиза законаш а, шатайпа тIеман-колониальни Iедал а хIоттийнера. Нохчийн халкъ къардан, шен олаллина кIел сацо гIерташ, цунна дуьхьал Россис пайда оьцура лакхахь бийцинчу берриг а гIирсех.

2

БуритIахь, дукхахьолахь, шийла хуьлу февраль бутт 1909-чу шарахь, цкъа доккха ло дуьллуш, тIаккха малх беанчу дийнахь иза дешаш, урамашкахь, некъашкахь лайн шаткъ, хоттан нитIa хIуттуш, дуькъа дохк, тIуьна шело лаьтташ хилира.

10-чу февралехь гIаларчу «Империал» Гранд-отелана хьалхарчу жимачу майданахь а, цунна тIедогIучу урамийн дохалла йистошца а дIахIиттийна пайтонаш, гIудалкхаш, царна йуккъехь цхьа автомобиль а лаьттара. Мехкан доцчу цхьана тамашийнчу дийнате санна, уллохь соьцуш, цуьнга хьуьйсура кучерш, денщикаш, урамехула дIасалела адамаш а.

Отелан банкетан цIа чохь гулвелла бIе сов стаг вара. Ламанхойн даточу бустамашца кечдина чоэш, детица кхелина доьхкарш, шаьлтанаш йолуш, коьртахь холхазан лекха куйнаш долуш гIалагIазкхий, жан а, дохнан а долахой, хIирийн, гIебартойн хьолахой. Коьрта техкина шляпанаш, цилиндраш, тIейуьйхина сюртукаш, френчаш, логах йихкина тайп-тайпана галстукаш йолуш промышленникаш, банкираш, совдегарш.

Областера и хьолахой деккъа цхьана гIуллакхо гулбинера кхуза. Халкъан бекхамах шайн синош а, бахамаш а ларбан некъ лаха. Уьш къаьмнаша а, дино а ца къастийнера. Оьрсийн, эрмалойн, жуьгтийн, хIирийн, гIебартойн къаьмнех а, керста, бусалба, иудин динехь а бу бохуш цIерш йу церан, амма оцу хьолахойн шайн цхьа къам ду, церан йукъара Дела а, дин а – деши, ахча, хьал ду. Царна Iибадат до цара, царна хьалха суждане боьлху уьш.

Арахь тIедоьлхуш тIеда ло, урамашка хIоьттина дуькъa дохк долуш, чохь бодане хиларна латийнчу йаккхийчу люстраша серладаьккхинера цIа. Оркестрана кечйинчу сцени тIе хьала а ваьлла, тIехула сийна бархат оьзначу йоккхачу стоьла уллохь а сецна, ах го беш хIиттийнчу кIедачу гIанташ тIехь а, партерашкахь а хевшина Iачу шен бартахошка бIаьрг а тоьхна, кисанара схьадаьккхина кIайн йовлакх йерстинчу вортанах а, хьаьжа тIе а, кIунзал баьлла лепачу боккхачу коьртах а хьаькхна, къамел долийра гуламан председатель хаьржинчу лохочу, зоьрталчу дегIарчу нефтепромышленнико Ахвердовс:

– Хьомсара господаш! Масех шо хьалха Россехь хиллачу революцин уггар хала, бохаме киртиг вай лайна. Нагахь санна Россин губернешкахь Iедална дуьхьал гIевттинарш оьрсийн белхалой а, ахархой а бен ца хиллехь, кхузахь оьрсийн белхалошца цхьаьна вайна дуьхьал нохчий а гIевттинера. Нагахь санна оьрсийн белхалоша герзаца дуьхьало йеш наггахь меттигаш бен ца хиллехь, ткъа ахархоша помещикийн бахамаш талош, багош хиллехь, церан а, вукхеран а бунт хьаша йерриг а губернешкахь масех рота салтий а, гIалагIазкхийн масех бIо а тоьънехь, кхуза нохчийн дуьхьало кагйан герзаца кечбина боккха ницкъ татта дийзира. Амма нохчийн дуьхьало тахана а кагйина йац, и халкъ къардала гена ду, нохчаша хаддаза зуламаш до. Цара некъахой талабо, почта, банкаш талайо. Адамаш дойу, лечкъадо. Iедална а, халкъана а къаьсттана бале ваьлла массарна вевзаш волу обарг Зеламха. Цо Iедало хIиттийна хьаькамаш бойу. Уллохь цхьа рота салтийн ха долуш бен, новкъа дIасаваха маршо йац хьаькамна. Ткъа Iедал гIорасиз ду и зуламхой а, зуламаш а совцо. Йа, нийсса аьлча, кIорггера ойла а йина, генна лаьцна Iалашо а йолуш, и зуламхой а, зуламаш а совцо Iедало деш хIумма а дац. Iедалан гIорасизалла, йа и зуламаш гуттаренна а совцо цо деш хIумма а цахилар бахьана долуш, хIокху махкарчу оьрсийн а, кхечу къомах адамийн а дахар а, бахамаш а хIора сохьтехь, хIора минотехь кхерамехь ду. Белхалойн забастовкаш, стачкаш, йа, нийсса аьлча, анархи бахьана долуш масех баттахь болх ца беш севцца лаьттина нефтепромыслаш, заводаш, фабрикаш, мастерскойш. ДIачIаьгIна лаьттина туьканаш, банкаш. Белхалоша йоккхачу акхараллица йохийна дуккха а техника, белхан гIирсаш. Церан дайшна хилла зен маситта миллион соьме хьаладаьлла. Иза хьан меттахIоттор ду царна? Цхьамма а. Пачхьалкхана налогаш токхуш, гIалахь цIенош деш, йукъараллин гIишлош йеш, урамаш, некъаш дохкуш, тоеш, ишколашна, больницашна гIо деш харжаш йечу, кхузахь российски державан гIортораш хилла, кхузахь Iедал вешан белшашна, баккъашна тIехь латточу вайн бакъо йу, моьтту суна, вешан лаам Iедале сацам боллуш дIахьебан, йа ваьшна хетарг цхьа а тайпа шалхонаш, хьийзораш йоцуш дIаала а. ХIинца шайна хетарг аш схьааьлча, дика ойла а йина, йукъара сацам тIеоьцур бу вай.

Сценин цхьана агIор йуьстах хIоттийнчу трибуне хьала а буьйлуш, къамелаш дора хьолахоша. Нефтан промыслийн фирманийн долахошна тIера къамел дира цхьаммо. ТIаккха рогIехь хьалабуьйлура дохнан, жан, говрийн реманийн долахой. Совдегарш, коммерчески банкийн долахой. Оьрсий, эрмалой, гIалагIазкхий, хIирий, гIебартой.

Нохчийн хьолахойх цхьа а вацара гуламехь дакъалоцуш. Ширчу-Юьртарчу МурзабековгIар, ЭльмурзаевгIар, Майртуьпара БимурзайевгIар, МуртазовгIар, ЗакаевгIар, Кен-Юьртара МустапаевгIар, Iоди-Юьртара IодуeвгIap, хьолана гIарабевлла совдегарш МациевгIар, цIеран хьерийн дай БашировгIар, кхин дуккха а. Уьш кхуза ца кхайкхинера а, хаацара, йа, кхайкхинехь а, шайн махкахойх кхерабелла, ца баьхкинера а, хаацара, йа, кхузахь къамелаш нохчашний, гIалгIашний дуьхьал хир дуйла хууш, хIокху тобанан декъашхой хила ца лиъна ца баьхкинера а, хаацара.

Къамелахоша, цхьаболчара

1 ... 74 75 76 77 78 79 80 81 82 ... 167
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?