litbaza книги онлайнИсторическая прозаКхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 4 5 6 7 8 9 10 11 12 ... 38
Перейти на страницу:
тІамехь дакъалоцуш ду вайн махкара дерриге халкъаш. Доккхачу халкъо, ша доккха хиларе терра, доккха дакъалоцу, жимачу халкъо, шен жималле хьаьжжина жима дакъалоцу. Амма массара а Іенориг цхьа цІий ду. Нохчийн халкъан дуккха а кІентий бу тахана а фронтехь майра леташ. Хьанна хаьа, оцу жимачу халкъана йукъахь цхьа йовссарш йевлла а хила тарло, советски Іедал ца дезаш, Даймахкана дуьхьал йамарт куьг айбина. Ишттаниш массо халкъа йукъахь а хилла, болуш а бу. Амма нийса хир дац, и йовссарш бахьанехь, вай дерриге а халкъ бехкедича. И бераш, зударий, къена нах хІуманна а бехке бац. Вуон, зуламе адамаш массо къомана йукъахь а ду; амма вуон, зуламе халкъ дуьненахь хилла а дац, хила йиш а йац. Халкъ – халкъ ду. Хила а хилла, хир а ду. Аш дика ойла йича, шуна хуур ду, нохчашна хилла бохам вайна массарначул a тlex беза a, хала а хилар. Цундела церан догъэца деза вай, церан деган чевнах хьакхадаларх лардала деза. Со парторг а, вайн коллективан куьйгалхо а хиларе терра, ас декхарийла до шу, деха а доьху шуьга, оцу эладитанех дешархой ларбар а, бахархошна йуккъехь и тайпа хабарш дуьйцуш стаг нислахь, иза, кхетош, нисвар а.

Хьехархой дІа а бахийтина, ша висина Николай Кузьмич, багара ца ходуьйтуш цигаьрка а уьйзуш, вехха Іийра оцу гІуллакхан ойла йеш. Цо тоам ца бора ша накъосташка диначу къамелах. Приказ – приказ ду, амма коьртаниг цара шаьш лелориг кхеташ а, тешаш а лело дезар дара.

Школехь кхин долу гІуллакхаш дерриге Іадда а дитина, шолгІачу дийнахь районе ваханчу Николай Кузьмича и де дерриге а, партбиблиотекехь а, райбиблиотекехь а книгаш кегош дайъира. Цуьнан болх дІаболабелира тІаьххьара а арахецначу Советски йоккхачу Энциклопедин ткъе итталгІачу а, кхузткъе цхьаалгІачу а шина тома тІера. Царна тІера нохчийн исторех лаьцна статьяш йешча, цуьнан шен а боккха тидам тІебахара нохчийн халкъан историна.

Николай Кузьмича дагалаьцначу гІуллакх тІехь доккха гІо дира Мария Петровнас а. Классал арахьа урокашкахь дешархошца цо йоьшура Пушкина, Лермонтовс, Толстойс йазйина произведенеш, литературни кружокехь кІорггера довзуьйтура оцу сийлахь-баккхийчу йаздархойн Кавказца доьзна дахар а, кхолларалла а.

Цул тІаьхьа цхьанне а цкъа а ца хезира нохчийн берашна тІехбеттамаш беш а.

Оцу хьелашкахь тасаделира Николай Кузьмична а, Берсина а йукъахь и шатайпа доттагІалла…

IV

ТІаьххьара бисина болх а теллина, дегІана жимма йал йан дагахь дІатевжинчу Николай Кузьмична сема наб озийра. Амма иза самаваьккхира велха волавеллачу Вовас.

– Ца оьшу тхуна дечиг, бабушка, ца оьшу! – хезара цунна уьйтІахь хІусамнанас цхьаьнга бен латкъамаш. – Шу дийнахь цхьа-шиъ веана Іийча а, цхьа хІума дара, шу-м масийтта вогІий. Ас хІун лур йу шуна? Бац-кх сан аьтто!

«Йуха а нохчий бу-кх, мисканаш!» – аьлла, доккха садаьккхира Николай Кузьмича. ТІаккха, хьала а гІеттина шен протез цІийзош, неІаре а вахана, арахьаьжира иза. Гихь тІедачу дечиган кегийра маххьаш а долуш уьйтІахь догІанехь лаьттара ши зуда.

– Маша! Схьа чукхайкхахьа и шиъ.

Дуьхьал жоп ца луш, чуйеана Мария Петровна неІарехь а сецна резайоцуш майрачуьнга хьаьжира.

– ХІун дан воллу хьо, и шиъ чу а йалийна?

– ХІун дан воллу бохург, хІун ду? Вайн йерг цаьрца йоькъу-кх.

– ХІан-xIa, сан хьомениг, тоьар ду. Вай ваьш а ду халла лол бетташ хене довла гІерташ. ТІехула тІе, ас оццул хала кхиийна йалх котам а лачкъийна сан цара. Сийсара тІаьххьара йисинарг а йаьхьна.

– Оцушимма лачкъийна хьан котамаш?

– Хаац суна. Нохчаша-х лачкъиний уьш.

– Иштта долуьйту-кх стага шех гІалат! Хьанна хаьа, нохчийн халкъана йукъахь цхьа масех йовсар йаьлла хила тарло, уьш бахьанехь дерриг халкъ махках даьккхина. Уьш бахьанехь халачу таІзарна кІелъэгна бехк-гуьнахь а доцу зударий, бераш, къена нах а. Хьо а гІерта изза дан. Цхьамма хьан котамаш йаьхьна, хІинца хьо кхузарчу берриге нохчех бекхам эца гІерта. Ахь йийриг нийсо йац, Машенька! Кхузахь мел дина къола оцу мискачу нохчашна тІетоьтту. Амма цхьа нах зовкх хьоьгуш бу-кх, дерриге а царна тІе а тоьттуш.

– Цара бен ца лачкъийна сан котамаш. Суна дика хаьа иза.

– Сан Дела, ма доккха зиэн дина-кх ахь тхуна! Йалх котам! Дийнна йалх котам! – гуттар беламе йуьхь а чІачкъийна, корта хьийзабора Николай Кузьмича.

– Виэла хьо. Хьо виэла а мегар ду. Хьайна хьалха йиллинарг йиъчахьана волуш волу, – дегабаам бира Мария Петровнас.

– ДІайалахьа, Машенька, йалх котам бен йуй уьш? Йалх нал йайча а хьийзар ма вац, хьо санна, бІарзвелла. Дика лачкъайо! Мацалла бала-м ца беза уьш? Цхьа хало тІеІоттайелча-м, вала охьавожа ца везий, ткъа шен дахарехьа къийса деза. Хьуна баккъала а ала лаахь, сан безам бу оцу нохчашка. Хьуна хьайна а ма хаьа церан истори. Цхьана а заманахь, цкъа а ца севцца уьш боьхна. ХІан-хІа, Машенька, оьрсийн гІарабевллачу прогресивни кІенташна уьш безар эрна ца хилла! Шаьш ма-йарра ламанан аьрзунаш йу! Ткъа хІинца, ара а йалий, чукхайкха и шиъ. ГІиллакхехь а ма дац, и ши миска уьйтІа, догІане а хІоттийна Іар!

Шен йайна котамаш дагайаьхкича, Мария Петровнина цІеххьана тІейеана моха иштта сиха дІайайра. Ша барта хІуъу дийцахь а, дагахь кхин дара цуьнан. Цхьа диканиг дан шена дагадеача, шеначул а тІех майрачунна изза лууш хиларо йоккхайейора иза.

Шайн гира маххьаш охьа а дехкина, хотташа йуьзна чуйеана ши зуда, халла къаьсташ маршалла а хаьттина, ийзалуш неІарехь сецира.

– Ой, Зану, хьо йац иза? – цецваьлла, хьалагІеттира Николай Кузьмич. – Маша, хьуна ца йевзира хІара? Бехк ма биллалахь, Зану, хІокхунна хьуо ца йовзарна. Іаламат хийцаделла хьан йуьхь-сибат. Машенька, кхин а цхьа гІант хІоттадехьа стола улло!

ХІусамнанас стола улло хІиттийна гІанташ неІарехьа а оьзна, царна тІе охьахиъна ши зуда ийзалуш чухула дІасахьаьжира. Муха ца ийзало, хІокху цІа чохь цІена дара, ткъа и шиъ хотташа йуьзна, тІадийна лашкайаьлла йара. Царна и шиъ жерга хетахь? Ца хетийла а дац. Довхачу цІа чохь малйеллачу мачашна тIера, даьтта санна, лелина цІун, кегийра Іаьмнаш хІиттош, цІенкъа Іийдалора. КІамлора дегІ а, амма мІараш хьакха йиш йацара. ОххІай, ма дохкойаьллера-кх и шиъ чуйарах! ХІусамдай чохь цІена Іаш, догдика, оьзда нах бу. ГІиллакхна цара чуйола аларх, йогІуш хуьлу ткъа? Хьанна хаьа, церан дагахь дерг хІун ду? ХІун гІуллакх дара, хІокхарна хІара гатто йан? Амма хаза-х ма ду кху довхачу цІа чохь. ХІетта деттинчу бепиган хазачу хьожано, дагна там беш, цергех хи туьйсуьйтура. Mepo схьалецира хи чу йоьхкинчу наьрс-помидорийн хьожа. Ма дика хир дара-кх хІусамнанас цаьршинна цхьацца цастар бепиг а, цхьацца наьрс а йелча…

Ткъа дохлуш долу догІмаш тІетта тІе кІамлора.

– Машенька, хІуъу лой а, йуург лохьа цушинна. Миска Зану йаІ, баланаша гІелйина-кх хьо. ДІайаханчу аьхка хьайн майрачуьнца цхьаьна со шайга веана дагадогІий хьуна? – хоьттура

1 ... 4 5 6 7 8 9 10 11 12 ... 38
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?