litbaza книги онлайнИсторическая прозаКхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 7 8 9 10 11 12 13 14 15 ... 38
Перейти на страницу:
а биллина, совцур вай. Рицкъанаш Делехь ду, – суьлхьанаш хьийзочуьра йукъах а ца волуш, жоп делира цо.

– Наха, къоладой а, шайна рицкъа лоху. Изза дийр ду ас а.

Ден керара суьлхьанаш охьадийгира.

– ХІун элира ахь? – тевжина Іачуьра охьахиира иза. – Къола? Хьанна дан воллура хьо къола? Хьо хьера-м ца ваьлла?

Дена тІейеана моха сихха дІайелира, кІант шена дуьхьал вист ца хилча.

– Варийлахь, Муса, кхин цкъа а хьайна дага ма даийталахь иза. Къоладар дика гІуллакх дац. Бусалба динехь дихкина иза, нохчийн гІиллакхехь а оьзда дац иза. Хьо хьенан хІун лачкъо воллура? Кхузара бахархой а ма бу шайна дита а, вайна дала а доцуш. Шаьш оццул хала бохккушехь, шайн долчух вайна дакъа дан а гІерта. Эхь ма дара вайна, оццул дикачу оцу адамийн рицкъанна тІе къайлах куьг кховдийча.

– Ас неханиг лачкъор йац, ткъа колхозниг лачкъор йу…, – халла къаьсташ вистхилира Муса.

– Цуьнан хІун башхо йу? Колхоз а, пачхьалкх а адамийн йу. Дерриге а ду адамийн къинхьегамца ІаІийна. ТІехула тІе, колхозо а, пачхьалкхо а до вайна гІо. Колхозо лучух хене ца девлла вай дІайаханчу аьхка а, гурахь а? Варийлахь, мегар дац хьуна. ТІехь дола дан да-нана доцчара хІуъа леладарх, иза хаза ду ма мотталахь. Иэхь ду хьуна иза. Вай кхоъ бен дац, башха, мацделча, делха бераш дац. ХІинцца бІаьсте тІейогІур йу, тІаккха нитташ, хохаш гучубевр бу.

Хьовзийна чекхдаьхна суьлхьанаш, хьарча а дина, гІовталан кисана а таІийна, тІаккха дехха доІа а дина, йуха а цунна тІевирзира да.

– ДагадогІий хьуна, кІант, хьо доьшуш волуш, буьйсанна ахь суна дІайаханчу паччахьан заманахь адамашкахь, къаьмнашкахь латтийначу Іазапах лаьцна, революцис вайн махкахь советан Іeдал хІотторах лаьцна кинижкаш тІера хабарш дийцина? – хаьттира цо Мусага.

ДагадогІу дера-кх. Цхьа-ши шо хьалха ма дара иза. Цкъа иза «Чрезвычайный комиссар» йоьшуш волуш дена гира цунна тІехь нохчийн суьрташ. Цо дийхира и книга шена хозуьйтуш йешар. Ши бІаьрг хьаббой, меллаша суьлхьанаш а хьийзош, вист ца хуьлуш, резахуьлий, наггахь корта а таІош, леррина ладоьгІуш Іара иза.

Цкъа Муса, кІадвелла, сецча, цо дийцира шаьш, нохчийн къехоша, советан Іедалехьа къийсам латторах, шена цкъа Орджоникидзе гарах лаьцна, кхин, кхин дуккха а.

– Ткъех шо хьалха, йокъанаш хилла мацалла хІоьттира Украинехь. Мацаллех бевдда, хене бовла рицкъа лоьхуш, вайн махка баьржира Украинера, Кубанера дуккха а нах. Божарий, зударий, бераш. Доьзалшца цхьаьна. Меца, берзина. Нохчийчохь ца хІоьттинера мацалла. Лаьмнашкахь Іалашбеллера бахам. Цундела гІертара уьш цига. Амма сов сискал йолуш нохчий а бацара. ХІинца тІедаьхкинчу вайгахь а, кху бухахь долчу къомехь а долу хьал хІоьттинера Нохчийчохь. Бакъду, вай кхуза дукха далийна. Вайна тІебаьхкина гІалгІазкхий кІезиг бара. Уьш вайна тІе шайн лаамехь баьхкинера, ткъа вай –нуьцкъах схьадалийна. Со хІун ала гІерта аьлча, оццул шаьш гІаддайна болушшехь, цкъа а, цхьаммо а нехан хІуманна тІе куьг ца кховдийра цара. Лачкъа а ца йора, йеха а ца йоьхура. Цара болх бора. Къахетара мисканех. Меца, дерзина бераш гича, дог дешара. ДуьххьалдІа йуучух болх бора цара.

Амма хала дара царна а, тхуна а. Мисканаш, хІинца вай санна, массо а шайн синошкахьа бевллера уьш. Наношна совдевллера шайн бераш. Церан ницкъ бацара царна кхача латто, уьш дузо, уьш мецачу Іожаллех кІелхьардаха. Ткъа бер хьоме хІума йу. Гуш лаьтташшехь уьш мацалла далийта ца лаьара наношна. Цундела цара лоьхура уьш гуттаренна а шайна тІелаца нах. Бераш доцчу доьзало схьаоьцура уьш. Гор, Муса йаІ, ирс долуш ву хьо и наной ца гина! Кхечу къомана йукъахь, девзаш доцчу адамийн кара бер дІа а лой, маьхьарца йуьртах йолура нана. Бер тІелоцуш стаг ца карийча, иза буса эвла йуккъе, йа некъа йистте охьа а дуьллий, шена цуьнан мохь хазарна кхоьруш, шина куьйга лергаш а къовлий, къаьхьа бІаьрхиш а Іенош, Іадийча санна дІахьаьдда йоьду нана гича, цунах дог Іаьвжий, боьлхура тІеман цІергахь бахчабелла йуьртара къонахий.

ДагайогІий хьуна ПетІамат, Элижа, Мархет а? Вайна тІехула агІор басахь цІенош долуш волчу Кераман Жабраил? Хьаьрса а волуш, нохчийн мотт шера а ца бийцалуш? ХІетахь, иштта вайн йуьртахь дисина, оцу наха кхиийна бераш дара хьуна уьш. И дерриге а цахуучунна моьтту и бераш оцу нехан ду, и нах оцу берийн дай-наной бу. Кхин а дуккха а дисира иштта бераш. Амма, ши-кхо шо даьлча, меца хан дІайаьлча, йуха а баьхкина, цхьадолу бераш шайн дай-наноша дІадигира. Уьш диъ дисира. Хьанна хаьа, церан наной белла хила а мегара. Масех жима зуда, вайнахе маре а йахана, шайн доьзал а болийна, вайна йуккъехь йисира.

Да, ойлане ваьлла, цхьана ханна вист ца хуьлуш сецира.

– Гой хьуна, Муса, цхьа де цхьаьнгахь ца лаьтта. ХІара пачхьалкх – вайн цІа ду, ткъа хІокхунна чохь деха къаьмнаш цхьа нана-доьзал бу. Йиша-вешех цхьанна цхьа бохам, цхьа халахетар хилча, бисинарш цунна гІоьнна, цуьнан догъэца гІоьрта. Иштта, шайн ницкъ ма-кхоччу, вайна гІо дан гІерташ, вайн лазамна дарба лоьхуш лела кху мехкан къаьмнаш а. Царна йамарт хилча, нийса хир дуй? Хьуна дагадеанарг дика хІума дац. Тахана тІамехь дакъалоцуш ду дерриге адам. Герз лело хьуьнаре волу массо стаг тІамехь ву. ЦІахь бисина зударий а, къена нах а царна дуург, тІедухург, герз латтош ду. ЦІахь долчу вай болх ца бахь, вайн барт ца хилахь, вайн къоланаш дан долахь, толам баккхалур бац вайн пачхьалкхе. Меца а, шийла а дуьсур ду. Вуо-м а хьоьгур ду, лийр а ду. Амма, йерриге халонаш ловш, сатухуш хила деза вай. Вайначул мел хала ду тІамехь болчарна. Ахь дІа ладоьгІча, цхьа а доьзал бац кхузахь тІамо да, кІант, ваша вайъаза. Цхьа а доьзал бац кхузахь кийра буззалц сискал гуш. Цара садетта. ХІетте а, оццул холчохь шаьш бохккушехь, цара шайн ницкъ кхочу гІо до вайна. Царна къола дан гІертар дика ма дац. Иэхь ма ду иза. Далла а, Іедална а хьалха гІиллакх доцург ма ду ахь дагалаьцнарг. Сатоха деза, собаре хила веза, Муса.

Мусас сатуьйхира. Цул тІаьхьа дукха хан йалале цунна хезира, хьун хьакха лесхозе нах бохуьйту бохуш. Баттахь болх бан цига воьдучунна ши пунт хьаьжкІаш, кийла моз а, кийла даьтта а лора. Цига ваха сацамхилира Мусан. Бакъду, колхозан председатель Сапар дикка йухагІиртира, иза цига ца вахийта гІерташ. Жима ву, бохура. Амма мичахь бара цунна цига бахийта баккхийниш? Бан а бацара-кх. Зударшка далург Мусага а далур ма ду. Муса къар ца лой хиъча, эххар а резахилира Сапар. Шена йелла продукт йерриге цІахь а йитина, накъосташна тІаьхьа а хІоьттина, лесхозе вахара Муса. Цхьадика, цуьнца цига баьхкинчу оьрсийн зударшкахь а, гІиргІазойн баккхийчу нахехь а жимма хІума йара. Иза цІахь доьхна хьал дитина веанийла

1 ... 7 8 9 10 11 12 13 14 15 ... 38
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?