litbaza книги онлайнИсторическая прозаЛаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 107 108 109 110 111 112 113 114 115 ... 187
Перейти на страницу:
ца делира. Петербургеxь цхьана придворни вельможин хIусамашкахь бутт баьккхира Атабис. Александр ІІ-чо цкъа-шозза, тIекхайкхина, къамел а дира цуьнца. Атабин дехар кхочушдеш, гIезалой бехачу Касымовке вахийтира иза паччахьо20. Эххар a дaймахка цIа ваийтина иза, дукха ца веxаш, кхелхира.

Iуммас дуьйцура ша леллачу мехкашкара йаккхийчу шахьарех, адамех, цIерпоштах, хIордaн кeмaнeх, тайп-тайпанчу къаьмнийн гIиллакхех, амалех.

– Амма массанхьачул а дика цIахь ду, – чекхдaьккхира Iуммас шен къамел. – къен делахь а, миска делахь а, цIахь тоьлу. Дисинчу дерриг дуьненах хIара вай чохь Iен хьех а лур йацара ас…

Алу тIехь йеттина овкъарх йуьзна сискалгIин йеха тоьпаш, шен кучан йухах хьоькхуш, цIанйина, текха а йехкина, божаршна хьалха йехкира зудчо. Текха йуккъexь кIoлдaн мaсех мижарг а, иттех хох а бара.

– ХIан, тIехилал, кIентий, – кIегархиира Іумма. – БисмиллахIир-рохьманир-роxьим!

XIорш йаа буьйлалушшехь, чувелира герзах вoттавелла тIемало.

Iумма хаттарца дIахьаьжира цуьнга.

– Шемал а, Дада а ву лаха чохь лаьтташ. Схьабохкуьйтий уьш?

– Цаьршимма хIун до?

– Хаац, хьоьца гIуллакх ду, боху.

– Кхин цхьа а вуй цаьрца?

– Шийтта шо хенара кIант.

– Охьа а хаий, хIума кхалла, БугIа.

– Ioйлa дaц, и шиъ соьга хьоьжуш лаьтта.

СискалгIийн ши топ чоин кисана а йоьллина, кIолдан мижарг буйна а лаьцна, Iумме хьаьжна, ладоьгIуш сeцира БугIа.

– Схьавалаве и шиъ. ТІaьхьа цІога доцуш буй-те уьш?

– Хила декхар-м дац. Дехьа-дехьара вайн гIаролаш тийна Іа.

БугIа араваьлча, ойлане велира Іумма. ХІeтталц цо миэлла а сутaрa дoху нох гIелделира. ДIайан гергайаханчу цIерга ши бIaьрг боьгIна, цкъа кхаьллинарг йехха Iуьйшуш, багахь керчош, халла къамкъаргах чоьхьайоккхура. Эххар, ша йолийна шолгIа топ йуккъе йаьлча, иза текха охьа а йиллина, мекхех дайн куьг хьаькхна, йухахилира.

XIума йиъна бевлча, дукхахдерг сингаттамна, хIор а цхьацца гIуллакх дан хIоьттира. Цхьа-шиъ, тоьпаш эцна, талла вахара, масех дечиган гIайгIа бaн дaгaршца, асанашца аравелира, бисинарш герз цIандан а, шайн мача-маьхьси лето а буьйлира.

Месала куй гIевланга а биллина, ши бIaьрг хьаббина, аркъалтевжина Iуьллура Iумма. Хеттарш ца дахь а, нахана хаьара цо стенан ойла йо.

Цхьа сахьт даьлча, БугIа хьалха а волуш хьеха чу велира Шемал а, Дада а. Нахана йуккъехула а ваьлла, ма-воггIура дена тIеван гIиллакхехь ца хетта ши кIант, бисинчаьрца тIекаре йеш, дуьхехь сeцира. Iуммас ши бIaьрг ца биллира, Мовсаран аз хаззалц.

– Ами! – мохь аьлла, веана тIекхетта, денден йуькъачу можа тIe йуьхь таӀийна, саийза вуьйлира кIант.

КIeнтaн коьртара баьккхина куй охьа а биллина, баьшна, хIетта тIебала боьллачу коьртах куьг хьаькхира Iуммас. Буьрса дусаделлачу цІоцкъамашна йуккъе шад гулбелира. Велавала гIоьртина, озийна балда а дегийра. Ши бIaьрг тIунлуш санна хийтира Iуммина. ХIара хIун ду? Ша-шех цецвелира иза. Тахана санна, дог ца кIадделлера цуьнан цкъа а. Хаьара, ша бахьана долуш шен доьзало лайна хало. XIинца кIентан берашка а кхачий цо и декъаза дакъа.

– Стенна воьлху хьо? – элира Іуммас къорра. – Берзан кIеза дац хьо? Ламанан леча дац хьо?

КIанта, хьала а хьаьжна, хих буьзна бIаьргаш дендена тIебуьйгӀира.

– Чов вуон йуй хьан, Ами? – меллаша цуьнан пхьарс шиний куьйга схьалецира Мовсaрa. – Дукха лозий, Ами?

– XIумма а ца хилла, Мовсар. Цхьажимма мерцхаг йаьлла.

– Со хIинца хьоьца хир ву, Ами. Ас дIатосур вац хьо…

– Ахь хIун до соьца? – велавелира Iумма, кIентaн мaрa a озийна.

– Хьо ларвийр ву, мостагIех летар ву.

– Жима ву хьо. Воккхахилча, летар хьо.

«ХIара-м жима а вац, – ойла йира Iуммас. – Дуьххьара тIаме воьдуш жима кIант вара-кх со а. Амма хIокхуьнан зама кхин йу».

Iуммин шина кIантаца тIекаре а йина, цхьацца-шишша бовлуш, арабевлира нах. Шина кIанта, тIе а веана, хьал хаьттира дега.

– Вуон дац. Чов-м хьесапе а йацара. Йирзина. Шуьшиъ хIунда веана?

– Со-м хьоьца виса веана, ткъа Дада инарлас ваийтина хьо волчу, – элира Шемала.

– XIун боху инарлас?

Дадас дийцира Свистуновн шеца хилла къамел. Леррина ла а доьгIна, корта хьовзийра Іуммас:

– Новкъара йухавоьрзийла дац сан, ши кIант. XIинцца ца ваьлла со хIокху новкъа. Сайн пхийтта шо кхaьчча, ваьлла. Инарлина а, шуна а ма-моьтту хьераваьлла а вац. Дерригенах а кхета. Тоьлур воцийла а хаьа. Шемалца волуш дуьйна а хаьара. Делахь a, корта а таІийна, кIелсаца лаац. Лай хилла веxачул, летта велла дIавалар гIоли хета…

– Хьо лай ма вац, Ами, – йукъавуьйлира Дада. – Хьуна оьшуш хIумма а ма дацара. Бахам а, даьхний а дара. Тхойша а хаза гIуллакхе дIанисвеллера. ХIинцца самалхадала даьллера-кх вайн…

Iуммас корта хьовзийра.

– Ахь бохург дац хIара, кIант. Жима ву хьо. Кхета гена ву. Даьхний, бахам, хьаькамалла а лоьхуш лелла со? Йа уьш лоьху хан йу сан? Со ламанан аьрзу ду. Маршoнeхь дуьнен чу даьлла. Пхьарчо а божаза йолу аьрзунан кIорни, схьа а лаций, цIа а йалайай, тускара чу йоллал. КараIемар ма йац иза. Йоккха мел хуьлу, кхетаме мел йеа, дарлур йу. Хьо тIе масазза кхевда, зIок йетташ, мIараш туьйсуш, летар йу. Йа оцу туcкaрaхь дог иккхина лийр йу. Маршоне сатуьйсуш. Изза хьал ма ду соьга хIоьттинaрг. ХIаъа, хьо бакълоь. Бахам бу сан, даьхний ду. Ши кIант а гIуллакхе нисвелла. Ашшимма боху-кх. Амма вайн бахаман а, гIуллакхан а ши кепек мах бац. Уггар коьртаниг дац вайгахь. Маршо. Хьан йуьртделла, йа хьан эпсаралла хIун йу? XIумма а йац-кх. Вайнахана ло чинаш, ордалш, мидалш, алапаш стенна ло? Вайга вовшийн хIаллакдайта. Мацделлачу жаьлешна йуккъe тосу даьIахк йу цара вайна лург. Ткъа суна лаац церан йалхо хила. Ас тIаьххьара саоззалц къyьйсур ду халкъан маршонeхьа. И де а гена дац. Кестта лийр ву. Амма – къийсaмeхь.

Iуммас сацийра шен къамел. Xьехахь тийналла хIоьттира. Дехьо, кIоргеxь, тховх Iийдaлyчу ладаран тIадамаш оьгура тIулгаш тIе. БIaьрхиш санна.

– ДІaгIo ший а. Шайна ма-ттов ваха. Со вита сайн новкъа дIаваха.

– Сонталла ма йу иза, Ами. Тоьлур ма дац вай, – йуха а йукъавуьйлира Дада. – Ца го хьуна хIаллакьхуьлу адамаш, йаго йарташ? Цул, Iедална муьтIахь хилий, совца вай…

Iумма буьрса дIахьаьжира кIанте.

– Ма хьеха суна! – аз айдира цо. – Дуьйцу хезний ткъа, лоьман кIезо лом Iамадо бохуш? Маршокка! Хьуна хIун гина? Хьуна хIун хаьа? Кхидолу къаьмнаш ду ткъа Iедална резахилла Iаш? Оьрсий, гуьржий, абхазой, саной, суьйлий? Массанхьа къyьйсу харцонна дуьхьал. «Тоьлур дац!» И ца хууш ву со? Суна Росси ца гина, паччахьан ницкъ ца гина, моьтту хьуна? Йа сан дегIа тIера моьнаш ца гина хьуна? ХIуъу а хир ду. Oьшур а ву, лийр а ву! Со а, бIeннaш, эзарнаш а! Амма тхо къарделла совцур дац. XIун хир ду, хIокху лаьмнашкара аьрзунаш хаьдча? Лолла! XIун хир ду, дуьнен чуьра къонахий дIабевлча? ХIара дуьне-м къонахийн белшаш тIехь лаьтташ дaй. Хьан инарлин Орцин, Ботин, Девлат-Мирзин, молланийн белшаш тIе товжа дисахь, духур а

1 ... 107 108 109 110 111 112 113 114 115 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?