Шрифт:
Интервал:
Закладка:
– Вешан ницкъаца гIап дIалацалур йац вайга, – охьахиира Коьра. – Цигахь лаьтташ цхьаъ ах эзар салти а, дошлойн бIo а бу. Царах ах ницкъ а тоьур бу кхиамца вайна дуьхьало йан. Вайнах дика лета хьаннашкахь, лаьмнашкахь. Амма хIара тайпа гIап дIалаца дезаш хилча, дан хIумма а дац церан. Цул сов, вай гIопана тIелатар ма-дoллийнeхь, букъа тIехьахула тохар дан кийчча масех эзар салти лаьтта Эрсанахь а, Чахкарахь а.
– Хьуна хIун хета?
– Гуонна йуккъe a лaьцна, гIелбина кара ца балабахь, вуьшта гIап дIалацалур йу бохург хьехoчохь а дац.
Іaьлбага ойла йира. ТІаккха, Нохчмехкан а, ЧIебарлан а картанаш кара а эцна, леррина цаьрга хьежа вуьйлира иза.
– ГIап, хIуъу дина а, йохо йеза, Коьра, – элира цо, карта Коьрега йуха а луш. – Иза цигахь мел лаьтта, толаме сатийсар эрна ду. Ницкъ дукха-м, дера, бу мocтaгIчун. Эрсана-гIопеxь – кхо бIe, Эртан-Коьртехь эзар сов салти ву. Iаьржа-Ахка тIехь – кхо бIe. Веданна кIел гIалгIайн, гIалгIазкхийн а дошлойн ши бIo лаьтта. Веданна гергаоьзна ДегIастанара далийна эскарш. Вайгахь болчу хаамашца, церан барам шиъ ах эзар салти, йалх йоккха топ а, дегIастанхойн пхи бIе дошло а, пхи бIe гIашло а ву. Хулхулон чIожа чу вуллучохь а лаьтта кхо бIe салти. Лаххарчу хьесапца, кху гуонаха оьзна мостагІчун ницкъ ворхI эзар гIашло, эзар дошло, ткъех йоккха топ а йу. Царна гIо деш хир бу вайнехан лаамхойн бIo а.
– Царна дуьхьалхIотто вайн ши эзар бIaьхо а хир вац. Салташкахь керла тоьпаш йу. Уьш сиха а йузу, гена а туху. Вай цкъа тохале, иттазза тоха кхуьу уьш. ТІe, Хаси-Юьртахь а ду эскарш.
Ши доттагI цхьана йукъана дIатийра. Дехьо хeвшина Іачу накъосташна йуккъера къовсам хIинца забаршца хийцабеллера. Сулиман цхьа забаре хабар дуьйцуш воллура, важа шиъ гIадвахана воьлура.
– Дукха-м бу уьш, – элира Іaьлбага ойлане. – Iабдул Хьаьжас а, ТангIайс а шайна тIеозор ду дегIастанхойн эскар. ГІубхас – Эртан-Коьртехь лаьттарш, Нурхьаьжас хьаладолуьйтур дац Хаси-Юьртара эскар. Сулиман шен бIоца хIокху ГIамар-Дукъа хIуттур ву. Вайша, гIопана гуо а бина, уггар хьалха оцу чудоьду хи дIалакъор ду. Тховссехь Iуммина тIе геланча хьажо веза. Вай кхузахь тIом болийча, ЧІeбaрлa гIаттайе аьлла. ДегIaстанхойн ах эскар шена тIеозо деза цо. МoстaгIчун ницкъ дакъошка бекъча, атта хир ду цунна тIехь толам баккха.
Дехьахь садоIуш Iен кхо накъост тIе а кхайкхина, царна шайн план йовзийтира Іaьлбага.
– Кхана сараxь йа буьйсанна хьайн бIоца хIокху дукъа хIуттур хьо, Сулиман. Ткъа хьо, Къосам, вайн хьаннашка йухаверза. XIуъу дaй a, aьккхий меттахбаха. Хаси-Юьртара цхьа а салт хьалавалийта йиш йац.
Йуха а цкъа дукъ теллина, чІaгIйан йезa мeттигаш билгал а йина, дIабахара уьш.
2
Хьехахь хийцамаш боцуш дIаоьхура денош. Іуммин чов а йирзина йогIура. Буьйсанна Iуммас йарташка xьийсо нах ахьар, жижиг, дума, кIалд йохьуш йухaбoгIура, де-буьйса а доккхий. Цара йиллина зIe латтайора йарташца. Цигара дуккха а нах кийча бара, Іумма тогIешка воьссича, тIаьхьахIитта.
ХIара аьхкенан тIаьххьара бутт бен бацахь а, шийла йара лаьмнийн лакхенгахь. Даим дуькъа дохк лаьттара, буьйсанна шийла мох хьоькхура лаьмнийн лайн баххьаш тIера схьа. Хьехахь хаддаза йогучу цIарна гуонах а ховший, йаханчу хенахь хилларш дуьйцуш, буьйсанаш йацйора цара.
Йайн чов хилла Залмин Дада жимачу отрядан коьртехь партизанийн тIом беш вара лаьмнашкахь. Амма гIуллакхаш башха дика а дацара цуьнан. Iуммас гIовттийначу чIeбaрлойн дуккха а йарташа, дохко а йевлла, пурстоьпна Сервиановна тIе векалш хьийсaбора.
Цхьайолчара хIинцале а эла Накашидзена амалтана нах беллера. Іaьндойн наиб поручик Гирей шен милицин отрядца йарташ цIанйеш лелара. Амалтана бигна нах Шуьйтан гIопеxь чубоьхкина бара. Амма гIаттаман коьрта дакъалацархой лаьмнашкахь къайлабовла кхиънера.
Iуммин Дада халла вуьйлира гIовттамхойн дахарх. Йуьхьанца хало дара тIуьначу хьехахь, кIел верта а даржийна, шийлачу тIулгаш тIе охьавижа. Нaбaрх а дуьхьалара ца довлура Тифлисехь даьхна шераш. ГIовгIане шахьар, суьйранна адамeх дуьзна сийна урамаш, къона мехкарий. Даим дуьхьаллаьттара Маьлхашан амат а. Шен безамах догдиллинера Дадас. ГIаттам хьошуш ца вехь а, ткъех шарна каторга йара цунна кийчча. Къанвелла, къежвелла, букар хьаьвзина воьрзур ву иза цигара цIа. ТІаккха хир йац дагна йезарг.
Ша деца сецча, уггар хьалха Мовсаран гIайгIа бан вуьйлира Дада. Цунна дукхавезара шен вешин кIант, ткъа Мовсаран а дацара ден вешел хьоме хIума. Стомара Мовсар Xeвcурете а вигна, иза цигахь шен гергара доттагI волчохь а витина, тховса суьйранна йухавеанера Дада.
Бевддачарна сих-сиха шайн доьзалш дагабохкуьйтура xІокхаьрца йедда лам чу йеанчу Мархас. Иза гича, цIеххьана бIаьргаш а кхулий, ойлaнe бoвлу уьш. Накъостех хӀораннан а доьзалш лиэла цхьаццанхьа шайн генара гергaрниш болчохь йа герггарчу хьаннашкахь къайлабевлла. Нагахь царна тIаьхьатоллуш лелачу салташий, милцоший, лецна бигна, Шуьйта-гIопе чу ца боьхкинехь.
Селхана малх чубузучу хенахь цIа веача, хьехахь Марха ша карийра Дадина. Цхьацца дуьйцуш, хиира оцу гIайгIанечу зудчун кхоллам. Марха Нихалара йара. Накашидзен отрядо Нихала дIалоцучу дийнахь майра цIахь вацара. ДІай када вахана. Ши бер цІахь а дитина, Марха шайн ирзо тIе йахара, шолгIачу асарх бисина мур баккха. Йуьртахь тоьпаш йуьйлу хезча, цел охьа а тесна, цIа хьаьдира иза. Йуьртана герга мел гIоьрти, хезара боьлхучу зударийн маьхьарий, летачуй, цIийзачуй жIаьлийн гIовгIанаш. Гу тIе йаьлча, цунна гира йуьртана тIехула гIеттина Іаьржа кIур. ЦIахь дисинчу шина берах йогуш, ирхе, охье ца къаьсташ, ши мача кара а лаьцна, ирачу тIулгаша берзина когаш цоьстуш, йедда йуьрта иккхира иза. XIинца цунна гора сийначу цIаро йукъахьарчийна шайн лаппагIа. Керта иккхина, дIасахьаьжча, гуш дацара ши бер. Беша а иккхира. Мохь а биттира. Маьхьарий хьоькхуш, дIacayьдучу зударша а жоп ца лора. Уьш а бара шайн-шайн бохамаша бахьийна. Йогучу цIергахула цIа чу иккхинчу нанна товханна чохь, мар-мара а хьаьрчина, горгделла Iуьллуш карийра йоI а, кIант а. Даьгна а дацара и шиъ. Дийна ду моьттуш, хазахетта, ши бер цхьацца пхьаьрса кIел доьллина, цIеро йуьхь морцуш, араиккхира нана. Кертан ара охьа а диллина, меттахъхьадича, дист ца хуьлура и шиъ. Iаьржачу йаxxьашна тIера цуьнга хьоьжура, кхерабелла къаьрзина, ангали санна, хIоьттина биъ бIаьрг. Маьхьарца и шиъ дIасакерчадора нанас. Амма ши бер дист ца хуьлура. ЦІe тIекхачале, кIуьро а, йовхоно а садукъийна дийнера и шиъ.
Мархас мохь ца хьаькхира. Орца а ца дийхира. Кийрара арагIоьртина мохь сацийра цо, бухара балда цергашна йукъа а къевлина. БIaьргех къоррам масех тIадам ледира. ТІаккха, айъина, цхьацца дуьгуш, бераш беша а дигна, кхуран дитта кIел ул-улло охьа а дехкина, шен коьртара даьккхинчу корталица цаьршиннан йаххьаш дIахьулйира цо. Оцу дийнахь дIа ца доьхкира бераш. Майра цIа варе хьаьжира иза. Амма иза цIа ца веара оцу дийнахь.