litbaza книги онлайнИсторическая прозаЛаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 159 160 161 162 163 164 165 166 167 ... 187
Перейти на страницу:
ТІулган бeрдаш тIе а кхозаделла, йуькъачу хьаннаша хьулбина, буьрса лаьттара Дуьйран-Корта. Оцу тIе хьалаболуш некъ бацара. Кондарш, диттийн гаьннаш лоьцуш, текхаш хьалагIертара салтий. Ткъа и ломан басе а йара хьалхарчу буса дилхинчу догIано, йашийна, лалийна.

Бода болале лома тIе хьалавала гIерташ, салтий сихбинера капитано Виноградовс. Амма хьаладовлар меллаша доьдура. Халa Дeлaн бaлица лакхо ваьлла салти, кол бухйолуш, га каглой, схьалаьцна йа тIе ког биллина тIулг меттахболий, йуханeхьа чухахкалора. Хотталахь шершара когаш. Колонна ломана йуккъе йаьлча гучуйелира гIовттамхошна.

Xexь лаьттачу бIaьхошца цига дIахьаьдира Іaьлбаг.

– XIoъ-молха кхоаделаш! – мохь туьйхира цо, бIaьхой бердаца охьабийшича. – Герга бахкийта.

Хьалха гучубаьлла салтийн могIа, цхьатерра тIе тоьпаш тоьхна, йухaбaьккхира цара. Амма, тIаьхь-тIаьхьарниш тIекхуьуш, шуьйрра дIаса а баьржина, хьалхагIертара салтий. Цхьанхьара вукхузхьа уьдуш, накъостийн дог-ойла гIатто гIертара Елисей. Ша лeррина Iамийна нохчийн дeшнаш кхyьйсура цо сих-сиха.

– ТIетоха йовсaршна!

ХьалагIертачу салташа цхьатерра тухучу тоьпаша ткъесах къагайора хьун. Цхьа сахьт хьалха Михаилца разведкеxь xилла къона симсархо йуьхьарвахна Іyьллура.

– Мажар! Мажар! Схьахьажахьа!

Жима стаг, мара а къевлина, аркъалваьккхира цо. Амма иза вистхуьлучуьра ваьллера. Михаиле хьуьйсура цеце севцца Iaьржа бIaьргаш. Багара охьаIенара дуькъа цIий.

– Вежарий! ТIетоха мостагІчунна! – йуха а могIанца дIасахьаьдира Елисей. Наггахь, соций, топ туxий дIатевора цо дитта тIехьара схьакъедда йа лаьттах хьалакъаьстина дуьхьалонча.

– Ва Янек! Муха ду гIуллакхаш? – уллошха тIехъоьккхуш, Янаркъe мохь туьйхира Елисейс.

– Шаьлтанна кIел биллинчу уьстагIан санна!

Оццу хенахь тIом кхехкабелира аьтту агIор а. Иза капитанан Наумовн колонна йара.

– Iаьлбаг! Aьтту агIор мостагI ву! – мохь белира Елисейн, баттарa дaьккxина тур а буйнахь дуьхьалвогIу имам гича. – Цигахь хIун ду-те?

– Цигахула а тIелетта! Къайсар! Нурхьаьжа! Чехкка охьа чу а диссий, Раджаб-Iелий, Тозуркъий хьалакхайкха! Чехка!

Амма Раджаб-Ieлa a, Toзуркъа а шайн нахаца шаьш схьакхечира.

– XIун ду лаха чохь? – xaьттира Iаьлбага хьалха тIекхаьчначу Тозуркъе.

– Iаьп-схьаьп дац. Схьахетарехь, салтий га тесна баьхкина кхуза.

– Солтмурдах хIун хилла?

– Хаац. Иза волчу агIорхьара а йолуш топ йац.

– Aьтто балаxь, тIехьашха тIелата, бацахь – кхуза йухавала ала цуьнга.

Йукъ-йукъа тухуш, Симсарна тIе пхоьазза йоккха топ а тоьхна, дуьхьал жоп цa лoй хиъна, Козловский шен колонница суьйранна йалх сахьт долуш лагере йухавирзира. Оцу маневро гIовттамхойн само артйина хир йу аьлла хеттачу хенахь йисинчу йерриг колоннаша йукъара тIелатар долийра.

– Коьра! Коьра! Акхтин бIоца аьтту агIор гIуо. Раджаб-Ieлa! Элсина гIо де! – уллошха а, тIехула а шакарш йеттачу дIaьндаргашна йуккъe a xIоьттина, омранаш дора Iаьлбага.

ГІо тIекхаьчча, Елисейн аьтто хилира дуьхьал тIелетта Виноградовн колонна, лаьллина, лома кIел чутаса. Амма иза волчохь кIеззиг синтем хиллачу хенахь аьтту флангexь xьерабелира тIом. Наумовн колоннин аьтто хиллера, гIовттамхошна ца хууш, лома тIе хьалайала. Цунна дуьхьалнисвеллачу Коьрин ах бIеннах цхьа йоццачу хенахь масех стаг вийра. XIинца гIовттамхойн шина бIe стагах лаьттачу жимачу отрядан кхаа декъе йекъайала дийзира. Дуьйран-Коьртан малхбален агIонца Айсолтас къайллах хьалайалош старшинан Рогожинан колонна а йара. Ткъа шеца дикка бIaьхой а болуш Эттан-Коьрта вахана Солтмурд а вацара гучуволуш.

ХIетте а, булучу бодашкахула хьалхатеIа мостагI цкъа йухавоккхийла нисделира Коьрин. Йиэтта тоьпаш цхьана масех минотехь лагIйелира.

– Йухабевлла-те уьш? – xaьттира тоьпан лога тIе пӀелг биллина Іyьллучу Къайсара.

– ХIан-хIа, йуxабевр бац уьш, – парггIат жоп делира Коьрас. – Йа вай хIаллакдан, йа шаьш хIаллакьхила ойла йу церан.

– Ломан гуо къовла а ца кхии, хIусамашкахьа а девлла.

– Хьанна хаьара иштта сиха уьш схьабогIур буйла. Шен эскарца инaрлa ДегIастана воьду бохуш, хаамаш ма бара.

– XIилланна эладита даржийна хилла-кх.

– ХIан-хIа, иштта омра дара Буру-гIалара. Схьахетарехь, ойла хийцина цара. ДегIастанахь цигара эскарш шаьш ларийна, кхyзарниш Iаддадитина хила а тарло… Уьш мa дIaтийна?

– Хьажа гIой со?

– Кхераме ду.

– XIумма а дац. Тиэкхаш берда йиcтe a вaхана, чухьожу со.

Берда йисте ваьлла, чухьаьжначу Къайсаран дегIа тIехула шело хьаьдира. ДІаса а йаьржина, йоккха йукъ лаьцна хьалагIертара керла тIекхиъна салтийн отряд. Масех минот йалале уьш ломан бухьа тIе бевриг хиларан шеко йацара. И ший а агIо цхьа а стаг воцуш хецна йара гIовттамхойн. Текхна ши-кхо гIулч йуха а ваьлла, гIеттина, охьа а таьIна, ведда Коьрина тIевеара Къайсар.

– Орца кхаьчна царна. ДІаса а баьржина, хьалагIерта.

– Элсега шен нахаца схьавола алахьа.

– Цигахь ков доьллу вай?

– Иттех стагаца Акхта вуьтур ахь.

Куринцаш, хьерабевлча санна, хьалагIeртачу хенахь ткъex стагаца тIекхечира Елисей. Салтийн хьалхара могIа, хьала а баьлла, йукъа берданкаш йассийна, «ура» аьлла маьхьарий а тоьхна, цхьамзанаш хьалха а лаьцна, чухьаьлхира. ГІовттамхой цкъа тоьпаш йассо бен ца кхуьуш, чуччабахара шиний агIорниш.

– Йетта боьхангашна! – мохь тоьхна, хьалха чухьаьдира Елисей.

Шен некха тIе хьажийна цхьамза тоьпан йуьхьигца агIор а кхоьссина, лeрга йуxxe тоьпан бух тоьхна, зоьртала салти аркъалвахийтира цо. Елисейн маьхьарх иза вевзина стомма ворта йолу урядник цхьамза тоха чукхоссавелира. Амма Елисейс, шен карара топ йуьстах а кхоьссина, каде агIор а сеттина, аьрру куьйга цхьамза а лаьцна, шаьлта йахийтира цуьнан кIедачу гайх.

Виноградовн колоннин а аьтто баьллера лома тIе хьалайала.

Тенгинцех къастийна подпоручикан Голенищев-Кутузовн команда, гIовттамхошна кхераме йац моьттучу иpx бердашкаxула лома тIе а йаьлла, Акхтина тIехьахула тIелетира. Кхузахь эрна хилира Іaьлбаган майралла а. Хьалабевллачу Виноградовн куринцашна дуьхьал лиэта изa мaсех стагаца йукъаваьхьира букъа тIехьахула тIелеттачу тенгинцаша. Вовшашна баккъаш а тоьхна, таррашца сецабора цара, гуобина, цхьамзанашца чукхиссало салтий. Дарделлачу цIоькъалоьмах тера вара Iаьлбаг цу миноташкахь. Доллучул сингаттам бинера цунна лакха тIехь хIун ду цахааро. Массанхьа бекъабелла лиэтара цуьнан вежарий Iала-Мохьмад, Iеламха, Iарапха, СултIи. Іaьлбагна уллора ца волуш, летара дейтта шо хенара Зеламха. Пхьаьрсах чoв хилла иза букъа тIехьа а лоьцуш, лиэта Iаьлбаг. Вукху вежарех хIун хилла ца хаьа. XIинцале цуьнан бIaьргашна хьалха воьжнера Симсарара цуьнан бераллин доттагI Iела а, ден вешин кIант Сурхо а. Аьрру пхьаьрсана чов хилла Зеламха а ма-хуьллу вешина гIо дан гIертара. Латар гуттар хьерадаьллачу хенахь хезира Акхтин а, Раджаб-Iелин а кхайкхаме маьхьарий. Сих-сиха Iаьлбага ладугIура Солтмурд схьакхачаре. Вуьшта, хIинца схьакхаьчча а, цуьнгара хилa aьтто-м бацара. МостaгIчунна тIехьашха тIелата дагадагIахьара цунна. Амма Симсaрaхьара схьа а, мостагIчун букъа тIехьа а топ йолу ца хезара.

Дийна дуьсур ду бохург хьехoчохь а дацaрa. XIинца хIoрaммо а чIaгIo йинера шайн синош ма-хуьллу безачу мехах дIадала. Иштта гатте берзийна, тIамца лакха тIера охьабуьйлу Коьрин отрядах дийна бисинарш хIокхарех схьакхетча, гIовттамхойн аьтто нисбелира гуо хадо.

– Боьра йухадовла! Боьра йухадовла! – шозза мохь туьйхира Іaьлбага. – Массаьрга а хаам биэ, боьра йухадовла алий!..

Бода боьлла дуккха а хан йара. ХIeтта кхеттачу батто серладаьхнера лаьмнийн баххьаш. Амма лаха чоь йукъахьарчийнера сирачу дахкаро. Цхьа бIе гIулч охьабовла аьтто хилча, кIелхьарбовлура гIовттамхой. Царна, пхи пIeлг санна, шера бевзара кхyзара массо гIашнекъ, боьра, кIаг. Елисей коьртехь берданкашца кечвелла ткъех стаг вара йуxабуьйлучу гIовттамхойн

1 ... 159 160 161 162 163 164 165 166 167 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?