litbaza книги онлайнИсторическая прозаКхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 18 19 20 21 22 23 24 25 26 ... 38
Перейти на страницу:
ца кхийтира. Бехке ву!

– Ву, дера-кх. ТІехула тІе, каьмпара этІо дог. Цкъа кхаллал бен рицкъа дацахь а, иза оцу берашца йоькъуш Іаш ма йу иза. ХІетте а, Решеда шена къола дича, цуьрриг а оьгІаз а ца йоьду. Сийсара иза Іахар тилош воллуш тІекхаьчча, айса цуьнан цІога ца дохдарх дохковаьлла со. Иза ахь дийр ду моьттуш, Іийра-кх.

– ГІиллакхехь дацара, Сарыбай. Да-нана доцчу оцу мисканна муха тухур йара?

– Вайша ду-кх церан да-нана. Вай дац церан дола дан дезарш? ДІа чугІо. Чай кечдешшехь, сту хи тІе бигна вогІу со.

Нох дохуш бежаш лаьтта сту а, цунна улло хІоттийна цхьа сту бужу салаз а гича, Іабдул-Іаьзамна дагадеара ша Аюб цІа вало накъост воцуш хилар.

– Хьо чу хІунда ца воьду?

– Чувеана Іойла дац сан, Сарыбай.

– ХІунда? Иэхь хета хьуна? Дитахьа уьш! Хьо сол воккха ву, ахь аьлларг-м тарлур дара. Со а ма ву берийн да, сан кийрахь а ма ду дог. Цхьа кІант немцоша вийна Ленинградна уллохь. Byкхуьнан а бац тешам. ТІом – тІом бу. Цигахь цхьа минот а йац тешам болуш. ХІинцца дийна хуьлу хьо, ткъа цхьа минот йалале, мичара йогІу а ца хууш йеанчу дІаьндарго тухий йуьхьарвохуьйту. Кхузахь советан Іедал хІотточу шерашкахь басмачаш лоьхкуш лелла со а. Уьш мел къиза адамаш дара хьайна хаахьара. Амма фашистийн къизалло басмачаш а бицбина. ТІехула тІе, хІара тІом эзарзза нуьцкъала а, къиза а бу хьалха хиллачел. Керла герзаш, керла техника. Ткъа оцу бераша диъна уьстагІий дицдер вай. ХІан, вало, чай мала воьду вайша. Сту тІаьхьа буьгур ас хи тІе. Хьо а воцуш чу гІахь, йуха а дов долор ду каьмпара.

– XIaн-xIa, Сарыбай, сан дІаваха деза. Цхьанхьа-м лома кІел велла Іуьллуш тхан цхьа воккха стаг ву, боху. Иза цІа ца валийча ца волу. Сайца бига накъостий лаха а беза ас. Амма, ахь хIара сту а, салаз а сайга делча, накъостий лоьхуш къа а ца хьоьгуш, сихха вахана, иза цІа валош вогIур вара со. И гIуллакх дехьа суна, берриге дика болх суна бинарг хир вара хьо.

– Сту-м, хьала-охьа а, лур бара ас хьоьга. Накъост ца хилча, хьо хьуо ларор ма вац.

– КетIахь соьга хьоьжуш лаьтташ цхьа зуда йу. Тхойша ларор ду.

– ХІан-xIa, цунах гІуллакх хир дац, акхсакхал. ХІей, каьмпар! – чу кхайкхира Сарыбай – Йалол, чехкка йаха а гІой, ТургIанбай схьакхайкхал. Доккха гІуллакх ду ала. Ма Іелахь! Ткъа ахь и зуда цІа йахийта, Іабдулла- акхсакхал. Вай хилча тоьур ду.

И ши сту дІабоьжна валале, лаьттах Іаса а гІертош, букар сеттина, схьавеара лулара воккха стаг ТургІанбай.

VIІІ

ТІетоьхначу догІано тІадийна, шелбина, лелхийна бигна, ломахь цхьана жимачу хьеха чу боьхкина Лоьма а, Берса а, Юрка а, Адашбай а, цІа баха догІа дІатере хьоьжуш дикка Іийначул тІаьхьа, и соцург а ца хилла, цІе а латийна, паргІатбевлира.

Дукха хан йацара веа кІентан доттагІалла тасаделла. Цхьа кІира хан. Лоьма доьшуш вацара, ткъа Берса а, Юрка а, Адашбай а цхьацца классехь доьшуш вара. Царна йуккъе гергарло теснера дукха хан йоццуш ломахь гучубевллачу акха кхуьучу хохаша. Дуьххьара кхузахь цхьаьнакхеттачул тІаьхьа, хІор а дийнахь цхьаьний богІура уьш лома. Кегий тІоьрмигаш дуззий хІетта хьалабевлла сийна хохаш а бохий, дечиган кегийра маххьаш ги а духкий, суьйранна цІа богІура уьш. ГІуллакхал сов, вуьшта а самукъане дара лаьмнашкахула кхерсташ. Къаьсттина Берсина а, Лоьмина а дезалора и гІуллакх. Оцу тІулган лаьмнаша цаьршинна карладохура генахь дисина даймехкан лаьмнаш. Амма, цаьрца дуьстича, хІорш цхьа дерзина, десте санна, хийра, шийла хетара.

ДогІано тІадийна бедарш йакъо гІерташ, цІерехьа цкъа букъ тухуш, тІаккха агІо лоцуш, хевшина Іаччохь дІасахьийзара уьш. Хабар дийца дог ца догІура цхьаннен а. Шелонна а дацара иза. Мецачу чоьнн тІе биъначу кІочу хохаша дог керчадора. Уьш бераш делахь а, хІораннен а дагна тІехь шайнначул бала а бара церан. Мере оьзначу голашна тІе корта а биллина, ши бІаьрг цІерга а боьгІна, Іара Юра. Аьрхачу Лоьмас шеквоцуш тІера схьайаьккхина шен эттІа тужурка цІерга хьийзайора. Халла хезаш ша-шена илли бохура Адашбайс. Ткъа Берса, шен йоьхна неІармачаш дІа а йаьхна, тІергІан пазаташ йакъо гІерташ воллура.

– Стенна оллавелла хьо, Юрка, гІийла буо санна, горгвелла охьахиъна?

Юрас доккха садаьккхира.

– Советски эскаран дезде ма ду тахана. Ткъа тхан дай, вежарий генахь леташ бу. Хьанна хаьа, сан да кху минотехь мича хьолехь ву, йа дийна ву, вац а…

– Цунна гІайгІане воьжнера хьо? ХІумма а доцург! ТІамехь чов хуьлу, виэн а вуьй. Іожалла цкъа бен хуьлуш йац. Дала ша адамаш кхуллуш хІоранна а тоьхна хан йу дуьненахь ваха. Шен оьмар чекхйаьлча, цхьа а минотехь а вехар вац. ТІамехь верг леш, цІахь верг ца леш ма дац. Цигахь Іожалла йоьгІнарг лийр ву, цайоьгІнарг могаш-дийна цІа вогІур ву. Ойланаш йан ца оьшу.

Юра, кхин вист ца хуьлуш, хьалха санна, дІатийра. Цкъа Лоьмина а моттаделира ша цуьнан дагна маслаІат дина.

– Кху дийнах лаьцна кхин хІумма а дагадогІий шуна? – хаьттира Берсас, шен болх йукъах а баьккхина, цІеххьана.

Юра а, Адашбай а хаттар луш, Берсе а хьаьжна висира.

– ХІаь, тахана-м вай махках даьхна нийсса шо кхочий, – бухара балда цергашна йуккъе а лоцуш, масазза а корта таІийра Лоьмас.

Хьехахь йуха а тийналла хІоьттира. Йукъ-кара лайн чимаш а ийна, арахь тІедетта шийла догІа. Вовшийн даа санна, мацалла хьерча йоьхьаш. ЦІахь доцу дика хьал. Юрин сагатделира. Лаьара, хІуъу дина а, хан йацйан.

– КІентий, дийцийша тхуна, шаьш схьа хІунда далийна, – дехар деш, Лоьмина а, Берсина а тІевирзира иза.

Берса вист ца хилира. Цунна ца лаьара шел воккхачу, цІера арадахале цхьанхьа-м гІалахь доьшуш хиллачу, маттана шерачу Лоьмина хьалхалелха. Ткъа Лоьмина дага а ца догІура накъостан хаттарна жоп дала. Йохйелла, тІера Іаь гІуьтту тужурка парггІат тІе а йуьйхина, тІаккха шен когара буьхьигаш хьала а хьаьвзина лаьтта английски ботинкаш схьа а йаьхна, когех хьерчийна тІелхигаш йакъо хІоьттира иза. Карладелира цхьаьнгге ца дуьйцуш ша даг чохь къуьйлуш латто цхьа кІира хьалха комендантца шен даьлла дов.

– Баккъалла а, дийцахьа, Лоьма, – Юрина тІетайра Адашбай a. – Шух лаьцна наха ца дуьйцуш хІума дац-кх. Шу басмачаш хилла, аш фашисташна гІо дина, боху-кх…

Лоьма оьгІазе Адашбайга хьаьжира.

– Ларлуш хила, кІант! Хьанна хаьа, сан карара хецайелла xIaра ботинка хьан муцІарх кхетахь а. Тхуна мичара хаьа, тхаьш схьа хІунда далийна? Хьуна хуур дарий, цхьана Іуьйранна хьуо, меттара а гІаттийна, шарбал тІе йуха а ца кхиавеш, хьалха а иэккхийтина, тІаьхьашха тІе автомат хІоттийна, лаьцна вигна, таІІийна вагон чу а воьллина, тІехула тІе аьчган зайл хьовзийна, неІаре автоматчикаш а хІиттийна, цхьана беттан некъа генна махка

1 ... 18 19 20 21 22 23 24 25 26 ... 38
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?