litbaza книги онлайнИсторическая прозаКхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 20 21 22 23 24 25 26 27 28 ... 38
Перейти на страницу:
йарташка балийна салтий. Іа йуккъе далале, массо йурт йуьзира цара. ХІор а доьзалехь пхиъ-итт бІаьхо. Хьаша везаш тІеоьцу тхан халкъо. Иштта ду тхан дайшкара схьадогІу гІиллакх. Ткъа бІаьхой уггаре а лоруш лело ма безара. Тхан а ма бара фронтехь дай, вежарий. Оха салтий лоьрура, церан сийдора, тхайн ма-хуьллу церан догъэца гІертара. Цара тхан сискал а, оха церан чоьрак а йууш, цхьа доьзал санна, тхо бертахь дехаш дІайоьдура хан. Уьш цигахь хІунда латтабо ца хаьара тхуна. Шу кхуза хІунда далийна аьлла, хаьттича, цхьаболчара – хаац, вукхара – садаІа, кхечара – ламанца тІом бан Іамо далийна, олура. Европехь лавинаш йу. Цигахь фашисташца тІом бан Іамо. Кест-кестта, йуьртал ара а буьйлуш, учебни занятеш а йора. Наггахь, буьйсанна тревога а лой, хьала а лоьлхуьйтура.

Шайна ца хезаш цхьа дош тІехтиларна кхоьруш, леррина ладоьгІура Юрас а, Адашбайс а. Йуьхьанца забаршна, Іиттаршна тІера волавеллачу Лоьмин дешнаш хІинца дегнаш Іийжош дуьйшура берийн кийра. Лоьма ша а дІалаьцнера шен къамело. Цунна ца хааделира лелхачу арчанан дечигах схьакхоссабелла суй шен аьхначу хечин кога тІе бужуш а, иза, кІур туьйсуш, бамбех булуш а. Цо къамел ца сацийра Берсас и цІе дІайойъуш а.

– Нийсса шо хьалха, 1944-чу шеран феврала 23-чу дийнахь хилира и бохам. Тахана санна, кхоьлина деанчу цхьана кхаарин дийнахь. Іуьйранна арабевллачу салташа тхан йуьртара берриге а боьрша нах школе гулбира. Советски эскаран де даздеш, собрани гулбо, бохура. Оццу Іуьйранна, оццу минотехь изза динера нохчийн а, гІалгІайн а йерриге йарташкахь. Йуьртара берриге а боьрша нах чугулбелла бевлча, неІаршка ха хІоттийра. Корашна уллохула хевшинчу нахана арахьаьвсича гира, хІора корана тІе йуьхьигаш йерзийна хІиттийна лаьтта пулеметаш а, церан логаш тІе пІелгаш дехкина, царна уллохь Іохку салтий а. Адам цецделира. Иштта буьрсачу хьолехь хІунда даздо Советски эскаран де? Мила ву царна кхерам туьйсуш? Йа хьанна кхерам бу оцу машаречу нахера? Уьш цецбевлла а бовлале, царна хиира, эпсарш собрани йан гІерташ ца лелий. ХІетталц оцу йуьртахь царна гина а, йа оцу эпсарийн духарх тера духар а доцчу цхьамма, дІаса а ца хьийзош, нахе омра дира, шайгара герз охьадилла аьлла. ХІун герз? Тилла-х вац хетий и эпсар? Амма эпсаро хеттарш дихкира. Цо пІелг хьажийра нехан йукъах йихкинчу шаьлтанашна тІе. Шуна хаийта боху ас, законехь нохчашний, гІалгІашний бакъо йеллера шаьлтанаш лело. Церан духаран цхьа меже и лоруш.

Маьрша, машаречу колхозникаша, хьала а гІуьттуш, дайшкара дуьйна схьа лелош хилла шаьлтанаш, схьа а йостуш, капитулянташа санна, эпсарна тІе а оьхуш, цунна хьалха уьш охьатуьйсуш, оьла йира. Шайх деш дерг ца хууш хьийза нах йуха шайн-шайн метта дІанисбелча, оццу эпсаро боцца хаам бира: «Нохчийн, гІалгІайн халкъаш – йамарт, зуламе халкъаш ду. Царах баьллачу бехкана таІзар деш, правительствос сацамбина нохч-гІалгІайн халкъ гуттаренна а даха Юккъерчу Ази а, Казахстане а кхалхо. Кхалхочийн хьашташ кхочушдан бухахь бина кечам бу. Нагахь санна цхьана стага дуьхьало йахь, йерриге а йурт хьаллакйийр йу. Йуьртана бина гуо бу сийсара дуьйна. Цхьа а стаг а йуьрта вуьтуш а, йа чуьра араволуьйтуш а вац. Бертаза йуьртара аравала гІоьртинчунна герз тоха аьлла, дина омра а ду. Кху чуьра нах арабохур бу нийсса ши сахьт даьлча. Оцу шина сохьтехь йуьртара дерриге а адам – къена а, къона а, зударий а, бераш а – цхьа а са бухахь ца дуьтуш йуьртах ара а даьккхина, билгалчу метте дІагулдина хила деза. ТІаккха, гуонах ха а хІоттийна, шайн доьзалшна тІе дІадуьугур ду шу. ХІинца цкъа шуна йуккъера цхьа масех стаг аравоккхур ву. Эпсаршца цхьаьна баха а бахана, цара йуьртахь дІакхайкхо деза кхузахь шайна хезнарг. Адам кхалха кечдан деза цара. Адамашна кечдала а, йиллинчу метте дІагулдала а йелларг ши сахьт хан. Вада гІоьртинчунна а, ши сахьт дІадаьлча юьртахь карийначунна а тоьпаш тухур йу. Совнаха мохь новкъа ма баккха. Шайн тІейуху бедарш а, мотт-гІайба а, цхьана баттана кхачан сурсаташ а. Цул сов мохь машинашна тІебоккхуьйтур бац.»

Нахана йуккъехь гІовгІа йелира. Цхьаболчара бохура летта дала деза. Бисинарш дуьхьал бара. ХІун гІуллакх ду эрна хІаллакьхила? Вай дуьхьало йича, цара къенаниш, зударий а, бераш а дойъур ма ду. Делан болх ма бу хІара. Дала динчунна муьтІахь хила деза. ТІехула тІе, хІокхара лелориг, Іедална а, Сталинна а ца хууш шайггара лелош хила а ма мега. Сталинна хааза дуьсур ма дац хІара. Йа вай кхеро хІоттийна кеп хила а тарло. Йуьртах а даьхна, йуха цІа хоьцур ду… Доцца аьлча, болх Далла а, Сталинна а тІебиллина, сецира адам.

Оцу Іуьйранна деша дахана бераш новкъара а, школан кетІара а охьахьийсийра. «Тахана мукъа дуьту шу, – бохура цаьрга. – Шун школи чохь собрани хир йу. Аш садаІа». Мукъа дисира и де а, шолгІаниг а, кхоалгІаниг а. Бутт а. Ткъа дукхахболчарна ца дуьйгІира кхин цкъа а парти тІе ховшар.

Цхьа сахьт далале адам махьшаре лоьхкучу дийне тарйелира йурт. Зударийн цІогІанаш, доьлхучу кегийчу берийн маьхьарий. Къонахоша оьгІазе бетта барт. Махкана хиллачу бохамах кхетча санна, Іоьху даьхний, угІу жІаьлеш. ДогІмех цІераш хьаьлхина адамаш. Йуьртал арахьа маьІ-маьІІехь дуьйлу герзаш…

ХІетталц довха, маьлхе дара денош. БІаьстенна йалташ дІадийна довлла дохкура. Халкъана тІехь хІоттийна харцо ца лайна дара а хаац, йа Делан таІзарна дара а хаац, мухха делахь а, оцу дийнахь карзахделира Іалам. ЦІеххьана кхоьлира стигал. Йуьхьанца меллаша дилла доладелла ло буьрсачу дарце дирзира. Суна цкъа а мел шийлачу Іай а ца гинера и тайпа дарц. Оцу цІемзачу дийнахь, шайн йовха хІусамаш йуьтуш, арадуьйлура адамаш.

Ойла йехьа, Юра, цІа дуьззина доьзал болчу стеган. Цуьнан аьтто бац царна массарна а бедарш, мачаш эца. Йа, аьтто боллушехьа, эца мало йеш Іийна иза. Йа берашна стенна оьшу и барзакъаш, уьш стенга гІур бара бохуш, Іийна иза. Йовхачу хенахь тІехь шарбалш, когахь мачаш йоцуш ловзуш лела цуьнан уьш. Шелйелча – чохь совцу, йа лула-кула ловза боьлху. PoггІана цхьа мачаш йухуш, цхьа пальтон тІелхиг тІе а кхуллуш. Арахь шелбелча, бохбала чу а лелхаш. Ден-ненан ойла йац Іаьнан шелах уьш эцна цІера арабовла. И ойла хилча-м, цара хьалххе кечамбийр бара. ЦІеххьана хьийзочу дорцала аравала аьлча, да-нана мича хьоле дужур ду хаа хала дац.

Нохчийн боьршачу стагана эхь ду нахана а гуш шен бер ги доьллича. Амма оцу дийнахь уггар ша бен мила ву бохучу къонахчун гихь а, карахь а цхьацца бер дара. Гихь а, марахь а цхьацца бер дара ненан а. Истангех, йургІанех хьирчина, йуххе девллера дисинарш. Жимма а мохь айъа ницкъ болчун каралаьцна, ги боьллина а шенначул мохь. Гоьллелц догІучу лайлахула когашІуьйра салтийн гонна йуккъе а хІиттина

1 ... 20 21 22 23 24 25 26 27 28 ... 38
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?