litbaza книги онлайнИсторическая прозаКхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 21 22 23 24 25 26 27 28 29 ... 38
Перейти на страницу:
йуьртах буьйлура уьш. Суна гира оцу Іуьйранна салташа йийначу Айзанан майра шен берашца араволуш. «XIaра хир дуйла хиънехь-м, шуна тІе а, кога а духучунна гІайгІа бина хир ма бара ас, бераш, – элира цо, йалх бераца уча а ваьлла. – ХІинца дан хІума дац-кх. Далла тІе болх биллина, новкъа девр ду-кх вай».

Гихь а, карахь а цхьацца бер дара цуьнан. Йуххе даьккхина каралаьцна цхьацца шад а болуш – диъ. Чохь маьнги тІехь йахйина Іуьллуш йисира оцу берийн нана. Ворданахь цІа деанера цуьнан дакъа. Оцу бераша хьоькхучу маьхьарийн цІогІано дог дорура адамийн.

Ткъа цхьаболчу салташа, бІаьргех мела хиш а лиэшаш, гІо дора нахана шайн миска сал-пал некъана кечйан, уьш чуьра арайаха, йиллинчу метте дІайахьа. Церан гихь а, карахь а гора кегий бераш, къен ларчанаш. Уьш гІертара берийн догъэца, баккхийчийн дог-ойла айъа. Ткъа шаьш а боьлхура. Церан дегнаш а дара Іийжаш, кхарзалуш. Амма церан ницкъ бацара и алха иэрчо сацо…

Амма оцу догдикачу салтийн эзарнашна йукъахь къизаниш a бовлура. Ишттачара хан ца лора некъана кечамбан а, оьшург схьаэца а. «Даймахкана йамартхой!», «Бандиташ!», «Фашистийн хьадалчаш!», «Аш Гитлерна гІо дина тхан доьзалш хІаллакбан!» – бохуш, чехош, Іуьттуш нах хьалхатуьттура цара. Тхо машина тІе дохучу буса суна хьалха нисйелира жима бер карахь зуда. Цкъа а машинашна тІе мичхьахула а, муха йала йеза а ца хаьа, тІехула тIe карахь жима бер долу иза хьейелира тІе ца йалалуш. Йуххехь лаьттачу салтичо катоьхна ког лаьцна цуьнан карара схьадаьккхина бер кхоьссина йуьстах лайлахула дІадахийтира. Мохь хьаькхна тІехьаьдда нана, и схьа а эцна, кхоьссина бер хьалха тІе а дахийтина, сихха хьалайелира.

Ас бехк ца буьллу оцу салтичунна. Хьанна хаьа, цхьанхьа фашисташа хІаллакбина хила тарлора цуьнан доьзал. МостагІех бекхам эца лаарх дуьзна хила тарлора цуьнан дог. Хьанна хаьа, цунна хьехна хила тарлора, нохчаша гитлеровцашна гІо дина, уьш йамарт нах бу, хьан доьзал церан гІоьнца хІаллакбина бохуш. И бакъ моьттуш, оьгІазло йоьссина хилла хир йара-кха цуьнан даг чу.

И буьйса йаккхийтира тхоьга эвла йистехь, йерзинчу стигла кІел. ГІодмийн цІевнех, истангех цхьа баннаш, четарш тайпа бахьанаш хІиттош, цу чу мох ца кхете ловчкъийра бераш. Буса сахиллалц йагош цІераш, царна гонаха, кІуьро бІаьргаш Іийжош, хевшина Іара адамаш. Ткъа гуонах луьра ха лаьттара. Туьпа тІе а йерзийна, гунашна тІе хІиттийна пулеметаш. Гуонах хьийза автоматчикаш. Цаторчу гІуллакхна а йуьстах ца волуьйтура цхьа а.

Шелоно сендинчу берийн белхарш. Цомгашчийн узарш. Хехоша детта маьхьарий. Оцу йуккъехула салташа пондарш а, эшарш а лоькхура. Кхоьлинчу стиглахула кхерстий, шийлачу дорцаца лаьтта охьадоьлхура къеначара олучу сингаттамечу назманийн аз. Наггахь, адамийн дог-ойла ойъуш, декара халкъан иллеш. Цхьаццанхьа йукъ-кара хелхаран бал а боккхура.

Кхин а ирча йара шолгІа а, кхоалгІа а буьйсанаш. Вуон дара ламанан некъаш. Цига машинаш йахкалур йу бохург хьехочохь а дацара. Тхо царна тІедаха дезара. Шен дегІаца воьдучу стагана сарралц бан а боцу некъ оха шина дийнахь бира. Дийнахь меллаша дІаоьхура, суьйранна, цхьанхьа туп тохийта, гуонах xa a xIoттадой, совцадора. Тхан некъ лекхачу дукъаца охьа бара. Ткъа дукъаца къаьсттина а шийла хуьлу. Цхьана минотана а оха дог ца дуьллура тхаьш тхайн хІусамашка йухадерзор ду бохучух. Амма кхоалгІачу буса йаьхкина тхуна тІехІиттира тІехула гатанаш тоьхна йолу американски студебеккерш. Царна тІе а дохуш, герггарчу станцешка а дигна, даьхний дIасалелочу вагонаш чудоьхкира. Уьш хиллера тхуна кечйина. Ши этаж полканаш йеш. ХІор а вагонна чу – тІекІел 20-25 доьзал. Шайн сал-палца цхьаьна. ТІаккха болабелира и Іазапан беха некъ. Де-буьйса далале, цхьа хьожа хІоьттира чу. Дийнахь цкъа-шозза бен чура ара ца довлуьйтура. Йуьстах ваьлла дан дезачу гІуллакхо бІарздора адамаш. Арахула дІакъевлина неІарш дІа ца йоьллура, хьо леш валлахь а. Бовха кхача хьехочохь а дацара. ДогІмаш, тІера бедарш бехйеллера. Мезаша хьийзадора. Йукъа йаьржира цамгарш. Дедда йукъа цхьаццанхьа эрна арахь эшелон сацийча, вагонаш тІера охьадохура беллачийн декъий.

Новкъахь сиэцарш дукха хуьлуш, цхьана батте девлира тхо схьа ца кхочуш. Цхьанхьа станце кхочуш сатуьйсура цигара мукъана а тхаьш йуха цІа дерзоре. Амма, шуна гуш ма-хиллара, ца дерзийра. Цхьа шо а кхечи, тахана-кхана цІа доьлху бохуш. Шо кхечи нохч-гІалгІайн халкъ дуьненан карти тІера дІадаьлла, тхан ненан маттахь йоза-дешар доцу, радио чухула дош ца хеза, тхох лаьцна зорбанехь дош ца олу. Амма оха диканах дог ца дуьллу. Тахана шо кхаьчча а, цІа ца диги тхо. Кханенга сатуьйсуш, цо диканиг дохьур ду бохуш, цунах маслаІат деш, лийриг а ле оцу нана-даймахке сатуьйсуш, цуьнга кхойкхуш. Цо собар, хьуьнар луш деха тхо. ДогІур ду и де, мацца деана а. Цунах тиэша со. Тхо дерриге а тиэша…

Лоьмин хабар чекхделира.

ЦІераца дІа когаш а хецна, тІулган цІенкъа гола а гІортийна, куьйга тІе корта а биллина, Лоьмин хабаре ладоьгІуш тевжина Іара Берса. Йуьхьанца цунна хезара и къамел дерриге а. Биэндоцуш ладоьгІура цо цуьнга. Наггахь, йуккъе чІеш хьовзадой, цІе марса а йоккхуш, накъостийн йаххьашна тІехула бІаьрг кхарстош, цара и къамел тІе муха оьцу а хьоьжуш, Іуьллура иза. Амма, дукха хан йалале, шен ойланца иза ша а вахара генарчу даймахка. Цо ша а ойланца карладохура оцу ирчачу дийнан сурт. ХІоьттина ши бІаьрг цІерга а боьгІна Іуьллучу цунна цхьа набарха санна хезара хьеха чохь гІайгІане доьлху Лоьмин къамел. Ца хаалора шийлачу тІулгаша шелбина агІо тхьус булуш а. Ца гора Юрин а, Адашбайн а бІаьргех леша сирла хиш а.

Лоьмин хабар сецча, шен ойланех цІеххьана самавелира иза. Хьалха санна, арахь тІедеттара шийла догІа. Даккхийчу тІадамашца ладарш Іено хьехан тхевнаца хьалха дІакхевдина тІулган йоккха экъа йоьлхуш санна хеталора. ХІоьттинчу тийналлехь хезара Юрас уьйзу са а, Адашбайс ден къора къурдаш а…

IX

ХІетта йолайеллера шолгІачу сменин занятеш. Хезара классашкахь урок хьоьхучу хьехархойн къамел, бераша лун жоьпаш a. Арахь ца соьцуш, шен кабинета чу а вахана, охьахиира Николай Кузьмич. Дешаран шеран кхоалгІа четверть чекхйала герга йара. Хьехархойн урокашка эха а, царна балха тІехь гІо дан а дезара. Амма Николай Кузьмичан дог ца догІура тахана хІумма а дан. Баккъала аьлча, ши-кхо бутт бара иза кху школехь цхьа а хІума кара ца догІуш лела. Колхозехь парторг волу иза йуьртан а, колхозан а гІуллакхаша ца вуьтура шен балха тІеверза. Цо жоп ло оцу йуьртахь хуьлучу муьлххачу а гІуллакхах. Иза дика кхетара шена тІехь лаьттачу жоьпаллин декхарх. ТІеман зама ма йу хІара. ТІом гена малхбузехь белахь а, хІара а йу шатайпа фронт. Къинхьегаман фронт. Тылан балхах дозуш ду толаман гІуллакх. Покровка-м лаьмнашна йукъа а йахана лаьтташ цхьа йурт бен йац. Амма къинхьегам, низам а хила деза массо йуьртахь, массо кІотарахь,

1 ... 21 22 23 24 25 26 27 28 29 ... 38
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?