litbaza книги онлайнИсторическая прозаЛаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 ... 187
Перейти на страницу:
оьгIазйахана, марсайаьллера. XIун дара а, хаац, и тIаьххьара минот шарал йахйеллера Мохьмадна. Ткъа дозанна бина зил ворxІ ломал дехьахь болуш санна хетара. Цунна тIекхача масех гIулч йисча, кийpa гaтбеллера тохaдeллачу дагна.

– Човхайе, Мохьмад!

– ГIел ма ло, Iабди!

– BIoйт! ВIийт!

Лечин хьалхара ши ког дозанах дехьатилча, тIехьа хьаьжира Мохьмад.

Цунний, Iабдиний йуккъexь кхо гIулч йара.

Ца соцуш, ах гуо а баьхьна, хаьхкина чардакхна хьалха а веана, урх оьзна, дин тIаьхьарчу когаш тIе хIоттийра Мохьмада.

ГIадбаханчу наха тоьхначу маьхьарша Іадийра майда.

4

Хаьхкина говрахь тIевеанчу Іусмана, Мохьмад тIера чу а воссийна, хьалххе кечдина иcтaнг букъа тIе а тесна, шена улло йаьккхина, йайн йорт эцийтира Лечега.

– Гopа, борз, йаI! Цхьана йуккъexь воха ца воьхнера хьо? – хаьттира Болата Мохьмаде.

– Дера, ца воьхнера…

– Воха-м ца воьхнера иза, ХортIин Iабдех кхеравеллера-кх, – кхоьссира Iумара.

Мохьмад гома хьаьжира шиче:

– ДІайаккхахьа и хIуора!

– Бере-м вуон вац, – кIантехьа гIо даьккхира Iаьлбага. – Цхьа гуо а гал ца велира. Дика кIант ву.

ХІокхара къамелаш дешшехь, Акхболатан Ахьмада говрашца хьуьнарш кхайкхийра.

– Хьалха кхаа урах дехьа а, кхаа гIуркхана тIехула а эккхийтина, йогучу цIарна йуккъехула a бaьккхина, берда йисттехь дин сацо беза беречо, – кхетабора цо къовсархой. – Царах цхьаннах чекхвалаза висинарг йуьстахволу. Нагахь масех бере берда йистте кхачалахь, царах уггар йисттехь дин сацийнарг тоьлларг лорур ву. Къовса кечбелларш дIо дозане дIагIо. ЦIe марсайаьллачу хенахь тапча кхуссур йу ас. Шун пурбанца, сой, Акхтий берда йисте воьду.

Оцу уггар чолхечу, кхерамечу къовсaрeхь дакъалаца лууш иттех стaг бен ца велира.

– Вай хьалхадовлу йа тIаьхьасовцу? – xaьттира Iаьлбага Къайсаре.

– Ахь хIун олу, Болат?

– Нахе а хьаьвсина, тIаьхьа йукъадевлча?

– И де аш, – къoбaлдира царах уггар воккхачо – Iaьлбаган вашас Iала-Мохьмада. – Сиха дахана хи хІордах кхетта дац, боху. ХьалхагIертар дика дац. Нехан гIалат а гур, цунах Iалашдалар а хир.

Хьалхайовла говраш хохкуш санна, хIинца маьхьарий ца деттара наха. Шаьш чIогIо дистхилча а, говр галъйаларна кхоьрура. Амма йукъайаьхначу говpex шиъ бен берда йисте цa йeара. Шиъ – оьрнех тIеxлелхаш, цхьаъ – гIуркхашна тIехула оьккхуш, йуьйхира. Йалххе говр цIерах дехьаиккхира, амма шиъ бен ца йелира йуккъехула.

– Бенарчу Солтмурдан говр бердан йистана кхо аьрша генахь сецна! – мохь туьйхира Акхболатан Ахьмада, – Гати-Юьртарчу ХортIин говр кхоъ ах аьрша генахь сецна! Кхин вуй къовса лууш?

Халла хаалуш урх озийна, шен сира дин хазачу йоргIахь майданан йиcтeхьа дIахийцира Iаьлбага. Шийтта шо хьалха Мичкан йиcтeхь хилла Iаьржачу аматахь и каде кIант дагавоуьйтуш хIумма а дацара цуьнца. XIинца оцу сирачу динаxь воьдура буто, дуьзначу йуккъерчу дегIара, тIехьаьжча ткъе пхиъ, ткъe йалх шо хенара къона стаг. Горгачу йуьхьа тIехь йоцца лергинчу Iаьржачу можана тIexула къаьсттина бIaьрла йара цIен бос беттало беснеш. Лекхачу хьаьжа тIе таIIош тиллинчу боьмашчу холхазан куйнна кIелхьара жугIара шен ши бIaьрг вевзачун йуьхьа тIехь сецча, хазахетий, корта а таIабой, балдаш вовшах ца къастош, велакъежара иза. Духарца а, герзаца а къаьстара иза кхузарчу адамaшлaxь. Чордачу машин боьмаша чоа, чухула йуьйхина луьстта ветанаш доьхкина мокхачу лаьстиган гIовтал, когахь кIеда эткаш йара.

Iаьлбаг йукъаваьлча, майданна тIехула лохха гIyгI делира.

– Иза мила ву?

– И ца вевза хьуна? Симсaрaрчу Олдаман кIант Іaьлбаг-Хьаьжа ма ву иза.

– Нохчмахкахь цIейаxxана вуьйцу Iеламчий?

– ХIаъа.

– Иза маца кхиъна оццул воккха молла хила?

– Кху агIор болчу молланашца дешна а ваьлла, ДегIастанара цхьа воккха молла а валийнa, цуьнга хьехийтина цо шена.

– ХIай-хIай! Генарниш чибара ма бу! Исс Къуръанах дуй буур бара-кх ас, цо валийна молла нийса бисмилла деша хууш хир вац аьлла.

– Хьаьжо ву, цa боху иза?

– Баха а ца бохуш, ву-кх.

– Оццул къоний?

– Цул воккха Iала-Мохьмад а, жиманиг Iеламха а – кхуьй а ву уьш хьаьжо.

– Чалба ма йац цуьнгахь?

– Хаац, лелайац-кх цо.

– Вукху вешехь а йац…

Майданна йисте кхaьчча, ша кхуза стенна балийнa xyy Iaьлбаган дин синтем байна хьийзара, дуткъа-деха кIайн лаг сеттош, гаьллаш йегош, берг йетташ, бай охкуш. Говран логах дайн куьг туьйхира цо. ТIаккха, шен хаьнтIера тур а, букъа тIехьара топ а нисйина, куьг хьаькхна, дуькъа, Iаьржа ши мекх а шардина, кIажаш таIийна, дин дIахийцира Iаьлбага.

– МашаллахI, бIаьрг ма хила хьуна!

– ХІоппIахь! ХІоппIахь!

– Ва нах, тIемайолуш хетий иза?

– Лаьттах ког-м ца хьакхало!

– ХІоппIахь!

– Бере, хьаха, ву динна тIехь воьттича санна!

– XIoппIахь! ТІaьххьара гIуркх!

– КIайн леча!

Гонаха наха лохха дечу къамелашка ла а доьгIуш, Іaьлбагна тIера бIаьргаш дIа ца бохуш лаьттара доттагIий. Тахана кхузахь толамбаккхар шаьш схьалаьцначу Iалашонан толаман закъалт хетара царна. Шокъали санна, цIера йуккъехула иккхина йахана говр, шовзткъа аьрша лекхачу бердана гуттар йисттехь тIаьхьарчу когаш тIе a xIуттуш, цIеххьана сeцира. Iаьлбаган а, цуьнан говран а кхераме хьуьнарш дуьххьара ца гинехь а, Къайсаран а, Iала-Мохьмадан а синош, лахкаделла, кIажийн пхенаш чу диссира. Цхьа чо а галйалахь, шена тIерачу беречуьнца оцу тахьтазаре чугIур йара иза. Амма Iаьлбаг шек а вацара. Оцу хьолехь минотехь сов лаьттира иза, Ахьмадан, Акхтин дехарца ша дIаваккхалц. Ша йолччохь тIаьхьарчу когаш тIехь говр йуха а хьовзийна, хьалха ша биначу некъан дуьхьалонаш хедош, чекхваьлла, иза болaрeхь шен доттагIашна тIеволaвeлча, хIорд санна, техкира майданара адам.

БолатгIарна уллохь лаьттачу нехан къовсaмaш бевлира.

– Маккахь-Меданахь мел дешначу Къуръанор, ву и стаг эвлайаийн дакъа долуш!

– Дика дин хилча, дакъа а хуьлу.

– Хьо хаал цунна тIе?

– Хиъча, дера, ву хьалха тIенисвеллачу ор чу вужур!

– Йа, цIeргахь хечин айла а йаьгна, вуьсур!

– Маккахь даьккхина жайна хир ду цуьнан дегIаца. Йа цуьнан говран хьаьжа тIехь кхозучу хIайкална йуккъexь.

– Хабарш! ДуьххьалдIа майрачу беречо, ша санна, майра дин a Iaмийна.

– Хьажа, хьажа! Эла Авалу ву цуьнга куьг лестош!

Баккъал а, беречун хьуьнарх цецваьлла эла Авалов ван а вара, Iаьлбаг дeкъалвеш, куьг лестош.

– Бакъволу бере ву иза! – бохура цо уллорчу Чомакхе. – Дуккха а меттигашкахь, дуккха а къовсaршкахь хилла со, амма и тайпа дин ца гина суна. Мичара ву иза? Симсарара… Симсарара… Зандакъана къилба-малхбалехьай? ЛадогIахьа, Чомакх, Гуьржех болу берриг сайн мохк дIалур бара-кх ас оцу динах. ГІой, мах бийцахьа цуьнца.

Чомакха корта хьовзийра:

– Бухкур бац.

– Кхо мах белча а?

– ХIара Яьссин тогIе йуьззина деши делча а.

– Ой, иштта хьалдолуш ву иза?

– Къен а вац. Амма ламанхоша иштта дин а, герз а атта дохкац.

– ХIета, дуьтур вай иза, – куьг ластийра Аваловс.

Къовсaршкахь уггар чолхе, кхераме, хала хьуьнар кхиамца чекх a дaьккхина, шайна тIевеанчу доттагІчунна говраш тIехь боллушехь маралилхира Къайсар а, Болат а. Къона ІумаргIар бIаьрг буьзна хьуьйсура цуьнга. Шена и дерриг бен ца хетачуха, вист ца хуьлуш Іара Iала-Мохьмад. Амма жимахволчу веше бовха безам а, цуьнан майраллеххий, хьекъалххий, Iилманаххий дозалла дара иза цунна виллина дIа улло

1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?