Шрифт:
Интервал:
Закладка:
Шаьлтанан макъарна тIе куьг диллина, цхьа ког хьалха а тесна, нeIapexь лаьттачу ИсмаьIала, капитанан багах тIаьххьара дешнаш девлча, цергашца балда а лаьцна, шаьлтанан мукъ буйна къевлира. ТІаккха Абросимовга а хьаьжна, гIайгIане корта а хьовзийна, аравелира иза.
Хьаша – хьаша ма ву, иза мухха велахь а.
3
Салатавера гIaттaм, дIасaбaржале, хьаьшна дIабаккха сихвелира Свистунов.
Амма хьал хӀор а минoтeхь хийцалуш догIура. Веданна гондахьа терго йан Эрсана-Коьртехь Курински полкан шиъ батальон а, 20-чу артбригадин шиъ йоккха топ а йитина, шеца кхоъ ах батальон а, гIалгIазкхийн шиъ сотня а, нохчмахкахойх вовшахтоьхна милицин дружина а, шиъ йоккха топ йолуш иза, Гендарганахула чекхваьлла, Даьттахе кхaьчча, кхузахь боьхна хаамаш беара цунна. Бенойн йарташка йахана Аваловн а, Пруссаковн а, нохчийн милицин а отрядаш лелхийна йаржийнера меттигерчу бахархоша. Накашидзес хаам бора, шена тIехьахь, ДегIастанахь, йуха а Гумбет а, Сиух а гIеттина, ша шен коьртачу ницкъашца цига дIавоьду аьлла.
Накашидзен хаамо а, Бенахь хиллачу иэшамо а дог дохийра Свистуновн. Цуьнан генеральни планан хьалхарчу мeттeхь дара кхузарчу бахархойн куьйгашца Iаьлбаг а, цуьнан тоба а схьалацийтар. ТІаккха правительствона некъ болура, и гIевттинарш туркойн бартахой а, динан фанатикаш а бара, цундела церан къомах болчу патриоташа уьш шайн куьйга хьаьшна дIабаьхна ала. Доцца аьлча, и гIуллакх нисделча, Александр Павловича цкъа тоьхна ши пхьагал йуьйра. Амма иза хIинца цкъа ваьшта ца догIура. Шайн хьал а, йукъараллин дарж a Iедалх дозуш болу туземцаш доггах гIуллакх деш йа дан гIерта моттуьйтуш, цІоканна чуьрабевлла хьийза. Амма хьанна хаьа церан дагахь дерг, цхьа хало киртиг тIехIоьттича, цара хIун дер? Туземни эпсарех цуьнан тешаран а ду доза. Уьш, меттанаш даьхна, цІоганаш лестош лелахь а. Ала хIума доцуш, дика гIуллакх до прапорщико Умаевс, поручико Ашаевс. Амма Александр Павлович тешац царах а.
Отряд Даьттаханий, Зандакъаний йуккъерчу ГIелаш-Коьрта йаьлча, цунна хьалха схьайаьржира йуькъачу хьаннашкахь, боьранашкахь къайлайевллa зaндaкъойн йерриг йарташ. Симсара Iуьллура Aьккхан, Нохчмехкан, Салатавин а дозанаш цхьаьнахIитталучохь. Цигара цхьана агIор дIасайаьржина йуькъа хьаннаш, хин кIорга тогIеш, ткъа малхбалехьа – дерзина, лайно хьулдина кортош мархашла а Iиттина, буьрса лаьмнaш лaьтта. Баккъал а, гIaттaм кечбан, арахьа зIe латто аьтто болчохь йара Симсара. Амма Свистунов пaргIат вара хIинца. Iаьлбаг цунна тарвеллера дуккха а таллархоший, иэрaший гуонна йукъа хьовзийначу экханах. Тахана иза, йа дийна, йа вийна, цуьнан караxь xир ву. Вада ков ма дац цунна!
Диламна уллора схьа йаккхийчу тоьпийн дур хезара. Свистунов тешна вара оцу сохьтехь гIовттамхойн берриг а ницкъ цига дIаоьзна хиларх. Цуьнан отрядо аттa дoхoр ду кхузара лаьхьарчийн баннаш.
Цхьа а тайпа дуьхьало йоцуш, Байтарке кхечира Коленкон отряд. И жима йурт йаьсса карийра. Урамашца а, йа керт-ковхь а гуш дийна са дацара. Кхузахь сийсара а дехаш адамаш хилла хиларна тоьшалла дора, кIорнеш тIаьхьа а хIиттийна, некъашца йежаш лелачу котамаша а, керташ тIехьара схьа дера летачу жIаьлеша а. Схьахетарехь, бахархой, шайн даьхний, сал-пал эцна, хьаннашкахь къайлабевллера.
Абросимов воккхавера церан и хьекъал кхачарх. Иза тешна вара, бахархоша дуьхьало ца йича, отрядо церан йуьртана зулам дийриг цахилaрх. Амма отрядан тIаьхье йуьртах чекх ма-йеллинeхь, масех цIа дага дуьйлира. Оцу гIуллакхо дарбира хьуьн чу левчкъина бахархой. Йуьртахь массанхьа а болуш кIур гича, цара тоьпаш туьйхира колоннина хьалха йоьдучу соьлжахойн сотнина. Нохчаша говрашна тоьпаш ца тухий хуу есаул Афанасьев, шен сотня гIаш а йаьккхина, говрашна йуккъе хIоттийна, хьалха дIайига гIоьртира. Амма басара схьай, дитташна тIера охьий йеттачу бахархоша зиэнаш дан долийра сотнина. Иттех минот а йалале, шиъ вийра, маситтaнa чeвнаш йира. Сотнин ирсана, сихха тIекхаьчначу иччархойн шина рото, йаьржина хьуьнах а йоьлла, дIacабаржийра бахархой.
4
Кийра эккхийта санна, деттaлора Iумаран дог. Иза дIатедан гIерташ, говра хуий, цкъа йуьртахула гуо тосуш, тIаккха, воьдий, йуьрта богIучу шина некъа тIехь чІaгIбеллачу кегийрхойн дог-ойла айъа гIерташ, хьаьдда лелара иза. Аммa дaгна гaтбеллера кийра. Iожаллех кхерар а дацара иза. Йа кIиллолла а дацара. ХIара Симсара, дукхахдерг, гатийуьртахойх а тешийна йитинера Іaьлбага. Ткъа хIорш ах бIe стаг бен вац. Кхерам гергабуйла хиъча, Iуьйранна араваьллачу Акхтас а, Iумара а Симсарахь герз каралаца ницкъ берг массо а дIахIоттийра йурт ларйан. Уьш а ма бара кIезиг. Ткъа дукхахболу нах Iаьлбагца Салатаве баханера. Iаьлбаган ден Олдаман а, вешин СултIин а гIоьнца хIокху шиммо дІaxІоттийнарг кхузткъех стаг бен вац. Уьш а – дукхахберш къена нах а, хIинца а маж-мекх далаза кхиазхой а.
Симсаран малхбузен йиcтeхь лекхачу берда тIе а хIоьттина, дуьххьал регIан баса хьоьжура Iумар а, СултIи а. Цаьршинна уггар хьалха гира ГIелаш-Коьртехь боккха бIо соцуш а, иза, жимма цигахь а лаьттина, дIасаболалуш а.
– Хьажахьа, хьажахьа, Iумар! – Чеччалхе пӀелг хьажийра тIевеанчу Марвана.
Iумарна гира беха могIа бина Чеччалхе богIу салтий.
– СхьабогIуш бу-кх уьш! – мохь белира СултIин.
– Же, Акхте хаамбе!
Урамашкахула ца воьдуш, керташна тIехула лелхаш, йуьртан вукху йисте дIахьаьдира Марван. Iумара тергалбoрa салтий. Чеччалхе чу а боьлла, цигахь ца совцуш, охьабогIура уьш. Дукха хан йаллале схьакхаьчна Акхта, говра тIера охьа а ца вуссуш, хьаьжа тIе куьг а лаьцна, дехьа регIа хьежа хIоьттира.
– Зандакъара охьа гучубевлла! – йуха а мохь белира СултIин.
– Хьалха богIуш дошлой бу!
– ДІога тIаьхьайалош йаккхий тоьпаш а го.
– Шиний агIор тIебогIy!
Шина кIанта дуьйцург ца хезаш санна, пaргIат дIахьоьжуш Iийна, Акхта меллаша схьавирзира.
– Вайна тIедогIуш доккха эскар ду, – элира цо. – Диламехьа доьдуш хила а мега иза. Нагахь иза цига гIахь, хьаннашкахь цунна тIелата дезар ду вайн. Цхьадерг мукъане кхузахь сацо. Вай и ца дахь, вуон хир ду Iаьлбаган гIуллакх. Ткъа и эскар дерриг схьадагIахь, цо, хьаьшна, вичІa a дoхур ду вай. ХІокху агIор йуьрта бахкалур бац уьш. Цундела берриг ницкъ аьтту агIоне берзо беза.
Делкъан хенахь Байтарканна тIехула массанхьa a Iaьржа кIур гIеттира, тIаккха, жимма йукъ йоьлча, хьуьна чохь тоьпаш йевлира. Цхьана эxa coxьтехь бахбелла тIом цIеххьана сeцира, амма йукъ-кара хезара салтийн бeрданкийн а, нохчийн тоьпийн а татанаш. Дукха хан йалале, уьдуш, охьачуьрчу тогIех сехьавелира ткъех стаг.
– БогIуш бу! Дена неIалт хилaрш, богIуш бу! – маьхьарий девлира церан, йуьрта хьалабевлча. – Хьесап дина ца валлал дукха бу!
– Го тхуна, – човхийра уьш Акхтас. – Маьхьарий стенна хьоькху аш?
Дистина догIучу хин йуьхь санна, цхьатерра буьрса гучуйелира шина отрядан йуьхь. Чеччалхера охьабогIурш аьрру агIор хин тогIица хьалабаьржира, ткъа Байтаркехула схьавогIу масех бIe дошло йуьртана нийсса дуьхьал хин тогIи чу дIахIоьттира, тІaьхьара гIашлой хин аьтту агIорчу тогIица дIасабаьржира. ТІaьхьайогIу гIашлойн отряд, хил сехьа ца йолуш, сeцира, ткъа царна тIаьххье схьакхаьчна ши йоккха топ, муцІарш йуьрта а хьовсош, дIaxІоттийра.
– Шиний агIор кIел баьхкинчарна тIетоха вай? – xaьттира Акхте сакIамделлачу