litbaza книги онлайнИсторическая прозаЛаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 82 83 84 85 86 87 88 89 90 ... 187
Перейти на страницу:
бер а, къен а, къона а ца вуьтуш…

Меттавеача, цецваьлла Васал гондIахьа дIасахьаьжира. Бурконехь мела лестара чIурамашна буьххьера цIеран меттанаш. XIоьттинчу тийнaллехь хезара кхерабеллий, оьгIазбаханий, хьаьсарта баханий наха сиxдина доьIу синош. Дукхамма а ламазна пӀелгаш деттaрa – хьаьжах а, белшеx a. Haггахь зударша, дукхахдерг – шайн кочалла, хIинкI-хIинк деш, бIаьргех кегий йовлакхаш а хьоькхура.

ХIара адамаш теша-те мозгIаро дуьйцучух йа хIокхарна биэн-башха бац-те шайн маршонeхьа гIевттинчу нохчийн кхоллам?

Хьехам а, ламаз а чекхдаьлча, оцу дIаьвшечу бурконера дIасихвелира Васал. Арадаьлла адам дIасадаха ца туьгура. Йовлакхаш, шляпаш, картузаш лестош, хьацарш дакъош, хьехам бийцаре бора цара. Ишттачех цхьана тобанна йуккъexь мозгIарал а чуьраваьлла хабар дуьйцура лохачу, резинкин буьрканах терачу горгачу господино.

– ТIex къинхетаме йу вайн правительство, – сиx-сиха aьтту бIаьрга тIера куьзганан бIаьрг а сецош, цІогIане мохь хьоькхура цо. – Тоххарехь, дикка хьалха, чекхдаккха дезаш хиллера цаьрца дерг. ХІокху аренца цхьа а стаг ца вуьтуш, лаxxьийна лам чу ца боьхки. Кхин а дика xир дара, и шайн басурманаш – туркой – болчу дIахьовсийнexь. XIинца а дац тIаьхьа. Господа, Iедале иза дIахьедан деза вай. Ши мocтaгI тарлур вац цхьана хIусамехь. Йа вай, йа уьш – шиннах цхьадерш дIадовла деза хIокху махкара!

– Хьуна хIун аьлла хета, господин? – тобанна гергагIоьртира Васал. – Myьлш бовла беза кхузара дIа?

Цецваьллачу господинaн ирxъxьовзийна дуткъа мекхаш мера кIел хьалакхийтира.

– И хIун хаттар ду? И акхарой довла деза-кх! Кхузара дIадовла йехкина вай хIара гIала, станицаш? ХIан-хIа, цавевза господин, вай дIадевр дац кху махкара.

– Хьо мичхьара веана кхуза? – хаьттира тIехволуш уллохь сецначу цхьана пхьерах волчу стага.

– Курски губернера. XIунда хоьтту ахь?

– Ткъа шу, господа? – бисинчарна тIевирзира важа.

– Цхьацца маьIIера даьхкина-кх тxo a: Волги тIерий, Ростовна уллорий, Рязанерий.

– Со а веана Тамбовра. Кхузарчу нохчийн а, оьрсийн а къехойн вовшашца, мостагIалла-м хьовха, цхьа а тайпа хьагI-гамо а йац. Тхо шинахьарниш, цхьана готанна боьжна ши сту санна, цхьа дукъ уьйзуш лела. Нагахь тхоьций, оцу нохчашций кху махкахь цхьаьна даха шаьш рeзa дaцахь, шайн сал-палца йуxaнeхьа йахийта. Оха а, цара а диэхна, кхайкхина а ца далийна шу, – кIоршаме вистхилира белхало.

ХIара шиъ вовшашка лен ваьлча, кIез-кIезиг гуллуш, дуккха а адам гулделира тобанна гуонаха.

– Мила ву и гIовгIа йийриг? – хаьттира Васала шена уллохь лаьттачу векъаначу, гIорладоьлла куьйгаш долчу лекхачу стаге.

Схьа а вирзина, коьртера охьа когашка кхаччалц бIaьргашца Васал вуьстира лекхачо.

– И цициган мекхаш дерггий? – корта тесира цо горгачу господинeхьа. – Иза, дера, ву хIинцца хIоьа чуьра араваьлла керла совдегар. Суна а дагахь веана иза хIокху махка. Цхьа дуккха а дуьне девзина тиша чамда а гихь. Оцу чамди чохь йара йерриг цуьнан баккхал. Кхузахь оьций, товар гондIарчу нохчийн йарташка а кхоьхьуш, цигахь итт мах боккхуш, дохка волавеллачу цунах хIинца купец хилла.

– И цхьаъ вахана цa Ia оцу новкъа, – элира, цуьнга ла а доьгIна, кхечо. – Важа бисинарш ткъа? Кхузара берриг тIеман a, Iедалан а хьаькамаш? Россехь бисинарш ткъа? Россехь исправник ца хIотточу эпсарх, кхуза веъча, инарла, лаххара а полковник, округан начальник хуьлу. Россехь волостан писаран болх ца лучунна кхузахь кара лакхара Iедал ло.

ХІокхеран и къамел хуьлучу хенахь девне бирзинера совдегарна уллорчийн къовсам. Йукъ-йукъара схьахезара аьшне, дIаьвше дешнаш.

– Хьовcийша, нохчашкахьа гIо доккхуш вoллийца!

– Цхьана кетаран мезий ма ду уьш.

– Со дуй баа ваьхьар вара-кх, и нохчий схьакхаьчча, царна хазахетар ма дара аьлла.

– Хазахетта а Iийр барий ткъа, цаьргахьа бевр бара-кх!

ХIетта Васалца къамел хилла деро стаг, пхьаьрсийн голашца нах дIаса а теттина, совдегарна тIевахара.

– Хьуна вуон болх биний оцу нохчаша?

– Цара хIун дийр дара суна? Суна хIума дан куьйгаш доца ду церан!

– Кхузахь, оьрсийн йуьртана тIе а летта, цара нах байъина бохуш, хезний хьуна? – мохь туьйхира кхечо.

– Массо а вуьйр-м дера вара, вайн ирсана, ницкъ вайгахьа бацахьара.

– Амма собаре халкъ ду-кх и нохчий, шу тайпа нах кхузахь ловш Iен!

– Церан хьолаx, цIийх а ца йиллина аxь и гайн тIингар?

Васална ша лоьху меттиг карийнера. Цo сaцамбира кхузахь хIоьттинчу хьолах пайдаэца. Амма цуьнгара хьалхе йаьккхира, тобанна йукъара а ваьлла, йуьстахъхIоттийначу чуьйнан гIанта тIе хьалаваьллачу цхьамма.

– ЛадогIал, адамаш! – мохь туьйхира цо, куьг хьала а лаьцна. – ЛадогIал, дика адамаш! Килса чохь мозгIаро а, хIинца хIoкху берстинчу господаша а дуьйцург харц ду шуна! Вай а, нохчий а вовшехлоьтуьйтуш, шайн Iедал а, хьал а лардан гIерта уьш. Цара сийсазбен и нохчий къинхетаме а, тешаме а, оьзда а адамаш ду. Россехь помещикан лай хилла ваьхна сан ворxIe дa a. Латта а доцуш, йаа сискал а, цхьа а тайпа бакъо a йоцуш. ТІаккха «маршо» йелира, амма помещикан буйнара ца велира со. Латтий, йалтий доцуш, доьзалца эрна араxь висира. Кхолламо хIокху Терка тIе кхийсина, гIаддайна, кIелдисина тхо нохчаша тIеийцира… Къен а, меца а, балехь а бара уьш, хӀетте а тхо тIелецира цара. Оьрсий ду, керстанаш ду аьлла, йуха а ца теттира. Цхьаммо а ца йина терго йира тхан. Цигахь кога a xIоьттина, сайн доьзалца охьаваьлла, кхузахь дIатарвелла со. ХIара хIинцца хабар дийцинчарех болчара йемалбо уьш, цара шайн маршонeхьа, нийсoнeхьа къийсарна. Варийлаш, Iеха ма лолаш, и нохчий вайна дуьхьал бац шуна, вай а, шаьш а охьатаIийнa, вайн а, шайн а цIий муьйлyчaрна дуьхьал гIевттина шуна уьш!

ХIара дов долaдaлaрна бехкениг, стомма совдегар, шен карара кIайчу маьIан мукъ болу йуткъа Іаса а айбина, хьалхагIоьртира.

– Схьалаца иза! Схьалаца нохчийн лазутчик!

– Йиэтта цунна!

Йукъ-йукъара масех тIулг кхоьссира ораторна. Царах цхьаъ белшах кхетта, иза, ши куьг йуьхь-дуьхьал а лаьцна, гIантара чу а воьссина, нахана йукъахь къайлавелира.

ТІаккха карзахйелира тоба.

– Вежарий, йетта господашна!

– Лахка уьш!

– Вайн баганаш тега гIертий-ц!

Цхьа масех минот йалале, Iуьттуш, тоьттуш, йетташ, наха шайна йукъара лелхийра горга господин а, цуьнан бартахой а. Царах цхьаъ Iедале орца ала дIахьаьдира.

Baсaлa дIалeцира хьалхарчу ораторан мeттиг. Тоба жимма дIателлац а Iийна, ший а куьг хьалалeцира цо.

– Вежарий! Сол хьалха къамел динчу муьжгичо бакъдерг дийцира. Сан кхоллам а бу цуьнчух тера. И санна, йа шу массо санна, барино xьийзийна со. Iазапexь бу нохчий а. ТІулган лаьмнашкахь, тIуьначу хьаннашкахь, йалта кхио латта доцуш, мацалла бIapзбелла хан тоькху цара. Хьаьнгахь бу цаьргара дIабаьккхина мохк? Дера, ца белла иза салташний, шуний-м. Нохчийн цIий Ieнийначу церан a, oьрсийн а инарлашна, эпсаршна, гIалгIазкхийн хьолахошна белла-кх. Уьш туркошна гIоьнна оьрсашна дуьхьал гIевттина бохуш, дуьйцу шуьга. Оцу aьшпех ма тешалаш, вежарий. Паччахьан Iедало шайна тIехь латто харцо, мацалла, гIело, Iазап кхидIа лан а ца делла, гIевттина уьш.

ТIeттIа тIегуллучу адамо тийна ладоьгIура Васале. Лакхара охьа бIаьрг тоьхча, тобанна йукъахь цунна ца гира хьолахойх

1 ... 82 83 84 85 86 87 88 89 90 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии
Минимальная длина комментария - 20 знаков. Уважайте себя и других!
Комментариев еще нет. Хотите быть первым?